Казахстанан аэророртера нохчо дIахецар доьху, Кадыров Адам цIавирзина, Алаудиновн керла дов - цунах а, и доцчух а лаьцна шуна дуьйцур ду Маршо Радионо хIора кIиранах арахоьцучу подкастехь.
Астанахь латтош волу нохчо маьршаваккхар доьху
47 дийнахь Астанан аэропортан транзитан зонехь Iаш волчу Нохчийчуьра схьаваьллачу Муртазов Зелимханна гӀортор йеш митинг дӀайаьхьира Венехь. Казахстанан Ӏедалша иза чу ца вуьту шайн пачхьалкхе. Оьрсийчохь Муртазов бехкеван тарло эскарехь гӀуллакх дечуьра вадарна, йа бертаза тIамтIе хьажон кхерам бу.
Ичкерин векалша митинг дӀайаьхьира Австрехь. Иштта Казахстанан Ӏедалшка резолюци а йахьийтина цара, нохчийн тӀеман мухӀажирна махкахь виса бакъо йалар, иза Оьрсийчоьне дӀа ца валар а, цунна тховкӀело йалар а доьхуш.
"Бакъонан агIор болчу цуьнан векалшка кхаьчначу официалан жоьпашца, пачхьалкхе вар дихкина ду цунна "къоман кхерамзаллица" доьзна, амма цхьа а бакъдолу бахьана далош дац. Оцу йукъанна Муртазов зуламхо вац, цо ницкъбина, йа низамехь доцу гӀуллакхаш лелорна бехктакхаман гӀуллакх дац цунна дуьхьал даьккхина, ткъа йукъараллин кхерамзаллина цхьа а кхерам бац цуьнгахьара. Цуьнгара даьлларг цхьа "зулам ду"- зуламечу тIамехь дакъалаца дуьхьал хилар", - аьлла йаздина документ тIехь.
Хьалхо тхан редакцино къамел дира Муртазов Зеламхица. Цо ма-дарра дийцира, цIера вадаран бахьанех а, нагахь санна, ша Нохчийчу дIахьажавахь, шех хиндолчух а. Цо дийцарехь, Туркойчохь тховкIело йаккха а хьаьжнера иза, цигахь лаьцнера иза дозанхоша. Муртазов чу ца витинера шайн пачхьалкхе, схьадаьхнера цуьнгара кехаташ а. Цул тIаьхьа дIахьажийра иза Казахстане. Карарчу хенахь Муртазовс доьху, ша чу витар, йа шена маьрша йолчу кхечу регионе дIавахийтар.
Оцу йукъанна Казахстанан Инарла прокуратуро жоп делла Оьрсийчоьно Нохчийчуьра вахархочунна Мовлаев Мансур шайга схьавалар доьхуш, даийтинчу кехатна, хаамбира адвокато Мурат Адама. Оьрсийчохь Мовлаев федералан лехамашка велла ву, Нохчийчохь экстремизмах лаьцна долийначу гӀуллакхца доьзна. 2022-чу шеран марсхьокху-баттахь полисхоша лачкъийна, къайлахчу набахтехь латтийнера иза. Мовлаевн аьтто баьллера низамехь а доцуш, карахь йа кехаташ а доцуш Оьрсийчуьра аравала.
Цул совнах Казахстанехь а, Хорватехь а мухӀажарийн статус лоьхуш болчу Къилбаседа Кавказан меттигерачу бахархоша хаамбина, шайн бакъонаш къиза талхош йу аьлла. Шайн даймахка йухадерзахь, шаьш набахтешкахь латто а, Ӏазап латто а, йа нуьцкъала тӀаме хьийсо а тарлуш доллушехь, арахьарчу миграцин сервисаша латкъамхой йуха а тухуш, уьш Оьрсийчоьне дӀалуш бу. Бакъонашларъйархоша къамел дира тхан редакцица, оцу хьолан бахьанаш довзуьйтуш.
"Денвелла" Кадыров Адам
Нохчийчоьнан урхалхочун воI - Кадыров Адам Соьлжа-ГIала йухавирзина дарба динчул тIаьхьа. Доккхачу декъана дукхахболчу наха иштта тIеийцира лаккхарчу даржехь волчу кхиазхочуьнца некъан бохам хиллачул тIаьхьа Кадыров Рамзана зорбане хIоттийна видео.
Ша мехкан куьйгалхочо чIагIдо, некъан бохам хилла бац, цунах лаьцна хаам наха шайггара баржийнера бохуш. Тахана "ИИ-ца Iехо аьтто бу муьлхха а адам" аьлла, цо латкъам бира "медиасферехь иккхинчу гIовгIана".
Байначу беттан 16-чохь Кадыров Адам Соьлжа-ГIаларчу некъан бохамехь нисваларх лаьцна хаамбира Маршо Радион хьосташа а, нохчийн Нийсо боламо а. Тхан редакцин хьасташа дийцарехь, машенаш вовшахкхеттачул тIаьхьа Нохчийчоьнан куьйгалхочун воI орцан министраллин кеманахь Москва кхачийра дарба дан. Цига вигира иштта кхиазхочун кхоъ хадархо- кхиазхо а. Царех цхьаннан, Нийсо боламан векалша чIагIдарехь, коьртана вуно чолхе чевнаш йина.
Чиллан-беттан 9-гIа де тIекхаччалц меттигерчу Iедалхоша цхьана а кепара олуш хIума дацара Кадыров Адам йукъахь волуш хиллачу некъан хьовзамах лаьцна, ур-атталла цу хиламах лаьцна цхьанхьа а йина регистраци а ца хиллера. Чиллан-беттан 9-чу суьйранна кхиазхо тIехь а волуш, дIайазйинчу видео тIехь иза тIеман барзакъ доьхна ву. Кадыров Рамзана забарна санна олу цуьнга "денвелларг".
Кадыров Адам гIаравелира, пачхьалкхан совгIаташ а, даржаш а луш, Соьлжа-ГIадарчу талламан изоляторехь латточу Журавель Никитиан йиттинчул тIаьхьа. Каарарчу заманчохь Нохчийчоьнан куьйгалхочун кIантехь мехкан масех дарж ду: Кхерамзаллин Кхеташонан секретрь а иза ву, шен ден хадархойн хьаькам и ву, чоьхьарчу гIуллакхийн министраллина тIехь Iуналла дийриг а иза ву.
Ала дашна, кху кӀиранах цуьнан воккхахволчу вешина, дукха хан йоццуш Нохчийчоьнан вице-премьер хӀоттийначу Кадыров Ахьмадна а керла дарж кхаьчна. Цо хӀинца шен тергонехь латтор ду регионера дешар. Амма 20 шо долчу хьаькаман лаккхара дешар дешна хиларх диплом ду аьлла, цхьанхьа а йаздина дац.
ХIетте а шен карьера йолийра цо шен берхIийтта шо а кхачале, 16 шо долчу хенахь Нохчийчохь массо а кегийрхойн цхьаьнакхетараллийн куьйгалла дан хIоттийра иза. Цул тIаьхьа шо даьлча Кадыров Рамзана шен воккхахволу кӀант спортан министран хьалхара гӀовс хӀоттийра, тӀаккха кегийрхойн гӀуллакхийн министр вира цунах 2024-чу шарахь. Кхин а ши бутт баьлча Нохчийчуьрчу спортан министран дарже ваьккхира иза.
Оцу даржехь висира Кадыров Ахьмад 2026-чу шеран гIуран-бутт тӀекхаччалц. ТIаккха къоман политикин а, зорбанан а министрца Дудаев Ахьмадца цхьаьна вице-премьеран дарже кхачийра иза.
Шен жаргина луьйшберш тIаме кхайкхина Алаудиновс
"Дажжалан* эскарца хиллачу тӀамехь Ӏийсан эскар" (Ӏийса, Делера салам хуьлда цунна цIе йолу жайна "Ахмат спецназан тIемалошна йазйина йу, Украинан дуьхьало йан уьш цхьаьнатоха Iалашонца. Ткъа и "ца лалуш болчийн" йиш йу тӀаме а бахана, шайн идеологи кхио а, шайн дакъа вовшахтоха а. Иштта жоп делира спецназан буьйранчас Алаудинов Аптис Оьрсийн килсан белхахочо шена йинчу критикана. Кадыровн бIанакъостан къинхьегамо "гIурте" вуьгу аьллера цо.
"Уггар а хьекъал долчо, схьагарехь, цхьа хIума йазйинчух тера ду, тIаккха сацамбина цо, и ойла йоллу РПЦ-н йу аьлла. Ишта дац и. Ма-дарра аьлча, шуна томана хьийзаш вацара со, сан ишта цаторийла йац. Тхуна цхьаъ ала бахьана лоьхуш, къахьоьгуш болчу, массо а мостагIашка боху аса - ирсе хуьлда шу!", - дIахьедина Алаудиновс ша дIайазйинчу видео тIехь.
Москвахь Патриархатан Синодалан миссионерийн декъан апологетикан куьйгалхочун гIовса Фуфаев Сергейс хьалхо дӀахьедира,"Ӏийсан эскарх" лаьцначу тептаро керста а, исламан а ойланаш эйина гойту, православин динан бух галбоккхуш ду, цо гIурте а кхачаво аьлла. Цунна хетарехь, цу тептаро радикалан кепара галйоху керста динан коьрта Iалашонаш.
Оьрсийчоьнан православин килсан кхечу векалша цкъачунна комментари йина йац хиллачух лаьцна.
Стохка стигалкъекъа-баттахь Алаудиновс «Ахмат» спецназан керла байракх йовзийтира. Байракхан йистошкахь дуьхь-дуьхьал хIоттийна йу динан ши билгало -исламан ахбутт а, православин жӀара а.
Алаудинов Аптин кест-кеста къийсадалараш хуьлу православин а, националистийн а жигархошца. Масала, Белгородерчу мозгIарца Гавриилца дов даьллачул тӀаьхьа, Алаудинов декхаре хилира нахана хьалха цуьнга бехк ца биллар деха.
Тхан сайто кIорггера йаздира Алаудинов Аптис 2025-чу шарахь лелийначу гӀуллакхех лаьцна. Уггаре а къаьстина дара, цуьнан пропагандин гӀуллакхаш: эксперташна хетарехь, официалан пропагандо Алаудиновх пайдаоьцу «къаьмнийн доттагӀалла» чIагIдеш.
Германехь нохчийн политик лацар- бакъ дац
ХIанноверерчу ширачу виллехь аьтто-популистийн оппозицин партин декъашхо Дадаев Мурад лацар гойтуш йолу видео шуьйра дIасайаржийра социалан машанашкахь. ГӀалин полицино къастийна, и видео 2025-чу шеран гIаджу-баттахь дӀайазйина хилар, политико Нохчийчоьнан куьйгалхочун гонера нах тIеоьцуш хиллачу хӀусамера иза аравоккхучу заманчохь.
Социалан машанашкахь йаьржинчу посташкахь чӀагӀдо, Германехь Ноа Кригер цӀарца вевзаш волу Дадаев немцойн полицино лаьцна, Кадыров Рамзанца а, Кремлца а уьйраш хиларна шеко йолуш, бохуш. Цу посташца цхьаьна видео йу гойтуш, шен цӀийнера полисхоша иза дӀавуьгуш. Цу тIехь политико дIахьедо, ша лаца оьшуш вац бохуш.
И видео дӀайазйина стохка гIадужу-беттан 25-чу дийнахь ХIанноверерчу цхьана виллера Дадаев аравоккхучу хенахь, йаздо меттигерчу Hannover. T-online зорбанан гӀирсо, цу урхаллан векална тӀе а тевжаш. Цу чуьра иза араваккхаран бахьана хилла арендан ахча дӀа ца далар, ткъа видео тӀехь Дадаев лацарх лаьцна дийцарш доьзна ду де хьалха цу цӀийнах цӀе тасарца, хаамбира дечкен-баттахь Hannoverische Allgemeine Zeitung газето. Хьостан информацица, цул а хьалха оцу хIусамна тIе басарш диттинера меттигерчу "Антифа" боламан векалша.
Дадаевн виллехь инциденташ йуьйлайелира "Важные истории" гIирсо а, Correctiv хьасто а йукъахь таллам бинчул тIаьхьа. Журналисташна гучудаьллера, цу хӀусамехь нохчийн орамаш долу политик цхьаьнакхетта хилар шен махкахочуьнца Ибрагимов Сайд-Мохьмадца, Team Wolf Hamburg файт-клубан куьйгалхо хилла ву иза. Бакъонашларъярхоша дийцарехь, и клуб йоьзна йара Кадыровгахьа йолчу Guerilla Vaynah Nation цӀе йолчу байкерийн тобанца, нахана тIехь ницкъ а беш, зуламаш лелорна шеконаш йара оцу тобанца. Ша Ибрагимов масийттазза хаавелла хилла Нохчийчоьнан премьер-министрца Даудов Мохьмадца а, ницкъаллин блокехула волчу цуьнан гӀовсаца Висмурадов Абузайдаца а цхьаьна, билгалдаьккхина талламхоша.
Йуьйцучу виллера Дадаев Мурад араваьккхинчул тIаьхьа, цуьнца доьзна кхин цхьана а кепара полисхоша дIайаьхьна операцеш йац аьлла, чIагIдо ХIанноверерчу полицино.