ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Бахархой ларар доладелла Оьрсийчохь. Иза тIаьхьатеттинера кхузза


Оьрсийчохь ГIадужу-беттан 15-хь дуьйна доладелла бахархой ларар. Иза хила дезаш дара 2020-чу шарахь, амма кхузза тIахьатеттира пандемия бахьана долуш. Бахархой ларар исторехь дуьххьара хир ду терахьийн технологех пайда оьцуш. Жоьпаш ло электронан кепехь. Коьртачу декъана бахархой ларар дIадерза дезаш ду Лахьан-баттахь 14-чу дийнахь, амма цхьайолчу тIекхача хала долчу меттигашкахь иза дахлур ду 20-чу дене кхаччалц.

Ларарехь дакъалаца аьтто хир бу кхаа кепехь, шайна юкъахь пачхьалкхан хьашто кхочушъяран сайта тIехь онлайн кеп а йолуш. Иза дуьххьара хуьлуш ду. Цул сов, хаттаршна жоьпаш дала мегар ду леррина ларарна юкъаозийначу барахойн цIахула лелачу нахана а, ткъа иштта "Сайн документаш" центршкахь лараран дакъошкахь а. Дерриг а терахьаш дIаяздийр ду электронан кепехь, ткъа цо сихдийр ду бахархой ларар.

Низамашца а догIуш, лалар шен лаамехь дIахьуш ду Оьрсийчохь. Нагахь бахархой цIахь ца карабахь, я шайхлаьцна дийца царна ца лаахь а, оцу нахах лаьцна хаамаш цхьаоьцур бу регистрацешкара.

Бахархой лараран жамIаш хуур ду тIедогIучу шеран Охан-баттахь, ткъа кхоччуш – 2022-гIа шо чекхдалале. 2010-чу шарахь кехатийн лараран жамIаш довзийтира 2013-чу шо чекхдолуш.

Оьрсийчоьнан имперехь а, Советан пачхьалкхехь а, кхузаманахьлера Оьрсийчохь а хилла 11-тта бахархой ларар. Уггар хьалхара ларар хилла – 1897-чу шарахь Оьрсийчоьнан имперехь, тIаьххьара – 2010-чу шарахь. Ши ларар чекхдаккха йиш йоцуш йисна – 1920-чу шарахь (Махкахойн тIом бахьана долуш) а, 1937-чу шарахь а (хетарехь, цуьнан жамIаш хьулдина, репрессийн маштаб лачкъо).

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG