ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Аутопсия - адам далар толлу керла кеп - юкъаяло гIерта нохчийн парламент


Нийсса шо хьалха Соьлж-ГIалахь кхеташо дIаяхьира беллачарна аутопсия яр дуьйцуш. Беллачу нехан декъий этIа ца дайтаро лоьрийн говзалла чIагIъеш ца хилар а, цо нехан могашаллина зе деш хилар а хьахийра цигахь.

Иштта, оцу гуламехь цхьанакхеттачу лоьраша а, судмедэксперташа а дийцаредира, декъий этIа а ца деш, компьютеран томографица стаг валаран бахьана къастор (виртуалан аутопсия) юкъадаккха дезаш хиларх.

ХIинца, шо дIадаьлча, Нохчийчоьнан парламенто и гIуллакх Оьрсийчоьнан пачхьалкхан думе кховдина, аутопсия магош низам юкъадаккхахьара аьлла.

Хууш ма хиллара, Нохчийчохь беллачийн гергарчара ца магадо декъий этIор. Иза динца ца догIу боху цара. Цундела велла стаг, иштта хила мегара олий, бахьан а даладой, дIавуллу. Бахьана толлуш хила деза аьлла, Маршо Радиоца къамелдира нохчийн лоьро Саралапов Асхьаба.

Саралапов: «Нохчийчохь веллачу стеган дакъа этIа ца до. Муьлххачу а стагана нийса дарба ца дича, тромбоэмболия, яьржина инфаркт, я инсульт олий, валаран бахьана яздо, дукхачу лоьрашна таIзар а ца хуьлу иштта яздарх. Вайн цIахь декъий этIош делахьара, и лоьраш жоьпе ийзо а мегар дара. ТIаккха нийса диагноз хIоттош боцурш сема хир бара».

Дукха хенахь дуьйна лоьрашна, къаьстина судмедэксперташна, схьагарехь, тан дезаш дацара, дакъа этIа а ца деш, адам стенах делла къасто мега бохург. Амма иштта ца хета профессорна, Оьрсийчоьнан тIеман министраллан коьрта судмедэксперт лаьттинчу Колкутин Викторна.

Виртуалан аутопсия-керла технологи ю, цуьнгахула адам даларан бахьана атта къасталур а ду, дакъа этIчул, аьлла хета цунна.

Колкутин: «Диканиг ду цуьнца, масала, чов йина а, йохийна а меттиг а, докъан межеш меттах а ца йохуш, ган йиш ю. Ткъа дакъа этIочу хенахь, чоко схьа а йоккхий, чевнаш мичахь-муха хилла къастадо. И сурт юхадерзо йиш яц. Ахь цкъа иза дайинехь - дIадаьлла. Виртуалан аутопсияно и аьтто ло. Иза ондда гIо ду, лоьрийн гIалаташ талларехь».

Оьрсийчуьра цIеяхначу судмедэкспертан Колкутин Викторна хетарехь, адам даларан бахьана толлу виртуалан аутопсия мел дика елахь а, Оьрсийчохь кху гергарчу шерашкахь тIеэцахь тамаш бу. Цуьнана бахьана а го цунна.

Колкутин: «Оьрсийчохь и метод лелош яц. Швейчарехь а, Германехь а, Гергарчу Малхбалехь а лелойо. Кхелан медицинехь муьлха а керла хIума атта тIеоьцуш дац Оьрсийчохь. ТIаккха, ерриге Европа а, Iамерка а пайдаэца йолаелча, вай а дай иза, олий, тIеоьцу. Могашалин министраллехь хаьа, шаьш и метод кхузахь чекхъялийтахь, шайн кхачамбацарш дIалачкъо йиш хирйоцийла. Шуна ца хаьа, хIун статистика гучуер ю цул тIаьхьа. И гучудалийта лерина цхьа а вац. Харжамашна юьххьехь-м муххале а».

Оьрсийчохь керла технологи, къаьстина медицинан тIегIанехь, атта тIеоьцуш яц Iедало а, шаьш лоьраша а. Шайна Iаьммачух тоам бо. Генетикан талламаш юкъебевлча а, мел долчу дуьнено иза тIеэцча а, пачхьалкхо къобал ца до иза, боху Колкутин Виктора.

Колкутин: «20 шо хьалха иштта хилира генетикаца а. Дерриге дуьне: Iамерка, Европа, Китай, Корея а пайдаоьцуш яра керлачу технологех. Вайна хIунда оьшу иза? Ца ошу, олура. Нохчийчохь и кегари хиллалц. ЦIераш къастонза бIеннашкахь декъий гучу ма девллинехь, аутопсиях пайдаэца беза элира».

Виртуалан аутопсияхь, дакъа, компьютеран томографи еш санна, ящки чу а доккхий, электромагнитца толлу. ХIора декъа талла 40 минот хан еза. Ткъа, стаг Iуьйранна велча, иза делкъале дIавуллучу нохчашна товр юй и метод? Иза хуур дац аутопсия юкъаяржжалц…

XS
SM
MD
LG