ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Атта дац сий долчу ден а, ненан а дика кIант хила


Оьрсийчоь -- Петарбух. Эрмитаж, Рембрант ХIарменсан "Кхерста вахана кIант цIаверзар" сурт. репродукци.
Оьрсийчоь -- Петарбух. Эрмитаж, Рембрант ХIарменсан "Кхерста вахана кIант цIаверзар" сурт. репродукци.

Дайн а, берийн а юкъаметтиган балане йирзина хало, Тургенев Иванан дийцарехь санна, Нохчийчохь цкъа а хилла яцара. ХIинццалц яцара. Дайн-нанойн, къаьстина ден дош даим лелла нохчийн юкъараллехь. Хьалха иза хийца йиш йоцу низам санна лараме хилла.

Ткъа тахана сурт кхечу агIор ду. Даим баккхийнаш а, кегийрхой а вовшахкхетча халахетарца билгалдоккху иза къаноша. Церан гIайгIане бIаьргашна чохь го и халахетар.

Схьахетарехь, кхин ирча сурт хир дац, доьзалхо бахьнехь юьхьIаьржа хIоьттина ден сибат санна. Нана-м, даим цхьаъ ма хилахьара бохуш дIалела. Цуьнан амалехь ду кхерар, амма шен сингаттам а, гIайгIа а чуьра берашна а гайта ца хIуттучу дена боккха хIорам хуьлу доьзалхочо ша холча хIоттича.

Ларам дIабаьлла аьлла хета берийн шайн дай-наношка Соьлж-ГIалара яхархочунна Индербиева Зараъан. Хьалха хилларш дагалуьйцу йоккхачу стага.

Индербиева: «Хьалхалера ларам дика а, хаза а ма бара. Хьалха ден бIаьрга ца хьожура бер. ХIинца-м хьожу. Хьалха, сан хенара зудчунна хьалхахь бер кара ца оьцура, ткъа хIинца-м оьцу. Да балхахь хуьлу, цунна хьалхахь ца кхуьу бераш».

Шелан кIоштара вахархочо Абаев Лечас а билгалдоккху баккхийчарца хьов, шайн дай-наношца ларам доьзалхойн гIелбалар.

Абаев: «Деца а, ненаца а юкъаметтиг чIогIа лелайора. Со жима волчуш тхан баккхийчара а олура изза. Хьалха кхин а чIогIа лелийна хир ю-кх иза. Суна сайн да цкъа а ца гина тIехь коч йоцуш. Со а, сан вежарий а цкъа а тхайн дена бIаьргаш чу хьаьжна бац. ХIинца Шема тIаме оьхуш болу кегий нах дас а, нанас а пурба а делла оьхуш-м бац хьуна».

Нохчаша цкъа а гIардоккхуш ца хилла шайн доьзалшкахь лаьтта хьал. Телхина хилча-м муххале а.

Амма меттигаш нисло цу юкъа лулахой а, юьртахой а, царна тIаьххье Iедалш а гIорта дезаш. Иштта хилира массийта шо хьалха Ножай-юртарчу цхьана эвлахь. Къанвеллачу дас тIамо йохийначу хIусамех компенсаци схьаэцча, цуьнан цхьаъ бен воцчу кIанта, ахча шега схьало, машен эцийта бохуш хьиийзинера иза.

КIант метта валийнера баьхкинчу молланаша. ТIаккха, ша цхьа набарх ваьлча санна, хьажар серла а даьлла, ден когашка воьжнера кIант воьлхуш, къинтIера валахьара шена бохуш. Иштта а, цул кIоршме а хиламаш а кIезга бац сирлачу кханене гIертачу нохчийн юккъараллехь.

XS
SM
MD
LG