ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Австрехь никъаб юьйхинарг - зуламхо


Австрино никъабаш лелор дехка лерина. Кечдина низам тIечIагIдинчул тIаьхьа юхь къевлина юкъараллехь ша гайтинчу зудчунна 150 евро гIуда тухур ду. Иштта кхелашкахь зударшна хиджабаш охьаяхар тIедожон а дагахь ду меттигера Iедал.

Австрин интеграцин а, арахьарчу гIуллакхийн а министр волчу, хIинца урхаллерчу коалицин декъарчу, Австрин халкъан партин векал волчу Курц Себастьяна даханчу шарахь дуьйна юккъейиллина хилла цу программин проект кхин а дерох яра.

Министран лаам бара, Австрехь бехачу бусалбачу нехан гIолехь интеграци ярхьама зударшна муьлхачу а Iедалан я пачхьалкхан белхашкахь коьртахь йовлакхаш я хиджабаш лелор дехкар.

Нагахь санна цуьнан и шен лаам чекхбаккха кадаьллехь, масала, ишколашкахь а, лоьрийн цIеношкахь а, муьлхачу а меттигерчу хьукматехь а коьртахь хIума лелон бакъо хир яцара бусалбачу зударийн. КIиранашкахь кхечу меттигерчу партеша дакъа а лоцуш, хIинца тIеэцначу цу программехь амма иштта шога и хиджабаш лелор дехкар чекх ца даьлла, Социалистийн партино а, Баьццарчу партино а дуьхьало яр бахьана долуш.

ХIетте, Австрехь бехачу бусалбачу бIеннаш дика дешна а болуш, юстицин системехь дикачу белхашкахь а болчу зударех хьакхалур долуш ду и дехкар, хIунда аьлча, масала, кхелахой я адвокатийн, прокурорийн я кхелан кхечу белхахойн, ур-атталла гIоьнчаш санна а болх бан бакъо хир яц йовлакх тиллинчу зударийн, нагахь санна и низам иштта ша хIинца лерина долчу хьелашкахь тIеэцахь.

Хьакхалур ду и низам иштта иттанашкахь Австрерчу университеташкахь я кхечу лакхарчу дешаршкахь юристийн факультеташкахь доьшучу нохчийн зудберех а, кхин долчу къаьмнех дерш ца дийцича а. Цара я шайн коьртара хиджабаш охьаяха езар ю, я и дешар дита дезар ду – хIунда аьлча, юристийн факультетехь уьш декхарийлахь бу цхьаьна шеран практика муьлхачу а цхьа юристийн системерчу институцехь я хьукматехь чекхъяккха, декхаран практика шех олуш йолу. Ткъа иза церан хиджаб а йолуш дан йиш хир яц, низам тIеэцахь.

Кхето догIу кхузахь, нагахь санна и низам тIеэцахь бохучун маьIна. Карарчу хенахь Австрин урхалло тIечIагIдина даьлла бусалба зударна юхь къайлайоккху никъабаш лелор дехкар.

Аьхка дуьйна схьа нуьцкъале дер долчу цу дехкарехь билгалдаьккхина ду, нагахь санна полисхошна урамехь я кхечу юкъараллин меттехь юхь къайлайоккху никъаб йоьхна зуда гучуялахь, цунна 150 евро гIуда тухур долуш, оцу сохьта цунна иза охьаяккхар тIе а дожош. Ткъа нагахь санна иза никъаб охьа ца йоккхуш дуьхьал ялахь, полисхойн бакъо хир ю и зуда лаьцна, шайн декъе дIайига.

Бакъду, нагахь санна никъабех дерг тIеэцна баьлла сацам белахь а, юристийн системехь хиджабаш лелор дехкар хIинца а тIечIагIдина даьлла дац, урхаллехь а, парламентехь а кхин дийцарш дийр долуш ду цу хьокъехь, и санначу сацамо меттигерчу бусалбачийн динан маршо хьоьшурий-те бохург тидаме а оьцуш.

Цундела шоьтадийнахь бIеннаш бусалба зударий а, царна тIехIиттина меттигера юкъараллин жигархой а, адамийн бакъонашларйархой а протестан акце арабевллера Австрин коьртачу шахьарахь. Венерчу Адамийн бакъонийн майданахь цара кхайкхам бира меттигерчу урхалле бусалба зударшна шайна бакъахь хетачу агIор духар лелон бакъо йитаре а, бусалба динах шайн харжамийн программашкахь пайда эца ца гIертаре а.

Митинг вовшахтоьхнарш Австрера масех бусалбачийн цхьаьнакхетараллаш яра, шайна юккъехь Австрерчу бусалбачу кегирхой кхеташо а, меттигерчу бусалбачарна урхалла деш йолу цхьаьнакхетаралла а, ткъа иштта маьждигийн векалш а. Гулбеллачарна хьалха йистхиллачу меттигерчу бусалбачий векал йолчу Озтюрк Элифс элира, Австрин урхалла юкъараллехь бусалбаниш массо а хIуманна бехке болу кеп еш, цаьрга гамо кхолларца цу махкахь йолчу бакъйолчу проблемашна тIера тидам дIабайъа гIерташ ю, аьлла.

Озтюрк : „Тахана вайн йийцаре еш ерг зударийн шаьш шайна доладан бакъо ю. Вайна гуш ю тIаьхь-тIаьхьа авторитаре йоьрзуш йолу „кIайчу божарийн“ политика, шаьш маргинале бахначу зударийн догIмийн хьокъехь сацамаш тIеэца лууш болчу.

Гуш ду тIаьхьарчу шерашкахь бусалбачу зударшна беш болу тIеIаткъам алсам болуш хилар а. Бусалба зуда ша шен хьокъехь хIумма а ала бакъо йоцу объект санна тIеоьцуш ю. Тхуна иштта ала лаьа, массо а кхеташ хила веза, дIахьулйалар доьхкуш долу низам хаамийн гIирсашкахь дика йохкалуш йолу кхечу проблемашна тIера тидам дIабаккхаран маневр юйла.

Оха тIе ца оьцу политикехь а, хаамийн гIирсашкахь ала дош а доцуш, ша шех дала жоп а доцуш йолчу бусалба зудчуьн васт кхоллар, ткъа цуьнца цхьаьна бакъйолу поликан а, экономикан а кризис ян а йоцуш санна ца хьахош хилар. Оха тхайх цу дебатийн кеп яран Iалашонца инструментализаци йойтур яц. Иштта оха тхаьш бехке дойтур дац тхаьш бехке доцучу хIумнашна“.

Цу юкъана Австрехь а, цул хьалха Францехь а юккъедаьккхина долу никъабаш ехкар дийцаре деш ду Германин урхаллин цхьаццаболчу декъашхоша. Немцойн канцлер Меркел Ангелас а хьастагIа шен къамелехь элира, Германехь низамо магочу массо а меттехь дехка дезаш ду зударшна юхькъовлар, аьлла, шен урхаллин декъашхошна цу хьокъехь низам тIеэцаран хьелаш таллар тIе а дожош.

“Маршо Радион” доттагIий, шун аьтто бу тхан Facebook-ерчу аккаунтах пайда а оьцуш, тхан дискуссехь дакъалаца. Шун комменташна модераци ян эшарна, уьш сайтехь жимма тIаьхьо гучуевр ю. Нагахь санна тхоьга яийта шайн видео а, аудио а материалаш елахь, шун аьтто бу иза кху телефонца WhatsApp-e я Viber-e схьаяийта: 420 724 019832

XS
SM
MD
LG