ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Багажати Аминин „Бусулба хилар. 25 хаттар а, 25 жоп дала гIортар а“


Багажатин жайнин мужалт.
Багажатин жайнин мужалт.

ДаIишан зуламаш бахьана долуш бусулба дин цкъа а ца хиллачу кепара дуьненчохь маьттаза дуьйцучу хенахь Австрерчу бусулбачийн юкъараллин жигархочуо Багажати Аминас вуно мехала киншка язйина, бусулба зударех лаьцна.

ДаIиш тобано шаьш нехан кортош дахар гойтуш йолу видеош яржор, дуьненан тайп-тайпанчу маьIIенашкахь бусулба бу бохучу наха ахча даккха маьрша адамаш закъалте лийцар, машаре нах дIасалелачу меттигашкахь бусулба дино емал деш долу шаьш лелхийтарш лелор, „АллахIу Акбар“ бохучу маьхьаршца, шаьш эшийна йолчу тобанийн я къаьмнийн зударий а, кхианза долу зудабераш а, хьалха заманчохь хиллачех санна йолчу лайн базаршкахь бохка-эцар, уьш хьийзо, Делан дин сийсаз а деш, вовшашна магор, закъалте лаьцнарг дийна воллушехь тIе а тесна, вагор, цIарца стаг вер хьовха, Дала ур-атталла цхьа а садолу хIума ер а магийна ца хилар тергал а ца деш, иштта дIа кхин а инзаре зуламаш, бусулба дин хIоттош бу шаьш бохучу наха лелош долу – и дерриге а цхьа тамашийна, цхьа боьха ун санна, бусулба умматан дегIах кхетта долу, даьржина кху тIаьхьарчу хенахь.

Иза дацаре деш болу, цунах Iадийна болу бусулбанаш шаьш а бу, хуьлуш лаьттачуьга инзарбовларца а, гIорасизаллийца а хьоьжучучехь бисина. Цу унна дуьхьал даккха цхьа а дарба а дуй-те бохуш шеконаш кхобуш.

Цхьаболчара амма цу гIорасизаллийца къуьйсу, шаьш бехачу меттигашкахь кег-кегийрачу гIулчашца бусулбачийн оьзда гIиллакхаш а, кIеда-мерза амалш а гойтуш. Ишттачех ю Австрерчу бусулбачийн Кхеташонан юкъараллийца болхбаран декъан куьйгалхо йолу Багажати Карла Амина. ХIинцачул 30 шо хьалха герга бусулба дин тIеэцна йолу и немцойн къомах йолу зуда дуккха а шерашкахь Австрехь бусулба динан векал а хилла лаьтта.

Кху деношкахь зорбане яьлла цуьнан „Бусулба хилар. 25 хаттар а. Ткъе пхиъ жоп дала гIортар а“ цIе йолу киншка. Бусулба зударшна лерина а, церан хьолах лаьцна дуьйцуш а ю иза. ХIунда аьлча, цу динах болу кхетам Малхбузехь уггаре а хьалха зударшна ницкъ беш долчу динах санна бу.

Ша а шен доллучу дахарехь оцу клишеца къийса дезна йолчу Багажати Карла Аминас дийцира Маршо радионе шен киншках а, шен бусулба дине ерзарх а, ткъа иштта мел тамашийна хьекъале а, тIеIаткъаме а, нуьцкъала а зударий бусулба умматехь хилла, и уммат кхолладелча дуьйна схьа бохучух лаьцна.

Багажати Карла Амина: „Даханчу бIешеран 80-гIа шерашкахь дара иза, йаккхий дебаташ яра цу хенахь, Рушли Салманан „Йилбазан байташ“ цIе йолу киншка бахьана долуш, цунна бусулба наха кхерамаш тийсарна. Со литература езаш ю. Суна дика дагадогIу цундела со цхьана дийнахь киншкийн туькана яхар, сайна Рушдин „Йилбазан байташ“ эца. Амма цу туькнара со цхьана кхин киншка аэцна араелира – КъурIан дара иза“.

Бусулба дине арахьара хьоьжучу кхечу динан векалшна хилла ца Iаш, уггаре а хьалха шаьш бусулбачарна а вуно къовсаме хаттар хеташ ду зударийн йовлакхийн хаттар. Къаьстина, кхечу бусулбачу къаьмнашца дуьстица, башха дукха хан йоцуш дин довза буьйлабеллачу нохчийн юкъараллехь-м и йовлакхийн хаттарий, божарийн мажойн яхаллин хаттарий бен, кхин цхьа а мехала хIума доцуш санна хетало.

Багажати Карла Аминас массо а агIор толлу шен киншки тIехь и хаттар. Цуо, тайп-тайпанчу Iелимийн тафсирашна тIе а тевжаш, тидаме оьцу КъурIанчохь зудчун хьулйаларх лаьцна дуьйцуш долу ши аят. Бусулба динан исторехь и ши аят доккхачу декъехь зудчо коьртахь хIума лело еза бохучу боьршачу Iелимийн хьежамо тIеIаткъам барца тудуш хиллехь, амма иштта кIеззиг ца хилла и декхар хенаца а, меттигца а, юкъараллин хьелашца а цхьаьнадоьзний бен туда мегар дац боху Iелимаш а, бохург гойту цуо шен тептарехь.

Цуо иштта гойту, КъурIан чохь дIакхайкхина йолу „Динан хеттаршкахь ницкъ бар магийна дац“ боху принцип цу йовлакхийн хаттарна тIехь а юхьара лаьцна хила езаш хилар. Цул совнаха, мехалох дерг хьалхох боху бусулба принцип ю, Багажатин хетарехь, цкъа а йицйан мегар доцучех.

Багажати Карла Аминас язйинчу киншки тIехь, цуьнан цIаро гойтуш ма-хиллара, 25 коьрта хаттар ду дийцаре деш, бусулба зудчуьн дахарца доьзна уггаре а алсамох шаьш бусулбачара а, амма иштта цу динна хийрачара а айдеш долу. Масала, хIун бахьана ду, йоIана кIантанчул ах бен ден-ненан рицкъанах луш ца хиларан? Бакъ дуй, бусулба динехь зуда боьршачу стагал кIезгох сий долуш ю бохург?

Бакъ дуй божарша шайн хIусамнаношна етта магийна ду бохург? Зудберана ца лаахь а, иза маре яла бакъо юй цуьнан ден? Европерчу пачхьалкхаш лелаш долу Iадат – зудчо а, боьршачу стаго а, вовшашка маршалла хоттучу хенахь куьг кховдор – къа дуй иза бусулба динехь? ХIун дан деза бусулба зудчо, шега кхечу динах волчу стага маршалла хоттуш куьг кховдийча? Иштта дIа кхин.

Уьш а, кхин долу а хеттарш цхьана агIор кIоргерчу динах долчу хааршца а, далилашца а, амма вукху агIор забарца а дийцаре до Багажатис. Масала, цуо дуьйцу, бусулбачийн мархин баттахь хIора шарахь марха даста Австрин президенто бусулба зударий а, божарий а ша волчу кхайкхарх лаьцна.

Дуьххьара и тайпа кхайкхар шайга кхаьчча, цкъа хьалха гIад а бахана, тIаккха гIайгIане боьжнера бусулба зударий, бохуш яздо цуо – шеко а йоцуш, вайга президенто куьг а кховдор ма ду, вай иза схьа ца эцахь, иза цаларам санна а хир ду, ткъа схьаэцахь кхана вайх цхьаболчу, шаьш массарел а суьпа болуш санна кеп лелочу бусулбачара эладиттанаш а дийр ду, аьлла.

ТIаккха цу зударех уггаре а кIоргера дин девзачу къеначу зудчо аьллера, вай ваьшка Австрин президенто кхайкхина куьг схьа ца эцахь, иза вай ваьшка Австрино кховдийна куьйг схьа ца эцар санна хир ду, ас-м лоцур ду сайга схьакховдийна куьг схьа, аьлла.

Багажати Карла Аминас вуно хаза а, шайга безам кхуллуьйтуш а дуьйцу шен тептарехь умматан мехалчу зударех лаьцна. Уггаре а боккхаха тIеIаткъам хьуна хьайна бинарг муьлхарниг бусулба зуда ю эр дара ахь аьлла Маршо радионо шега динчу хаттана цуо иштта жоп делира.

Багажати Карла Амина: „Вуно дукха бу суна тIеIаткъам бина умматан зударий. Масала, бусулба зуда чохь Iен еза, бераш а лелош бохуш верг цкъа хьалха умматан наной шайх аьллачу вайн Пайхамаран, салаллохIу IалайхIи ва саллам, хIусамнаношка хьажа веша. Мел тамашийна а, тайп-тайпана а хилла уьш. Хадижатех цецйуьйлу со юх-юха а.

Мел чIоIга гIортор хиллера цунах вайн Элчанна! Дера иштта цец ма юьйлу со ПетIаматах, иза, масала, хиллане а кхечу тайпана адам дара. ЧIогIа цецйуьйлу со иштта Умм Саламах. Вайн Пайхамаран сиратера цхьа хилам бу - Худайбийахь бина хилла барт.

Цигахь оцу холчу хьолехь цунна политикан сацам тIеэца аьлла хьехар динарг Умм Салама яр. Ткъа Пайхамаро цуьнан хьехар тIе а ийцира. Дукха ду сан и тайпа масалаш дийца. Вайн умматан баккхийчу Iелимнехан, мазхьабийн дайн йозанашкахь хийлаза карадо вайна, цара шайн хьехархошна юккъехь зударий бара бохуш“.

Кху деношкахь Венерчу ширачу ратушехь дIаяьхьира Багажати Карла Аминас язйинчу киншкин презентаци. Вуно дукха адам гулделлера цигахь, охьахаа меттиг а боцуш – могIарерчу бусулбачарна тIера Австрерчу килсан куьйгалхошна тIе кхаччалца, бусулба дин дуьйцуш бен ца хезначу нахана тIера и дин толлуш болчу меттигерчу Iилманчашна тIе кхаччалца.

Шеко яц цу башхачу зудчо яздина долу и башха тептар Европехь бусулбачарний, кхечу динах болчарний юккъехь доттагIаллин а, тешаман а тIай кхуллучех хилар. Амма уггаре а хьалха оьшуш ду иза бусулба зударшна, докхачу декъехь шайн бакъонаш царна ца йовзарна бIешарашкахь дуьйна гIелонаш а, харцонаш динца бакъйечу нехан бала ловш болчу.

XS
SM
MD
LG