ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Австрин пачхьалкхалла долу Нохчийчуьура вахархо лаьцна Соьлжа-ГIалахь герз лелорна


Нохчийчоь, Соьлжа-ГIала, гайтаман сурт
Нохчийчоь, Соьлжа-ГIала, гайтаман сурт

Нохчийчуьра къайлахчу сервисийн урхалло бехкзуламан гIуллакх долийна Оьрсийчоьнан а, Австрин а пачхьалкхалла долчу Мирискаев Рамзанан хьокъехь. Иза бехкевина бакъо йоцуш герз а, патармаш а лелорна. Бехкзуламан гIуллакхах лаьцна хиира Нохчийчура Лакхарчу кхело бинчу сацамехь, цо тIечIагIдина мехкан вахархо лацар.

Адвокато Мирискаев цIера дIасавалар дехкий витар тIедожийнера, жоп деллехь – Хьалха-Мартанан кIоштара Мартан-Чохь вита везара иза. Талламхо цунна дуьхьал вара – цо бахарехь, Мирискаевн Нохчийчохь даим иза веха цхьа адрес а дац, йа болх а бац. Оьрсийчоьнан вахархо хилла ца Iа иза, цуьнан Австрин пачхьалкхалла а ду, тIаьххьарчу заманчохь цигахь Iаш вара иза.

Цул совнах талламна хетарехь, Мирискаевн "чIогIа уьйраш йу Нохчийчоьнан Республикин дозана тIера криминалан гонашкахь", ткъа доьзал – жима бер а, хIусамнана а Австрихь ду, цигахь лачкъа тарло иза.

Нохчийчуьра вахархо кху шеран оханан-беттан 24-чохь дуьйна СИЗО-хь латтош ву. Цуьнан гIуллах толлуш ду Нохчийчуьра ФСБ-н терроризмаца къийсам латтош, конституцин дIахIоттам ларбечу доьалгIачу декъо.

  • Оханан-баттахь Нохчийчохь ницкъахоша герз тоьхнера Британин махкалла долчу республикан вахархочунна Абубакаров Мохьмадана. "Мемориалан" хаамашца, стохка стигалкъекъа-баттахь Абубакаров лачкъийначул тIаьхьа цунна тIедожийнера, 15 шо хьалха Хьалха-Мартанахь динчу эккхийтарца воьзна ву алар.
  • 2009-чу шарахь а лачкъийра Абубакаров ницкъахоша – хIетахь тIехь гIело а латтийна, тIеман декъана гергахь эккхийтар динера аьлла, тIелацийтира цуьнга. 18 шо долу Абубакаров хIетахь бехкевира герзашца вовшахкхеттачу тобанхошна гIо латтийна аьлла, цхьа шой, кхо буттий хан туьйхира цунна.
  • Стохка чиллан-баттахь Арсамиков Идрис Домодедово аэропортехь лаьцна, нохчийн полицига дIавеллера. 2019-чу шарахь Оьрсийчуьра дIаваханера иза шена тIехь кадырохвоша гIело хьегийтинчул тIаьхьа, Нидерландашкахь тховкIело йелира цунна. Кхо шо даьллачу хенахь шен ден тезета цIа веара Арсамиков. Цхьа "ориентировка" бахьана долуш лаьцнера Арсамиков, республике йухавирзинчул тIаьхьа шо гергга хан цо цигахь йаьккхинашшехь. Цул тIаьхьа Арсамиковс дIайазйира видео, цу тIехь цо дIахьедира бакъоларйархошка, ша Iадвита, кеста зуда йалон дагахь а ву ша аьлла.
  • 2023-чу шеран стигалкъекъа-баттахь чохьарчу гIуллакхийн министраллин Кадыров Ахьмадан цIарахчу полицин ППС-н 2-чу полкан эскархоша лачкъийра дозанал арахьарчу Ичкерин куьйгалхочун Закаев Ахьмадан вешин ши кIант. ТIаьхьо цхьаъ маьршаваьккхира, шолгIа, Закаев Хьусейн, лаьцна латтош ву стигалкъекъа-беттан 25-чохь болчу хаамашца а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG