ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Австрера децΙа хьийсо кечбина нохчийн доьзалш


Австри -- Венерчу „Азюль ин Нот“ юкъараллин куьйгалхо Геннер Михаил, 05Оха2012, Маршо Радио/Азимова Сийлаха.
Австри -- Венерчу „Азюль ин Нот“ юкъараллин куьйгалхо Геннер Михаил, 05Оха2012, Маршо Радио/Азимова Сийлаха.

Европехь уггаре дукха нохчийн мухΙажирш бехачу Австрино а, Германино а зуьй Нохчийчуьра хьал. Цхьаболчу хьаькамаша чΙагΙдо, мухΙажирийн децΙахь хьал дикачу агΙор хийца а делла, уьш хΙинца цΙехьа берза а мегар ду, бохуш. Амма иза харцдо шаьш мухΙажирша а, царна тΙехΙиттинчу бухарчу адвокаташа а, бакъоларъярхоша а.


Ши эзарлагIа шераш доладеллачу муьрехь Европехь уггаре а алсам тIамах бевдда нохчийн мухIажарш тIеоьцучу пачхьалкхех яра Германий, Австрий. Цундела ду цу шина махкахь кхечахьчул а дукха нохчий нисбалар. Бакъду, царех берраш а бац „позитив“ олу, цу пачхьалкхашкахь, хенан дозанаш тоьхна а доцуш, ваха бакъо лучу кехатийн дай.

Эзарнаш „дульдунг“ олуш долчу кехаташца лелаш бу. „Дульдунг“ бохург немцойн маттера „цхьана ханна сатухуш, и нах ловш хилар“ санна гочдан мегар ду. Цу дашехь а гуш ду, дульдунг - кехат кхаьчна болчу нахана Германехь яккха елларг йоцца хан бен йоцийла, ткъа даймахкахь хьал тоделла аьлла Iедалхошна хеттачу мIаьргонехь и нах цIехьа хьажор болуш буйла а.

Иштта кхоллам бу кху деношкахь Германерчу Майнц-гIалахь бехаш болчу масех нохчийн доьзалийн а. Уьш Iедалхоша Оьрсийчу дIахьажон кечбина, депортаци ечу набахтехь латош бу. Иштта Австрехь а бу иттех доьзал, кегийчу берашца цхьана, таханий-кханий Оьрсийчу шаьш дIало бохуш, ладоьгIуш Iаш.

Венерчу „Азюль ин Нот“ (Asyl in Not ) цIе йолчу юкъараллин куьйгалхочо Геннер Михаила тоьшалла до нохчийн мухIажиршна тIаьхьарчу хенахь негативан жоьпаш далар алсам даьлла бохучун.

Геннер: „МухIажирийн хьокхехь йолчу кхелан хьалхарчу инстанцехь тIаьхь-тIаьхьа алсам негативан сацамаш тIеоьцу нохчийн хьокъехь. Тхо даима а цунна дуьхьал болх беш а ду. Цхьаболу толамаш оха цу некъа тIехь баьхна а бу, масала, юкъараллийца болх барца а, кхело бинчу скандале а, харцоне а сацамаш хаамийн гIирсашкахь нахала бахарца а. Апелляци а йина, шозлагIчу инстанце тхо девлча, кхелан сацамаш, дукха хьолехь, гIолехьа хуьлу. Нагахь санна, мухIажаран а, цуьнан векалийн а, шаьш оьрсийн эскархошна а, церан режимна а дуьхьало йина хиларна тоьшалла дан кадалахь, цуьнан хIинца а дика шансаш ю, позитиван сацаме кхача“.

Амма и толамаш хенаца даима а кIезга нислуш хилар а билгалдоккху адамийн бакъонаш ларъярхочо. Цо дийцарехь, цу хIуман бахьанех цхьаъ ду, мухIажирш шаьш Европе кхачарх долу бакъдерг ма-дарра дийца ца бахьар. Уьш кхоьру, шаьш цIахь хьийзорах а, шайна динчу таIзарех а долу бакъдерг кхузарчу Iедалшка шаьш дIадийцахь, и хаарш оьрсийн къайлахчу сервисан кара а кхаьчна, шайн гергарчарна иза бале дер ду бохучух.

Геннер: „Дуккха а нохчийн мухIажирш ца баьхьа шайн хьалхарчу коьртачу интервьюхь шаьш цIера бовдаран бакъдолу бахьанаш ма-дарра дIадийца. ХIунда аьлча, уьш шайн протоколаш оьрсийн Iедалхошка дIалург хиларх кхоьру. Цхьаццайолчу кхелашкахь тхан кадолуш хуьлу и церан кхерам цхьана бух тIера хиларх кхелахой тешон.

Масала, тхоьгахь прецедент санна лара йиш йолуш цхьана кхелан сацам бу, цу тIехь яздина ду „Австрерчуй, Оьрсийчуьрчуй чоьхьарчу гIуллакхийн министраллашна юккъехь хаддаза контакташ хилар бахьана долуш и кхерам кхеташ бу“, аьлла. Цу кхелехь тхан клиентана азюль а елира, цо цкъа хьалха ша тIамехь дакъалаьцна хилар къайладаьхьна хиллехь а“.

Иштта мухIажаршна бале долучех кхин цхьа хIума а билгалдоккху Геннера Михаила – оьрсийн Iедалийн хьадалчаш а, цаьрца гергарло лелочу меттигерчу аьтто-популистийн партин векалша а мухIажирш Австрера арабаха Iалашонца еш йолу пропаганда.

Геннер: „МухIажарийн тулгIе хьалха хIинцачул йокха хиллехь а, амма, масала, кхуза хьалха схьабаьхкинчеран гергарнаш а, йиша-ваша а хIинца а алсам схьаоьхуш бу кхуза. Цул совнаха, политикан хьежамаш бахьана долуш нах хьийзор Нохчийчохь хIинца а долуш ду. Иза иштта дац бахар – иза пропагандийн аьшпаш бу, аьтто кепара хьежамаш болчу Маршонан Партин декъашхоша баржош болу, цхьа шайн делегаци цига а яхийтина, цигахь чIогIа хаза а, маьрша а ду бохуш, чIагIдеш йолчу. Изза парти ма ю и дуьйцург, Каддафи санна болчу диктаторшца гергарло лелийна йолу. Цара дуьйцучух теша мегар дац“.

Официалан агIор шайна лаамца, амма ма -дарра дийцича, шайна беш болу тIеIаткъам а, туьйсуш болу кхерамаш а бахьана долуш цIехьа бирзинарш а бу Австрехь а, Германехь а тховкIело лоьхуш хиллачарна юккъехь. Геннер Михаила дийцарехь, ишттачеран терахь лакхара дацахь а, амма цара бухабуьсучу нохчийн мухIажиршна юккъехь кхераман а, шеконийн а атмосфера чIагIйо.

Геннер: „Дера, шайн лаамца цIабахнарш а ма бу мухIажаршна юкъахь, шайна беш болу тIеIаткъам ла а ца белла. Тхуна хууш ду, цигарчу Iедалша Австрехь кхоьллина шпионийн маша буйла, диаспоран барт бохон а, питана таса а йолчуIалашонца. Цара, масала, Исраилов Iумар вийра, я кхечу нохчийн мухIажиршна тIелатарш дира. Цара юьхьара лаьцнарг – иза кхузахь бехачу нохчийн барт бохор а, царна юккъехь цатешаман хьал кхоллар а ду.

Масала, нахана цхьацца дашо гIаланаш хьоьху цара, уьш цIаболхахь, царна болх а, хIусам а хир ю, бохуш. Цхьаберш цунах Iеха а ло. Ткъа цу хIуманна реза ца хуьлуш, дуьхьал бевлларш – уьш кхин дIа а боккхачу кхерамехь бу“.

Вайнехан мухIажаршца болх бечу юкъараллин куьйгалхо волчу Геннер Михаилна хетарехь, Австри хилла а ца Iаш, йоллучу Малхбузе а схьаоьхуш болчу Къилбаседа Кавказерчу мухажирийн рагI кхачаяла хIинца а генахь ю.

Цундела, цунна чIогIа мехала хета, мухIажиршна шайн бакъонаш йовзар а, цу бакъонашкахь къийса цара Iамор а. Iедалан агIор мухIажиршна негативан жоп кхачарх, иза догмовла вала а, кхеравала а бахьана дац, аьлла, тешна ву иза, хIунда аьлча, низамна а, бакъонашна а тIе а тевжаш, шен гIуллакх дийца хууш волчу Нохчийчуьрчу мухIажиран Европехь тхов-кIело карон некъаш шортта бу.
XS
SM
MD
LG