ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Гуьржийчохь 11 нохчо муха вейтира "оьрсийн шпионо" Абу-Хьамзас?


(Кхелхинчех цхьаьннан нанас дуьйцу)

Еарийдийнахь Венехь юха а дIайолалуш ю ша шех Имаратан векал а, оьрсийн къайлахчу сервисийн белхахо а олучу Абу Хьамзина тIехь кхел. Ткъа цу кхелан сацаме ладоьгIуш бу Абу-Хьамзас Iеха а бина, джихаде буьгу аьлла Гуьржичу а бигина, байъийтинчу кIентийн дай-наной а, кхинболу гергар нах а.

Лопота чIожехь 2012-чу шарахь 17 нохчочух лаьттачу тобан куьйгаллехь а хилла, цигахь гуьржийн тIемлой а, полисхой а баъйарна бехке веш волчу шена Абу Хьамза цIе схьаэцначу Мохьмад И.-на мел хан кхайкхор ю кеста къаьстар ду.

Цо вейтинчу кIентан нанас Австрин яхархочо Зелимханова Сацитас ша шен доIанашкахь сатуьйсу, цу стагана уггаре а лакхара хан кхайкхоре. Лопота чIожехь кIант вийна йолу Сацита Маршо радиона интервью яла реза хилира, хIинцалца схьа цкъа а журналисташка ша ца дийцинарг а дуьйцуш.

Шена Абу Хьамза я Мохьмад муха мичахь дуьххьара гира а, цо ша а, шен хIусамда а муха Iехийра а бохучух лаьцна иштта дийцира цо.

...ша Гуьржехахь эцна латта ду, цигахь цIенош а дина, цигахь ваха дагахь ву ша, дуьйцура цо

Зелимханова: „КIант дIаваханчул тIаьхьа, иза Гуьржийчохь ву аьлла, хаам хиллера тхоьга, шу тховса схьакхачахь ган там бу шуна, кхана иза цигахь карор ву-вац ца хаьа, аьлла.

Цига даха тхо новкъадевлла кеманчохь долуш иза цу кеманна чохь гира тхуна, чIогIа тхоьца тIекар ваьлла, тхо Гуьржийчу дахаран бахьана къастон лууш тIаьхьавелира иза тхуна. Ас дийцира со иштта кIантана тIаьхьа йоьдуш ю аьлла. Ткъа цо дийцира, ша Гуьржехахь эцна латта ду, цигахь цIенош а дина, цигахь ваха дагахь ву ша аьлла.

Цо къайлах телефон а тоьхна, тхо догIуш дуйла цигарчу шен накъосташка хаийтинера, ткъа цара тхан кIант цигара тхо тIекхачале къайлаваьккхинера. Цо иштта и хаам бина къайлаваккхар бахьана долуш тхуна иза кхин ца карийра. Кхин суна ца гуш иза цул тIаьхьа вийра.

Ас дукха талламаш бина цу хIуман, билгал а и Абу-Хьамза вуйла хаьа суна, сайн кIантана агитаци йинарг а, иза дIавигинарг. Ас даима а доIанаш до Деле цунна кхел яре, иштта Iедалан кхел цунна яре а доьху ас хIора буса Деле“.

Сацитина масийтаза гина Абу-Хьамза, вист хуьлуш а, харц тоьшаллаш деш а.

Лопотахь кхуьнан кIант а, цуьнца кхин а иттех кIант а вуьйш, ткъа церан амираш бу аьлла хьалха бевлла хилла болу Абу-Хьамза Мохьмадий, Чатаев Ахьмадий дийна а вуьсуш, ша Абу-Хьамза Австре юхавирзинчул тIаьхьа шаьш лехира бохуш дуьйцу Сацитас и стаг, цуьнга шайн кIантах болчунна дуй баийтина. Амма Абу-Хьамзин кадаьллера кIентан ден-ненан семалла артъян.

ХIетахь цо кIант вийначу дега-нене ца аьллера, ша оьрсийн къайлахчу сервисийн моттбеттархо ву аьлла. Мелхо а, шайн тобанехь цхьа кхинарг айкханча хиларо шайна массарна а тешнабехк бина аьллера цо.

Иза ша веара тIаккха тхоьша, оха ша лоьхийла хиина

Зелимханова: „И кIант дIакхелхинчул тIаьхьа кхуза Австрехь тхо юхадаьхкина долуш, иза а кхуза схьа а веана, Iедало тIекхойкхуш а волуш лелаш вуйла хиира тхуна. Оха лехира иза, дуккхаъчу нахе тIекара а виллина. Иза ша веара тIаккха тхоьша, оха ша лоьхийла хиина.

Цо дийцира сан кIант муха кхелхина. Цо вуно чIогIа тоьшаллаш дира, шайна цхьаммо тешнабехк бина, шайна юккъехь цхьа шпион хилар бахьана долуш. Шайна иза мила ву хуур ду а бехира, шаьш иза дуьтур дац бохуш. Ша сан кIант верна гуьржишна тоъалла бекхам бина, дукха гуьржи байъина ша цигахь бехира цо“.

Ша Iехийнарг цу стаго вуно чIогIа тешош, деталашкахь шен кIант лечу хенахь цигахь хилла сурт дийцар а, шен кIентан турпалалла цо хьехор а, ткъа иштта юх-юха а ша цIенчу Делан некъа тIехь ву бохуш цо чIагIонаш яр а боху Сацитас.

...шена герз долуш хезира, хезча ша гуьржашна тIе герз детта волавелира бохура.

Зелимханова: „Дукха чIогIа къаьхьде, Делан новкъа тIехь лелаш стаг ву ша бехира цо тхоьга. Дагадовларш дан гуьржи баьхкинера элирашаьш долчу. ТIаккха ша тоба йита а йитина, цаьрца вистхила юьстахвелира бохура. Ткъа шена герз долуш хезира, хезча ша гуьржашна тIе герз детта волавелира бохура.

Чатаев Iинах чукхоссавелира бохура, цунна когах чов а еш. Ткъа ша кхечу меттехь хилар бахьана долуш кIелхьаравелира бохура. И массо а кIант а, сан кIант а муха вийна а хаьара цунна, цаьргахь хIорангахь мел ахча дара а хаара цунна, царех дерг массо а хIума а хаара цунна“.

Венерчу кхелехь Абу-Хьамзина, я Мохьмад И.-на еарийдийнахь кхел кхайкхоре ладоьгIуш ю Сацита а, цуьнан доьзал а. Амма ша саннарш кхин дукха бу боху цо, Абу-Хьамза санна болчу бусалба динах пайда а оьцуш, динан риторикаца нохчийн кегирхой Iехош, уьш хIаллакбеш. Абу-Хьамзас байътинчу кхечу кегирхой дай-наной а девза цунна, цара Лопотахь шайн бераш дайъича дуьйна схьа Iевшина болу баланаш а.

Амма и стаг цхьаъ хилла ца Iа боху Сацитас, иштта агитаци а еш, нехан бераш хIаллакдарна тIехь шайн бахамаш а, цIераш а еш лелаш берш дуккхаъ бу. Цундела цо кхайкхам бо доьзалехь кегирхой кхуьучу дай-наношка сема хилахьара шу бохуш.

Дас-нанас шайн дин хьехча, цаьрга ла а дугIуш хIума дан дезар-кх бераша

Зелимханова: „Цу нехан хье тIехь яздина ца хуьлу, уьш иштта нах бу аьлла. Уггаре а чIогIа дин а дуьйцуш, иза нахана хьоьхуш арабевлла лелаш болчарех тешам бац эр дара-кх ас. Берашна и агитаци а еш, уьш Iехош лелаш болу нах Дала гучубохийла! Дас-нанас шайн дин хьехча, цаьрга ла а дугIуш хIума дан дезар-кх бераша, шаьш шайна дин а, Къуръан деша а Iамош. Цу нахах ларвала веза, амма муха ларвала веза-м ца хаьа суна.

Нагахь санна шайн кIант маьждиге оьхуш велахь, иза муьлхачу маьждиге воьду хьовса, цунна цигахь хIун Iамадо хьовса. Иза цигахь воцучу хенахь гIой, къайлаха гIой, тIаккха хуур ду, цунна хIун хеза я цо хIун лелдо“.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG