ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ОвхΙанистанна машар хьоьхучу политикашлахь а бац барт


ОвхIанистан -- Президентан ЦIенна хадеш лаьтта гIаролхо, Кабул, 25Ман2013
ОвхIанистан -- Президентан ЦIенна хадеш лаьтта гIаролхо, Кабул, 25Ман2013

ИНТЕРВЬЮ. ОвхΙанистанехь бахбеллачу тΙамо хьоьхург цхьаъ бен дац – бертан къамелаш долор. Оцу Ιалашонца, массех пачхьалкх декъахь а йолуш, Кхатарехь барт бийца дезаш яра ши агΙо – ТΙалибан а, Кабулера Ιедал а. Амма доладалале доьхна цхьаьнакхетар. Сте новкъарло йо машарна?




И хаттар толлуш болхбина New America Foundation юкъарлоной, Радикализм талларан дуьненаюкъарчу центрой. Талламаш зорбане баьхначу авторех цхьаъ ву Эванс Райан. Цуьнца къамел дира Маршо Радион корреспондента Бежан Фруда.

Дохехь бертан къамелаш дуьйладала сахьташ дуьсуш юхъхьаяьлла Кабул. ТΙалибане шен шахьарахь векалт схьаеллийтинчу Кхатарехь шаьш ховшур дац барт бийца, дΙахьедира Карзай Хьамидан агΙоно. Иштта шаьш губеллачохь, болх болонза бисира маситта пачхьалкхера баьхкина бартбархой.

Маршо Радио: Стенна ца болу аьтто мостагΙаллехь йолу агΙонаш бертаялон?

Эванс Райан: «ОвхΙанистане Ιамеркан эскарш дахча массо а вара оцо тΙалибашца йолу мехкан проблема кхочушйийр ю бохуш, воккхавеш. Ткъа и кхочуш ца хилла. Цундела тΙалибашца къамелаш ца дича ца довлу. Амма тΙом берзоран хьокъехь барт балуш бац. Хьалхара бахьана, бартбан билгалъяккхина цхьа а хьукмат яцар ду. Цхьаьнатоьхна Штаташ схьаэцча, цуьнан департаментийн а бац ОвхΙанистане цхьа хьажам.

Юкъара хьажам бац ОвхΙанистанан проблемаш йийцаре ян хуьйшучу пачхьалкхашлахь а. Туркойчоь, СаΙудан Ιараби, Германи, Ингалсе, Цхьанатоьхна Штаташ шаьш-шаьш гΙерта барт бийцарехь хьалхайовла. Текхана гонаха хьийзаш дукха бу-кх кхачакечбийраш. Массара а боху, шаьш-шаьш накъосталла до ОвхΙанистанна, кегари бу».

Маршо Радио: ТΙалибашца къамелаш стратегин орам а ца къастош до, боху ахь. Шаьш бертан къамелаш а ма дой еккъа схьаэцначу тΙалибийн тобанашца. Ткъа хΙун ницкъ бу гаранашка евлла лелачу тΙалибийн тобанийн политикехь?

Эванс Райан: «Юьхьанца тΙалибийн дакъош, шайц-шайцца къамелаш а деш, машаре берзо гΙиртира. Ткъа оцу некъо гена боккхура къоман барт. Кхеташ дацара, бартбархой тΙалибашна юкъара барт талхо гΙерта я коьртехь волчу Омар Мухьаммад-Моллица машар бан гΙерта.

Ιаьмеркан Цхьанатоьхначу Штатийн а, кхечу мехкийн а тΙалибех барт бийца кхойкхурш а хуьлура кеп-кепара векалш. Къамелан Ιалашонаш массеран а ца хуьлура вовшех тера».

Маршо Радио: Шайн талламехь аш боху-кх, бартбан къастийна мур а бацара нийса. Эскарш юхадахарца Ιамерко хьал шен карара далийтина бохург дуй иза?

Эванс Райан: «Тхо бертан къамелаш долош бен дацара, Обамас эскарш арадоху аьлла кхайкхийча. Вай вуно чехка эскарш арадаха долийра, оцу юкъехула тΙалибашка, гой шуна, тхо дΙадоьлхуш ду, вайн сихха барт бай, бохуш санна нисделира. Абсурд ма ю иза. Вайн цкъа шад йиттира, тΙаккха пираьнк кховдийра, тΙалибаш иштта кхералур болуш санна. Эхкарш дΙадигар вон ду бохург дац сан иза, амма оцу хьолехь бартбийца атта дац бохург ду».

Маршо Радио: 1980 шарахь шен эскарш ОвхΙанистанехь хиллашехь, Ιамерко зеделларг ца ΙаΙийна шена, боху рапорто. И хΙун зеделларг ду, дуьйцург, некъ хорцийла дуй Вашингтонан яхначу хенан гΙалаташ шегара юху а ца дилийта?

Эванс Райан: «ХΙетахь Советан пачхьалкхана хилара иза – лаккхарчу куьйгалхошца барт а ца беш, оьшшу реформаш а ца еш, тΙемашца хΙаллак а йина, йоллучохь йитира ОвхΙанистан. Вай а изза дина хΙинца. Эскарш, кхочуш йина Ιалашонаш а йоцуш, арадехи, ткъа тΙалибаш кхета шаьш ницкъалахь буйла а, шаьш шайниг ницкъаца тΙедоккхур дуйла а. Вай тΙаьхьадисина, хΙумма а хийцалур ду вайга аьлла а ца хета суна хΙинца. Дуьсуш дерг цхьаъ ду – эскарш арадохучу 2014-чу шарал тΙаьхьа ОвхΙанистанан Ιедалан ницкъаш тΙематасадаларшкахь ца оьшу некъ лахар.

Маршо Радио: Бертан дийцаршкахь аьтто хилийта хΙун дан деза аьлла хета хьуна?

Эванс Райан: «Уггаре хьалха, тΙедогΙучу шарахь президентан харжамаш чекхбевлча, Карзай юстахвала веза, Ιедал а дитина. Цунна богΙуш меттиг бац цуьнгарниг. Коьртехь баккъал а ОвхΙанистанехь барт балуш стаг хила веза. ШолгΙаниг – барт бечийн коьртехь овхΙанхой хила беза хьалхабевлла хьийзаш. Ткъа Ιамерка, гΙодар бен а доцуш, юьстахъяла еза. Шен ОвхΙанистанан конституцехь хийцамаш бан беза. Кабулан карахь дерриг а Ιедал хилар догΙуш дац оцу махкана. Таханлерчу конституцино некъ ца ло машар бийца».
XS
SM
MD
LG