ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Астраханерчу психиатрин дарбан цIийнера ведда Басаевн тобанхо карийна


Лоьрийн экспертизех чекхваккха психиатрин дарбан хIусаме валийначуьра байначу беттан 26-чохь ведда Алханов Мохьмад шинарин сарахь Астраханехь лаьцна. Информаци тIечIагIйина Оьрсийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан Астраханерчу урхалло, яздо ТАСС агенталло. КIира дара иза ницкъхоша лоьхуш волу.

Чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан пресс-гIуллакххоша хаам барца, Астраханерчу Трусовскан кIоштарчу кафе чохь каравеана Алханов.

Хьалхо зорбане дехира, хетарехь, Алханов Мохьмад ву бохуш, видеокамераша даьхна суьрташ. Иза лоьхуш юкъаозийнера дуккха а къайлахчу сервисийн векалш, ткъа Алханов волу меттиг хаийтинчунна 100 эзар сом кхаъ кхайкхийра.

  • Басаев Шемалан а, Хаттабан а тобанхошца Нохчийчуьрчу Шуьйта кIоштарчу Улус-Кертахь Псковрчу десантхошна герзашца тIелатар дина ву аьлла, шеконаш кхоллаелла Алхановх. 2000-чу шарахь Чиллан-беттан 29-чохь хилла ду дуьйцу тIелатар. ХIетахь вийра, официалан версица, цу тIамехь 84 Оьрсийчоьнан эпсар а, салти а. 6 стагана чевнаш йинера.
  • "Кавказский узел" (Оьрсийчоьнан Iедалша арахьарчу агентийн тептаре язйина- Редакцин билгалдаккхар.) интернет-ресурсо хаам барехь, Псковрчу десантхошна тIелатарна ша бехке ву бохуш, шена дохку бехкаш тIе ца лоцу Алхановс. Цуьнан адвокато чIагIдарехь, иза бехкехиларх цхьана а кепара тоьшаллаш талламо далийна дацара.
  • Адвокаташа а, бакъоларъярхоша а дечу тоьшаллашца, тIемалой хиларна бехкебеш жоьпе ийзиначу наха дукха хьолехь кхелашкахь хаам бо, шайга ницкъаша дареш дайтина, олий.

Хьажа комменташка

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG