ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Авторан бакъонаш йохорна ахча дала декхаре йина кхело ЧГТРК "Грозный"


ЧГТРК "Грозный" телехьожийлан куьйгалхо Ахмадов Чингиз
ЧГТРК "Грозный" телехьожийлан куьйгалхо Ахмадов Чингиз

Авторан бакъонаш йохорна нохчийн пачхьалкхан "Грозный" телерадиокомпани 100 эзар сом ахча дала декхаре йина Ессентукерчу кхело, аьлча а – нехан сурт лелорна. "Восьмая заповедь" олу Волгоградерчу компанино делла кхеле и арз, Нохчийчоьнан Арбитражан кхело и тIе ца лаьцна, амма Ессентуки гIалин ЙалхийтталгIачу аппеляцин кхело и сацам хийцина.

2017-чу шеран гезгмашин-баттахь ЧГТРК "Грозный" каналан сайтехь хаам арахийцира "Нохчийн Республико а, Ямало-Ненецкан махко а йукъаметтигаш лелоран барт бийр бу" цIарца, оцу хаамехь цара Анисимов Сергейс даьккхина "66 параллель" стелин сурт хIоттийна хиллера. Цуьнан бакъонаш къуьйсуш йара авторийн бакъонаш ларйарехула болх лелош йолу "Восьмая заповедь" компани. ЧГТРК-га хьалхо кехат дахьийтира цара, амма цигахь и тIе ца лецира.

Нохчийчоьнан Арбитражан кхело дIахьедира, нехан сурт ахча ца луш, авторан цIе ца йоккхуш лело мега, нагахь санна, "цхьаболу бехкамаш кхочуш бича: Iилманан, дешаран, хаамийн, культурин Iалашонашца лелош далахь, йа цитата йеш оьшучул барамехь бен ца лелийнехь". Аппеляцино тIе ца лецира ишта бух балор, ЧГТРК "Грозный" канало авторан цIе, йа и сурт даьлла меттиг йазбина ца хиллера, цундела кхелан сацаман бух бац аьлла билгалдаьккхина цо.

ТIаьххьаре а Анисимов Сергейн сурт лелорна ЙалхийтталгIачу Аппеляцин кхело шозза 50 эзар гIуда тоьхна ЧГТРК "Грозный" каналана. Иштта нохчийн компанера 7 эзар сом даьккхина – кхелан балхах ахча.

  • Хьалхо хаам бора, кхелийн приставийн федералан сервисехь 20 гIуллакх Iуьллу ЧГТРК "Грозный" телехьожийна дуьхьал – цо некъан низамаш хедорна йиттинчу гIуданаш тIехула ду уьш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG