ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Муха кхелхина вежарий АвдорхановгΙар - Зоврбеккий, ИбрахIиммий?


Нохчийчоь --Ичкерин президент Масхадов Аслан а, вежарий АвдорхановгIар а, 2003, гуьйре
Нохчийчоь --Ичкерин президент Масхадов Аслан а, вежарий АвдорхановгIар а, 2003, гуьйре

Соьлжа-ГΙалахь эскархой а бойъуш, иккхинчу шина шахΙидах дерг хаа аьтто баьлла Ιедалан талламчийн. Цул совнаха, довзийтина мехкан администратора Кадыровс ша а, ГΙалгΙайн президент Евкуров а эгΙош, шен ницкъахоша Таршхойн лаьмнашкарчу ГΙалашка-юьртахь дΙаяхьнарг хΙун операци яра а, байъинчу тΙеман баьччанаша АвдорхановгΙар дига гΙиртина нускал мел тешаме хилла а...



Шаьш а леш, лелхийтарш диначех цхьаъ Куьршалойн кIоштара "Керла дахар" цIе йолчу эвлара 29 шо долу вахархо Демильханов Iела ву. Иза 2008 шарахь дуьйна набахти чохь а ваьллина, дукха хан йоцуш цIа вирзина хилла. Цуьнца цхьаьна иккхина Гуьмсера 25 шо долу Гехаев Юсуп а. Иза цIерачара а, гергарчара а лоьхуш хилла, боху Талламан комитето.

Эккхар хиллачу меттехь лаьттачу видеокамеро дIаяздийна иза муха хилла. Цу тIехь гуш ду, боху, цхьа жима стаг тIеман барзакъ а, гIирс а бухкучу «Военторг» туьканна хьалхахь лаьтташ.

И меттиг цо ларамаза хаьржина ца хиларан шеко яц талламхойн. Цу чуьра хIума оьцурш, дукхачу хьолехь, уллехь йолчу Хан-ГIалара эскархой хилла. Оцу куьпа воьдучу блок-постерчу, туьканна уллехь сецначу «УАЗ» чуьра охьабиссинчу а эскархошна тIе а ведда, Иккхина Iожалхо. Оьккхург цунан гIодъюкъах йихкина хилла, боху. Хиллачо гена воццуш, белшах тесина тоьрмиг а болуш лаьтташ волу цуьнан накъост а воь. Оцу тIоьрмиг чохь хилчух тера ду важа оьккхург.

"УАЗ" чуьра охьаваьлла кхо эскархо вийна. Уллерчу блок-постехь лаьттина кхиъ кхо салти лазийна. ДIахIоттийна лаьттина масех машен а йохийна цигахь. Ишшта гIишлонна а дина зен.

Эккхийтар дина масех сахьт далале, тIелаьхкинчу гIишлошъярхоша сихонца белхаш а болийна, метта хIоттийна туьканна хилла зе. ХIинца цигахь, нах а леш, теракт хилла а эр дац.

Бохам хиллачу метте вахначу Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана дIахьедар дира, лелхарш кечдинарш гIаттамхойн баьччанаш вежарий ГакаевгIар - Муслим а, Хьуьсейн а - хила мега, аьлла.

И верси талламхошна бух болуш ю аьлла ца хета, амма иза бакъ яц олийла а дац, боху цара. Амма Оьрсийчохь а, Нохчийчохь а тIаьххьара хиллачу теракташна тIехь и ши ваша лаьтташ хилла, бохуш дуьйцу низамхоша.

КIира хьалха ГIалгIайн махкарчу ГIалашки эвлахь АвдорхановгIар - Зоврбек а, ИбархIим а, цаьрца хилла Халадов Аюб а кхалхарх лаьцна цхьацца хаамаш а бу гучубовлуш. Ала догIу и оцу хиламан хьокъехь нийсса бIостанехьа хьежамаш бара нохчийн а, гIалгIайн а куьйгалхойн.

Кадыровс а, Евкуровс а, вовшашна дуьхьал цхьацца дIахьедарш а дира. Нохчийн низамхоша бахарехь, иза кечам а беш дIаяхьна операци ю. Цунна тоьшалла далош, меттигерчу телевизионехь гайтира АвдорхановгIарех цхьаьнга маре ша йоьдуш санна кеп хIоттийна цхьа йоI. Цо ша дийцарехь, интернетехь бевзинчу тIемалоша цунна тIе захало деъна хилла, шайх цхьанга маре йола аьлла.

"Маре йоьдуш хилла" йоI: "Цкъа смс-хаам беара соьга, хьуна захало дийцина ду, хьо хьуьнах дIаян езар ю, аьлла. Юх-юха уьш оьхура соьга смс-аш. Ас цхьанге а ца дийцира иза. Со дIа ца ягIахь, сан цIерачарна проблемаш хир ю, бохура цара. Со цул тIаьхьа, кхера а елла, 28-чохь кхуза полицин декъе еара, ишттий-ишттий, суна кхерамаш туьйсу, аьлла".

Болчу хаамашца, ГIалгIайчоьнан агIо, хIинца а ша бохучуьнна тIехь ю. Евкуров Юнус-Бека бахарехь, и кхо тIемало, бомба кечъеш воллуш, шаьш лилхина бу.
XS
SM
MD
LG