ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Жухургаш-м бацара те Бакох харжамашка хьовса баьхкинарш?!


Азербайджан -- Алиев ИлхIам президентан харжамашкахь толар даздеш бу нах, Бакох, 9ГIа2013
Азербайджан -- Алиев ИлхIам президентан харжамашкахь толар даздеш бу нах, Бакох, 9ГIа2013

Президентан харжамийн болар зен Бакох дуккха а тергамхой баханера Европера а, Ιамеркара а, дуьненан кхечу маьΙΙигашкара а. Цхьаболчу журналисташа а, политикаша а шеконе даккхина оцу тергамхошлахь хилла цхьа дакъа хууш дацара билггал стенгара бу, муьлхачу гонийн цΙарх терго еш бара, аьлла. Кхеташ дац, хьан деллера цхьаболчу тергамхошна Бакох баха ахча. Оцу хьокъехь Маршо Радионо гочйина шен корреспондентанСолош Ричардан артикл.




Йозуш йоцу Ιамеркара политикан мониторинган центр ю Азербайджанан президент хоржуш терго ян баьхкинчаралахь шех шеко кхуллуш. Ткъа ша и центр йогΙу Дуненанюкъарчу харжамийн системан экспертийн центра юкъа.

Кхаарий дийнахь хиллачу оцу харжамашна кечлуш, хьалха а санна, хΙинца а президентан гΙентахь вуьсуш волчу Алиев ИлхΙаман гоно набахтешка хьежийна шен Ιедална товш боцу журналисташ, оппозицера политикаш.

Оцу бахьанийца дозуш а ду харжамийн жамΙаш дуьнено зуьйш хилар а, цигахь лелла харцонаш Ιораяхар а.

Амма терго ян баьхкинчу Евробертан а, кхечу дуьненаюкъарчу боламийн а векалш боцурш, харжамаш туьдучу хьешех стагга а ца вевзара Азербайджанерчу бахархошна хьовха, йозуш йоцчу меттигерчу прессин корреспонденташна а.

Цхьаболчу, шайн цΙерш а йохуш хьийзачу наха, шаьш векалш ду бохуш, юьйцу хьукматаш яцара цхьанне а цкъа а хезначех. И нах Бакохарчу Ιедало ахча а делла, цΙарна балийна бара, харжамаш дуьнено шуьйрра тергонехь кхебира, бахийта, аьлла хета Азербайджанерчу оппозиционерашна. Уьш дуьхьал а туьйсуш, шаьш кхаьжнашца лелийна харцонаш къайлахьо Алиевн агΙоно бохучу тΙехь бу тахана дуккха а нах. Цу тΙе, деккъа цхьа «экперт» алар доцург, кхечу хаамашца бовзуьйтуш а бацара нехан цатешама кΙелбахана хьеший.

Оцу хьешех цхьаберш хилла, Азербайджанан харжамийн гоно хаийтина ма-хиллара, Ιамеркарчу Оклахома штатерчу Брокен Эроу гΙалахь куп тоьхна а йолуш, Советан пачхьалкх йоьхначул тΙаьхьа кхоллаеллачу пачхьалкхийн дахар зуьйш схьайогΙучу политикан мониторинган тоба.

Ткъа оцу тобан сайт схьаелла гΙоьртича, яц иза кхоччуш, шеконаш йойъуш, еллалуш а, я иза хΙун хьукмат ю те аьлла вайн иккхинчу хаттарна жоп луш а. ДΙакхочуш яц цига я телефон а, я имейл-кехат а.

Харжамаш чекхбевлла массех сахьт даьлча, Ιедалан куьйга кΙел йолчу АПА-агенталло дΙакхайкхийра, «Ιамеркарчу тергамхоша харжамаш цΙена а, маьрша а бара боху», аьлла.

АПА-агенталло буьйцурш бара оццу Оклахома штатера баьхкина политикан монитораш ду шаьш боху нах. Иштта яра Украинехь куп тоьхна ю бохучу кхечу юкъараллин векал, Чехера еъна тергамхоЧурдова Анна. Цуьнца къамел дира Маршо Радион корреспондента. Цо хаьттира, хьенан ахча ду шу Бакох терго ян догΙуш аш дайъинарг, аьлла.

Иштта дара и къамел.

Маршо Радио: Оьздангаллах дозуш ду тхан хаттар, хьангара кхаьчна шуна финансаш, хьо муха еъна кхуза?

Чурдова: «Ас аьлла-кх хьоьга, тхо цхьацца проекташ кхочуш ечу йозуш йоцчу организацера ду. Оха тхаьш бечу кхечу белхашца ΙаΙадо тхайна проекташ кхочушъян ахча».

Маршо Радио: Хьан, билггал муьлхачу хьукмато ло ахча?

Чурдова: «Ала ца аьлла ас, тхо харжамаш цΙена хилийта гΙерта».

Маршо Радио: Кхуза ян ахча ахь хьайггара дайъина бохург дуй иза?


Чурдова: «Ду, ду, хΙан, дац тхайггара-м, тхан хьукматан ду-кх! «Харжамийн нийсонехьа» ю цуьнан цΙе».

Иштта, массех хьешаца къамел дира Маршо Радионо, изза хаттар а луш, азербайджанхоша массанхьа а дуьйцу, харжамашкахь харцонаш лийлира бохуш, ткъа шуна стенна ца гира и харцонаш, олий тΙе а тухуш.

Чурдова Анна а, кхиберш а цецбовлура шайга иштта хаьттича. Шаьш дац харцонийн тешаш, бохура хΙораммо а.

...Маршо Радион хΙара эфир арайолучу юкъанна хаам беара тхан керланийн хΙусамера. «Европан парламентан тергамхоша бахарехь, Азербайджанехь президентан харжамаш маьрша а, цΙена а чекхбевлла лору», аьлла.

Кхеташ ду, харжамашна резабоцчу азербайджанхойн жамΙаш лачдохуш дац дан хΙума. Амма оцу махкахь нахана оьшшучул маршонаш а ю, халкъ паргΙатонехь а деха, бохуш, хΙинца а президент вуьсуьчу Алиев ИлхΙаман Ιедало чΙагΙдахь а, лелачу харцонаша дуьненна хьалха дерриг а дуьйцург дуьллу шеконе.

Делахь а харжамийн терахьаш иштта дуьйцу: Алиев ИлхΙамехьа кхаьжнаш тесна 83 процент харжамхоша. 9 процент ца кхоччуш агΙончаш бу бахархошлахь оппозицин векалан Гасанлы Джамилан. Иштта ду цкъачунна официалехь доцу жамΙ.
XS
SM
MD
LG