ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчуьра вахархочунна йиттинчу Австрерчу ялх полисхочунна таIзар дина


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

БархI баттера 12 батте кхаччалц арахь яккха хан кхачийна Венерчу ялх полисхочунна, тIелатар дарна а, тоьшаллашца фальсификаци лелорна а, шайн йолчу бакъонел тIехбовларна а. Уьш бехкебина, 2019-чу шарахь Нохчийчуьрчу вахархочунна еттарна Вена-Фаворитен кIоштарчу казинохь. Оцу чохь хIиттиначу камераша дIаяздинарг стохка аьхка хаамийн гIирсашкахь Iорадаьлча гучуделира хиллачу инцидентах, яздо Austria Today гIирсо .

Видео тIехь гуш ду, Нохчийчуьра схьаваьллачунна етташ шина полисхочо, ткъа вукхо дуьхьало ца йо. Кхин а масех полисхойн духарца лаьтташ ву цигахь, юкъа а ца гIуртуш. Дарбан цIийне вигинера йиттинарг. Меттигерчу хаамийн гIирсаша яздарехь, ладам боцуш яра цунна йина чевнаш, оьшуш ца хиллера регистраци ян а. Амма, масех бутт баьллачу хенахь дарбан цIийнан операторо тIедожийра полицина, цунна дарба деш йина харж меттахIоттае аьлла.

Юьхьанца бехкевира Нохчийчуьра вахархо, полисхошна доцург кхоьллина аьлла, амма цунна тIелатарх видео нахалаяьлча, прокуратурано юкъахдаьккхира долийна гIуллакх.

12 а, 10 а беттанаш хан тоьхна арахь яккха шина полисхочунна, шайн бакъонел сов валарна а, дегIа тIехь чевнаш ярна а.
Вукху шинна итт-итт бут тоьхна, шайн йолчу бакъонел тIехваларна а, тоьшаллашца фальсификаци лелорна а. Кхин а шинна бархI-бархI бутт тоьхна, шайн бакъонал а тIехваларна. Оцу сацамна латкъамбан магош ду царна.

Товбеца-беттан 10-чохь, Венерчу Оьрсийчоьнан векалаллана хьалха митинг хIоттийнера политикан тутмакхашкахьа, царна тIехь Iазап латторна дьухьал. Оьрсийчохь жигархошна политикан бух тIехь тIаьхьабевлла леларна а, талламан изоляторшкахь а, колонешкахь а гIело латторна а тIехь терго яр доьхуш, кхайкхам бира Евробарте митинган 12 декъашхочо.

Ткъа, Охан-баттахь Венехь кхо бIе сов стага декхаредира Iедал мухIажирш махкахбахар сацо а, 38 шо долу нохчо-боксер Хациев Iела Австрерчу набахтехь валар талла а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG