ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Шемахь тIом бина нохчий юхаберзарна дуьхьал ю Германи а, Австри а"


Иракъерчу Мосулехь лаьцна Линда цIе йолу нохчочуьнгахь марехь хилла жима зуда уггаре евзаш йолу тутмакх ю, ДАIИШ тобанна юкъахь хилла бохуш буьйцучу немцойх.

please wait

No media source currently available

0:00 0:03:46 0:00
Линкана тIе

Вуно лакхарчу кхерамазаллин гIулчеш чекхвала везара Грацерчу кхелан гIишло чу пIераскан дийнахь кхача луург. УьйтIахь а, чохь а полицин антитерроран декъан белхахой бара лаьтташ. Карахь масатоьпаш а йолуш, яххьаш туьтмIаьжигашца къайла а яьхна бара уьш. ДегIах хьаьжна а, тIоьрмигаш чохь хIун ду теллина а бен тIехволуьйтуш вацара цхьа а.

И башха хьал доьзна дара Грацерчу кхелехь Австрехь уггаре а вевзаш волчу имаман Мирсадан а, Мухьарбек цIе йолчу нохчийн жимчу стеган девнаш юхалуьстуш хиларца. Цхьа шой, ах шой хьалха кхело 20 шо хан тоьхнера схьавалар Боснера долчу Мирсадна.

Иза бехке лерира кегирхошна радикалан чулацам болу хьехамаш а беш, уьш Шема а, Иракъе а тIаме хьежорна. Цо, тIеIаткъам а бина, Шема вахийтина лерира кхело Мухьарбек а. И кIант, Шемахь тIом а бина, Австре юхавирзинчул тIаьхьа лецира Iедалша. Маьрша нах бойъуш декъа хиларна бехке леринчу Мухьарбека 10 шо хан туьйхира.

Цу шиммо шайна тоьхна хенаш лахъяр дехар луьстуш дара Грацерчу Лаккхарчу кхело. Ший а лаьцнарг куьйгех тоьхна буржалш долуш вара. И буржалш юкъахдихкинчу доьхканех дIатессина дара, куьйгаш меттах ца дахийта.

Шена хан кхайкхочу процессехь сектийн куьйгалхо я рок-мукъамча санна сонта лелла Мирсад хIинца кхечу тайпана вара. Цуьнан адвокато тоьшалла дира кхелехь, имам ша дийцинчунна дохковаьлла хиларх лаьцна. Цо чIагIдарехь, набахтехь Мирсад кхетта, ша шен хьехамашца гIалат хиллийла. Иза дохковаьлла ша дийцинчунна. Шена тоьхна хан лахъяр доьху цо кхеле. Иштта шена тоьхначу 10 шарех мелла а тIера шераш дIадахар дийхира цуьнан накъосто Мухьарбека а.

Шемахь тIом а бина, Австре юхавирзина волу Мухьарбек а, цхьамогIа кхин а ДАIИШ-ан могIаршлахь хилла нохчий а тайп-тайпана хенаш а йиттина, набахтешкахь бу. Экстремизмах болчу эксперташна хетарехь, кхин а дукха бу Шемахь Австре а, кхечу Европерчу пачхьалкхашка а юхаберза лууш болу тIемалой. Иракъерчу Iедалша лийцинарш а бу царна юккъехь.

МухIажираш санна Европе а баьхкина, цигара юха шайн ханна деллачу паспорташца Шема я Иракъе тIаме баханчу нохчийн хьал къаьсттина чолхе лору тергамхоша. ХIунда аьлча, и нах шайн махка юхаберзийта ца лаьа Европерчу пачхьалкхийн Iедалшна.

Венерчу университетехь террорхойн боламаш толлу политол ву Шмидингер Томас.

Цо дуьйцу: «Со ца теша Австрино я Германино ДАIИШ-ехь тIом бинчу нохчийн къомахчу мухIажаршна гIо дийр ду бохучух. И нах юхабахкийта ца лаьа я Германина а, я Австрина а. Амма Иракъна а луур дац уьш кхаба. Суна цкъачунна схьайиллина юьсуш йолу проблема санна го и нах мича гIур бу бохург».

Цу юкъана радикалан лоручу имамо дина зулам идеологин бух болуш ду. Цундела иза дуккхачу нахана тIеIаткъам барна деза лерира кхело юха а. Цунна тоьхна хан, лах ца еш, йита сацам бира кхело.

Ткъа цу имаман тIеIаткъамца Шема вахана ларалуш волчу нохчочунна Мухьарбекан 10 шарах цхьа шой, ах шой тIерадIадаьккхина кхело. И кIант цулла хьалха набахтехь хилла ца хилар тидаме а эцна.

XS
SM
MD
LG