ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Астраханерчу кафехь шина зудчунна йиттина Дагестанера вахархо лаьцна


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Астраханерчу "7 пIераска" (7 пятниц) кафе чохь иккхинчу конфликтах видеокамераша дIаязйина ролик яьржина социалан машанашкахь а, мессенджерашкахь. 26 шо долчу Дагестанерчу вахархочо йиттина цу чу еанчу шинна, хаамбина Кавказ.Реалии портало.

Видео тIехь гучу суьртаца, духхьалчу стоьла гонах хиъначу цхьаммо бехкбоккху стоьла тIе ког баьккхинчу жимчу стаге. Цунна жоп лучу цо цуьнан месех катуху, йетта буьйлало цуьнца цхьаьна берш а, царех цхьаммо латархочун кепехь лаьтта охьатуху зуда. Видеон шозлагIчу декъа тIехь лаьттахь Iуьллучу зудчунна йетта цара мийрашца, юьхьа тIе а цхьаьна.

Астраханан кIоштахула йолчу чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан урхалло хаам барехь, конфликт нисъелла карарчу беттан 16-чохь. Талламан версица, Дагестанерчу цхьана вахархочо "тIехь ницкъ а беш", хулиганалла лелийна кафе чу баьхкинчу зударшна тIехь. 26 шо долу бехкехетарг лаьцна, пхеа шаре гергга хан кхачайо цунна. Зенаш динчу шиннан хьокъехь лоьрийн экспертиза йолийна, цо гойтур бу царна динчу зенийн барам.

Цхьацца хIума къастон Iалашонца Кавказ.Реалиино динчу хеттаршна жоьпаш дала реза ца хилира Астраханан кIоштара чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан урхалла, кхеташо ю шайн аьлла, бехказло а йина.

Зулам дина стаг хьахош, иза схьаваьлла къам довзийтар дехка деза аьлла, Нохчийчоьнан парламенто Пачхьалкхан Думехь къадийначу лаамна гонах дийцарш дIадоьлхучу юкъанна, социалан машанашкахь йоккха резонанс гIаттийна видеоно.

Керлачу Москвахь леттачу "кавказхойх" лаьцна федералан хаамийн гIирсаша зорбане баьхначу хаамаша эргIадбахийтинера Къилбаседа Кавказерчу социалан машанийн сенгментехь. Блогершна ца тайнера, леттарш "кавказхой" бу аьлла, керланийн лентехь яздар а, пачхьалкхо ахча латточу Russia Today телеканалан коьртачу редакторо Симоньян Маргаритас комментарий яр а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG