Оцу хеттаршна низамхойн буьйранчаша жоьпаш даллане а луш дац, дийнна жа юкъара тIехь бIаьрг сецнарг олий, схьалоьцучу уьстагIех тера, кегий нах дIа а буьгуш, шайн урхаллехь гулбар доцург.
Кхечу кIошташкахь долчу хьолах ала хала ду, бакъду Теркйистан кIоштехь кху Лахьан-беттан 28 дийнан буьйсанна, каде хьаьвзинчу ницкъаллин структураша дIакхийлина шайн чоьхьарчу гIуллакхийн урхалле дуккха а кегийрхой. Дукхах долчу декъана иза гIардаьлла 29 дийнан Iуьйранна дуьйна полисхойн туше дукха адам дIагулделча.
Уьш низамхоша кхерамаш а тиссина, шайн кетIара къахкийна итт сахьт долучу хенахь. Билггал мел а бу а ца хууш кIоштера кегийрхой дIа а бигна, Iедалан белхоша шайн тидам –тергонехь латторах дуьйцуш ву шен цIе йоккхийла ца лиъна могIарера вахархо.
Вахархо: «ДIагулбина лецна нах бу-м боху. ХIаъ, кегийрхой бу-кх. Спортзал чохь къайлах латтош бу цара уьш. Стенна лецна хьанна хаьа. Цхьаъ доцуш лецна хир бац. Хьарцахьа лелаш Iаш дац и бераш…».
МогIарерчу бахархойн ладегIам алсамбоккхуш, тахана тергаллучу а,кхана хила тарлучу а хьолаца доьзна шеконаш дебош,тешам бойуш,сингаттаме тIеIаткъам бо нахана,цу кепара тийна-таьIна,гIардоккхуш хIумма а доцуш,я кхайкхош бахьана ,кховдош бехк боцуш, шайна дага мf деъанехь юьртахой лецар.
«Церан бакъо а яц ишта нах леца,я цаьргахь ордер олу кехат а ца хуьлу стаг лаца магош. Царна адамаш бежнех тарделла.Цундела низамхоша шайн луъург дина карадойту. Дуьхьало ян гIоьртинарг я шайна товш доцу хеттарш дан воьлларг тухий шалха вохуьйту,тIаккха цунна тIехь и мел бух боцуш хиларх хIуъу а кхолла а кхуллу».
И къамел динарг ву пенси ваххалц ницкъаллин структурашкахь къахьегна, церан болх чуьра бевзаш волу вахархо Хьасан.
Бакълена а цхьа зулам динарг я дан гIоьртинарг сацор, хьулам а ца беш,кхуьнгара хIара а,иза а даьлла аьлла, гергарниш а дуьхе кхиош, цуьнга жоп дехар бахархошка кхетало.
Амма царна юх-юха а халонга а,лазаме долу,къастам боллуш схьаолуш хIума а доцуш, шайн доьзалхой бакхий зуламхой санна,буьйсанна хан йолуш а,йоцуш а керта а лелхаш полисхойн урхалле дIа а буьгуш, цхьана билгалзачу хенахь,набахтехь санна чохь кхабар. Цунах дуьйцуш ву гIеметта хIоьттина вахархо Сидекъ а.
Сидекъ: «Кест –кеста лоьций дIа а буьгий хьийза-м бо царна и кегийнарш. Уьш стенна буьгу,хIун нисдан гIерта хууш дац. Я адамашка дош ма ала, дист дIа а ма хила бохуш, охьатаIо гIерташ бацахь хаа-м хаац. Сийсара а дигина бераш. Царна тIаьхьабахна дай-наной,гергарниш дIа а гулбелла къаьхьде ду бохура полицин йолчохь».
Цхьаболчу тергамхоша кхеторехь махках а буьйлуш Европе дIаоьхучу вайнехан могIарш лилха довлийла а яц кхузахь ишта тIеIаткъам беш, кIоршаме,ладегIаме хьал мел ду. Цу кепара ойла-хьажам йолчара аьттехьа а ца дуьту ишта таIзарш дар ницкъаллина структураша, Iедалхошкара пурба а доцуш, шайггара леладо бохург.
“Маршо Радион” доттагIий, шун аьтто бу тхан Facebook-ерчу аккаунтах пайда а оьцуш, тхан дискуссехь дакъалаца. Шун комменташна модераци ян эшарна, уьш сайтехь жимма тIаьхьо гучуевр ю. Нагахь санна тхоьга яийта шайн видео а, аудио а материалаш елахь, шун аьтто бу иза кху телефонца WhatsApp-e я Viber-e схьаяийта: 420 724 019832