ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Бахархошна лоьчкъийлаш хилийта" Нохчийчоьнан Iедалхоша инвентаризаци йийр ю лармаш чохь


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Нохчийчоьнан премьер-министро Хучиев Муслима куьйгъяздина "КIоргехь йолчу а, кхечу лаьтта бухарчу хIусамашкахь а бахархошна ловчкъа меттиг хилийта инвентаризаци ярх" буьйрана. Де хьалха цунна зорба тоьхнера мехкан урхалхочун а, министрийн кабинетан а официалан порталехь.

"Нохчийчоьнан бахархошна тIехь инженеран Iалашдар алсамдаккха, кIорггера хIусамаш, лаьтта бухара кхинйолу чоьнаш а маса ю хьажа, бахархошна лоьчкъийла хилийта Iалашонца" кхуллуш комисси ю инвентаризаци дIаяхьа аьлла ду документа тIехь. 2023-чу шеран зазадокху-беттан 15-чу дийне кхачале шайн белхан жамIаш гайта дезар ду церан.

Изза белхаш бу дIахьош иштта Къилбан а, Кавказан а регионашкахь а. Доккхачу декъанна, Ростов-махкарчу Аксайскан кIоштан Iедалхоша хаам зорбане баьккхина 179 лочкъийла ю шайн, "дагахь доццург Iотталахь" аьлла. Масийттазза тIекIелдинчу а, доларчу лаьттарчу цIенойн а лармеш чохь лачкъа таро хиларх, дIахьедина бахархошка, лоьчкъийлашкара хьал долахочун жоьпаллехь хилар билгалдоккхуш. Хьаькамаша дIахьедина, ГIирмин тIайтIехь эккхийтар динчул тIаьхьа, лаьттачу терроран кхерамца доьзна ду и аьлла, амма тIетоьхна, лаьттабухарчу хIусамашкахь инвентаризаци яр – стандарте процедура ю, бахархошна кхера оьшуш хIуммаъ дац аьлла.

Охан-бутт бовш Оьрсийчоьнан кхерамзаллин Кхеташонан секретаро Патрушев Николайс къамел дира Астраханехь Оьрсийчоьнан Къилбехь къоман кхерамзалла латторехула долчу хеттаршкахула дIаяьхьначу кхеташонехь. Къилбан регионийн Iедалхошка кхайкхамбира цо, бомбанех лачкъа аьтто болу хIусамаш битаме ялайе, цIеххьана цхьаъ хилахь бахархошка и хаам дIакхачон система а белхан рожехь хилийта аьлла.

  • Кхерам иккхина, герзаш деттачу хенахь къайлавала меттиг стенгахь бу аьлла, бахархоша динчу хеттаршна жоьпаш даладуьхьал хилира Ростов-на-Дону гIалин администраци. Оцу юкъаанна регионалан МЧС урхалло документ даржийна, тохарш дечу хенахь хIун дан деза дуьйцуш.
  • Ставрополан кIоштарчу пачхьалкхан бахамна тIехь урхалла дечу Федералан агенталлин куьйгалло тендер дIаяьхьира бахархой Iалашбархьама хIиттинйачу гIишлош чохь техникан хьал таллийта. ВорхI шарахь урахалло бина дуьххьара таллам бара и, - политикан а, тIеман хьал телхина догIуш хиларца доьзна ду и, йа дац – хоуьйтуш дац.
  • Волгоградан кIоштан прокуратуро тIедиллина Дубовской кIоштан хьаькамашна школийн, дарбанан хIусамийн территореш тIера радиацина дуьхьал йолу лоьчкъийлаш мегачу хьоле ялайе аьлла.
  • Товбеца-баттахь Ростов кIоштан кхело къобалйира, бомбанех лоьчкъийлаш хила езачу барамашца нисъяр тIедуьллуш, номер 1 йолчу Семашкон цIарахчу гIалин дарбанан цIийнан хьокъехь чуелла иск. Дарбанан хIусамехь чIагIдора, дийнна шарахь техкникан таронаш хилла яц бохуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG