ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Бакъболу кадыровхой". Керла "Нохчийчоьнан турпалхой" - Царех хууш хIун ду


Шен гонерчу хьакамашца резиденцихь ву Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан, 2023-чу шеран оханан-беттан 17-гIа де
Шен гонерчу хьакамашца резиденцихь ву Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан, 2023-чу шеран оханан-беттан 17-гIа де

Кадыров Рамзана шена уллорчу 13 накъостана дукха хан йоццуш йукъайаьккхина "Нохчийн Турпалхо" цIе йелла. Царех хIора аьлча санна Украинерчу тIамехь дакъа лаьцна ву. Цхьаберш адамашна таIзарш дарна, нах хIаллакбарна бехке лоруш бу, адаман бакъонашна гIело йарна Малхбузехьарчу санкцеша лийцина бу. Нохчийчоьнан куьйгалхочо мидалш йеллачарех шайна хуург дуьйцу Кавказ.Реалии сайто.

Нохчийн турпалхойн седарчий даларх лаьцна охан-беттан 18-хь Iуьйрана шен телеграм-каналехь йаздира Кадыров Рамзана. Нохчийн "Грозный" телеканало дийцарехь, цул цхьа де хьалха республикан куьйгалхочун резиденцехь дIайаьхьира и церемони. Цу дийнахь шен ден цIарах мидал а, Оьрсийчоьнан Федерацин пачхьалкхан мидалш а йелира цо хьаькамашна, ницкъахошна. Цул совнах пачхьалкхан президентера Путин Владимирера йеза грамоташ, баркаллин кехаташ а делира.

Нохчийчоьнан Турпалхо мидал къоман бустамаш долуш, ша-шах къаьсташ зIаьнарш долуш, бархI кIов седа бу. Юккъехь - баьццарарчу гонаца кечйина горга мидал, цу тIехь беттаса а, пхиъ кIов седа а. Гона тIехь йаздина "Къонах" ду, "АллахIу Акбар, Ахмат - сила" аьлла йоза а ду. И цIе Кадыров Рамзана 2022-чу шеран гурахь ша магош тIечIагIйина йу. Мидалан куц-кеп а цо магийна ду. ТIаьхьо 2022 чу шеран чиллин-баттахь цунна шенна дуьххьара йелла йу и мидал.

ДелимхановгIар Адам а, Шарип а

Нохчийн турпалхо мидал йеллачех уггар вевзаш верг ву - 53 шо долу Нохчийчоьнан цIарах оьрсийн пачхьалкхан думан депутат волу Делимханов Адам. Кадыровс шен меттана хила тарло аьлла билгалваьккхина волу. 1990-чу шеран йуьххьехь машенаш йухку бизнес лелийна цо. Ичкерин шерашкахь, СМИ хаамаша дийцарехь, буьйранча Радуев Салман дIасалелон машен лелош хилла. Нохчийчохь шолгIа тIом болабелча, Оьрсийчоьнехьа ваьлла ву. Воккхах волчу Кадыровн кхерамзаллин урхаллехь болх бина а ву.

Делимханов Адам
Делимханов Адам

2007-чу шарахь Нохчийчуьра Госдуме вахийтинчу депутатан болх оьшуш болх бу ала хало ду: Оьрсийчоьнан думин лахарчу палатехь даьккхинчу 16 шарчохь Делимханов 19 законан кепана декъехь хилла, амма стохкалерчу аьхка бен думин трибунехь вистхилла вац.

Кадыровн накъост "гIараваьккхинарг" кхин ду - вежарий ЯмадаевгIар дIабахарехь, оьрсийн политикахо Немцов Борис верна а бехке лоруш ву иза.

Цул совнах, нохчийн блогеро Умаров Мамихана дIахьедарш дира, Делимхановс Дудаев Джохаран цIарахчу батальонан, "Азов" батальонан буьйранчаш дIабахар киллершка кховдийна бохуш. 2021-чу шеран товбецан-баттахь Мамиханов герз тухуш вийра. Иза вераца доьзна а дара "Цхьа Оьрсийчоь" партин депутат хьахор. Делимханов бехке хила тарлуш ву олу 1ADAT телеграм-каналан модератор Тепсуркаев Салман лачкъорна а, верна а. 2021-чу шеран мангалан-баттахь оьрсийн политикахочо Яшин Ильяс Делимханов "пачхьалкхехь уггаре кхераме депутат" ву элира иза.

Нохчийн турпалхо седа балале хьалха Кадыровн белхан накъостана Оьрсийчоьнан турпалхо, сепаратистийн "ЛНР"-н турпалхо цIераш йелла яра. Цуьнца цхьаьна Делимханов Адам Малхбузехьарчу санкцийн тептарехь ву.

Делимханов Шарип
Делимханов Шарип

Цуьнан 42-шо долчу вешин Делимханов Шарипан биографи иштта "къегина" йац. Иза Кадыров Ахьмад ларваран урхаллин белхало хилла ву, цул тIаьхьа МВД-хь болх бина ву. 2016-чу шарахь дуьйна схьа Нохчийчуьрчу Росгвардин эскарийн урхаллин куьйгалхо лаьтташ ву.

Шен ваша Делимханов Адам санна, иза а ву Малхбузехьарчу пачхьалкхийн а, Украинин а санкцийн тептарехь. Цунна а йелла дуккха а оьрсийн, нохчийн мидалш. Царлахь йу Кадыровн орден, Къонахаллин ши орден, "Даймахкан дуьхьа къахьегар", иштта "Нохчийн республика ларйархо", "Ша цакхоорна" мидалш.

Геремеев Руслан

44 шо долу Геремеев Русланна мидал лучу дийнахь "тIаьхьалонна майор" аьлла цIе йаьккхира, - Немцов Борис верехь коьртачу бехкечарех лоруш ву. Политикахочун доьзало нохчийн ницкъахо кхеле валон бакъо йаьккхира, амма талламхоша шайна иза ца карийра, Геремеев Iачу цIийнан неI цхьамма схьа ца йиллира, аьлла дIахьедира.

Геремеев Руслан
Геремеев Руслан

ТIаьхьо Оьрсийчоьнан талламхойн комитето цуьнан статус "теш" аьлла, хийцира. Амма Немцовн гIуллакхехь цуьнга хеттарш хIинца а делла дац.

2022-чу шеран зазадоккху-баттахь Мариуполехь йаьккхинчу видео тIехь гучувелира Геремеев. Цунах тешна, Кадыровс дийцарехь, "уггаре хала меттиг йара". Кхо де даьлча хаам хилира, ницкъахо чIогIа лазор бахьана долуш госпитале кхаьчнийла хоуьйтуш. Цул тIаьхьа Геремеев тIамехь хиларх хууш хIумма дац.

Рашаев Султан

Нохчийчуьрчу Росгвардин урхаллин куьйгалхочун хьалхара гIоьнча, полковник Рашаев Султан, шолгIа цIе "Борец", "Кадыровн киллер" санна вевзаш ву.

Рашаев Султан
Рашаев Султан

Журналистийн талламаша дийцарехь, Делимханов Адамца цхьаьна 2006-чу шарахь Байсаров Мовлади верехь дакъалаьцна ву и - Байсаров Мовлади нохчийн "Горец" тобанан буьйранча вара. Иза Нохчийчоьнан хIинцалерчу хьалханчана дуьхьал вара. Иза "леринчу операцехь" герз тухуш вийра - Байсаров Мовладис ша дIалаца бехкиначарна дуьхьало йина аьлла дара. Амма тешаша иза бакъ дац элира. Цунна тоьхначу цхьайтта патармех ворхI Рашаевн герзан бара.

"Борец" шена гергара хетар Кадыровс хьалха а гойтура. Шо хьалха винчу денца и декъалвеш "майра верг, ша цакхоош верг" аьлла билгалдаьккхира цо. 2022-чу шарахь Оьрсийчоь Украине тIамца чуйахчахьана хIинца Нохчийчоьнан турпалхо волу полковник Рашаев тIамехь дакъалоцуш ву, Кадыровн тIеман тобанийн декъехь.

Бисаев Анзор

"Ахьмат-Грозный" ОМОН-ан тобанан буьйранча волу подполковник Бисаев Анзор хьалхо "Терек" олучу сихачу тобанехь болх бина ву. Соьлжа-гIаларчу Октябрьск кIоштан полицин декъан куьйгалхо лаьттина ву. Цунна йелла Кадыров Ахьматан цIарах орден, Майраллин мидал, некхехь лелон "Украинерчу леринчу тIеман операцин декъахо" цIе йолу билгало а. 2021-чу шарахь Бисаев гIаравелира нохчийн тIемлоша къорза беретийн нормативаш дIалуш бозбунчаллаш лелорехь.

Бисаев Анзор
Бисаев Анзор

“МостагIий кхоьру, доттагIашкара чакхе йоцу ларам бу" - хIара йу-кх вуьззинчу тIемлочун йуьхь. Аса дош ло шуна, Анзор ишттачарех цхьаъ ву аьлла",- йаздира цунах лаьцна Нохчийчоьнан куьйгалхочо.

Украинин Iедало бехке лору Бисаев, кхиазхочунна таIзарш дарехь. Пачхьалкхан кхерамзаллин урхалло дийцарехь, 2022-чу шеран заздоккху-беттан йуьххьехь шен куьйгакIелахь болучаьрца кхиазхочунна тIехь гIело латтийна цо, Киевск мехкан Бабинцы олучу меттехь. Украинан эскарш долу меттигаш схьайийца бохуш.

Хизриев Адам

Нохчийчуьрчу Росгвардин транспортан ОМОН-ан буьйранча Хизриев Адам. Хьалхо Устрад-эвларчу полицин куьйгалхочун гIоьнча а, йуха куьйгалхо а лаьттина волу. Украинна дуьхьала бечу тIамехь дакъа лаьцна ву.

Хизриев Адам
Хизриев Адам

Охан-беттан йуьххьехь 1ADAT боламо дIахьедира, Хизриевн белхан гIишлочохь "къайлах набахти" карийна аьлла. Цигахь, оппозицерчу жигархоша дийцарехь, ток йетташ, кхиндолу таIзарш деш, сецон бакъо йоццушехь нах беттанашкахь сецош бу.

1ADAT-о дийцира, цу набахте кхаьчначу 65 адаман тоьшаллаш шайгахь хиларх,- царех цхьаболчийн суьрташ дара гойтуш. ДIалаьцна латтийначеран догIмаш тIехь таIзарш даран билгалонаш йара.

Рустам Агуев

Нохчийчуьра Курчалой кIоштан РОВД-н куьйгалхо бахархой шайгара дала ца дезарг даьлча, камерна тIе дIайазбеш чехорехь гIараваьлла вара. Масала, некъаш тIехь ПДД ца лоручаьргара машенаш схьайаха, цаьрга урамашкахь нораш хьекхийта бахарехь а.

Кадыров Рамзан а, Агуев Рустам а
Кадыров Рамзан а, Агуев Рустам а

2021-чу шарахь ша Италин мафин хьалханча санна меттигера бахархой чехош гайтира иза, вукхара шайн даьхни дажон таро йац аьлла аьрзнаш дича. Республикин куьйгалхочо и даьхни хьайга леладайтарна баркалла баха дезар ахьа аьлла тIетуьйхира. 2022-чу шарахь полицин куьйгалхочо ловзаршкахь герз кхуьссу Нохчийчоьнан бахархой Украинерчу тIаме бахийта беза бехира.

ЯнгулбаевгIеран кортош даха деза бахарна США-н санкцеша лаьцна ву иза. 2022-чу шеран дечкен-баттахь дуьйна нохчийн ницкъахоша лачкъийна дIайигна йу церан нана Мусаева Зарема.

Лахьан-баттахь Украинна дуьхьал тIом биначийн гергарнаш бу аьлла гулбинчу нахаца президента Путина дIадаьхьначу цхьаьнакхетарехь цуьнан нанас къамел дира.

Тушаев Мохьмад

"Север" батальонан 37 шо долу буьйранча Тушаев Мохьмад Нохчийчуьра ЛГБТ-нах лечкъорна а, царна таIзарш дарна бехке хила тарло. 2022-чу шарахь украинхойн интернет-ресурсаша, царна тIаьххье Малбузехьарчу зорбанан гIирсаша иза Гостомелехь кхелхина бехира, йуха бакъ дац аьлла и хаам йухабаьккхира.

Тушаев Мохьмад
Тушаев Мохьмад

Нохчийн телевиденехь эхасохьтехь гайтинчу фильмехь Тушаевс шен карьера ша 22 шо кхьачна волуш ОМОН-ехь дIайолийна аьлла дийцира. Цул тIаьхьа 9 шо даьлча цунах буьйранчин гIоьнча хилира. Йуха" Север" батальонан буьйранча а. Цу батальонера эскархой цо ша хоржуш, вовшахтуху.

1ADAT-ан хаамашца, дIадаханчу шеран бIаьста Кадыров Тушаевна резавоцуш дов иккхира. Тушаев Украинехь шена карадеана герз духкуш гучуваларна. Цу хааман официалера бух боцуш бу.

Алханов Руслан
Алханов Руслан

Алханов Руслан

60 шо долу Нохчийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министр - Кадыров Ахьматан командера дукха боцчу ветеранех цхьаъ ву. И дарж цуьнга важа дийна волуш кхаьчна ду. 2004-чу шеран стигалкъекъа-баттахь Республикин хилла куьйгалхо леш Соьлжа-гIаларчу стадионехь бомба эккхаш цунна уллохь хилла ву иза.

Алханов регионерчу МВД-н куьйгалхо волу 20 шо ду. 2011-чу шарахь президент хиллачу Медведев Дмитрийн омраца цунна йелира "полицин лерина инарла-лейтанант" цIе: нийсса ворхI шарчохь майорах инарла-лейтенант хилира. Полицехь чIогIа кIезга хан ларалуш йу иза.

"Дождь" телеканалан хаамаша дийцарехь, Алхановн хIусамнана Москвахь адрес долуш йу, цуьнан а, цуьнан кхаа кIентан а Кутузовн проспектана генайоццуш йолчу "Ближняя Дача" гIишлошкахь квартираш йу.

Ахматов Муса

Кхин цхьа нохчийн турпалхо Росгвардин "Терек" СОБР-ан хьалхара оперуполномоченный. 2019-чу шарахь - Соьлжа-гIалин некъашна Iуналла дечу полкан буьйранча. Ахматов Украинерчу тIеман хьалхарчу дийнахь дуьйна схьа цигахь ву. 2022-чу шеран зазадоккху-баттахь президентан Путинан омраца Майраллин орден а йелла цунна.

"Иза чIогIа майра а, ша цакхоош а, похIма долуш а эпсар ву, массийттуза террористийн тобанашна дуьхьало латтийначу леринчу операцешкахь дакъа лаьцна ву. Мусас уьш хIаллакбарехь доккха накъосталла дина",- йаздира Кадыровс.

Стохкалерчу аьхка Ахматовца йаьккхина видео йаржийра цо, тIамехь йаьккхина йу аьлла. Цу хенахь тIамах йаьхна Нохчийчоьнан куьйгалхочун видеош эксперташа шеконе лорура.

Лорсанкаев Сайди

"Ахьмат" СОБР-ан буьйранчин гIоьнча. 2021-чу шеран гурахь нохчийн эскархошна къорза береташ луш хиллачу девнехь дакъа цо а лецира. Иза хиллашехь, "вуно дика" цу къовсамехь чекхваларна Кадыров Ахьмадан фондо Лорсанукаевна йезачех иномарка машен йелира.

Лурчахлерчу чиллин-баттахь дуьйна схьа Украинна дуьхьала болчу тIамехь ву - нохчийн СМИ-ша Оьрсийчоьно тIом болийначу хьалхарчу кIирнашкахь даржийра цуьнан доьзало дина къамелаш. Карарчу хенахь Лорсанкаев "ЮГ" батальонан буьйранча ву.

Ибриев Тимур

"ТIалиб" шолгIа цIе йолчу Нохчийчуьра оьрсийн эскархочунна 2022-чу шеран аьхка Мариуполерчу тIамехь дакъа лацарна Майраллин мидал йелира. Цул тIаьхьа - Лисичанск схьайоккхуш а. ТIеман хьалхарчу беттанашкахь" "сан веза ваша" олуш, цунах лаьцна йаздира Кадыров Рамзана.

Мусаев Iела

"Ахьмат" СОБР-ан буьйранчин гIоьнча. Цунах лаьцна дукха хаамаш бац. Масала, Оьрсийчохь цамагийна инстаграм лелош ву иза. Цигахь Нохчийчоьнан куьйгалхочун бераш хестош ву.

Шен эскар - шен мидалш

"Кадыров Рамзана лелориг цхьана а логикица догIуш дац. "Нохчийчоьнан турпалхо" цIе республикин бахархошлахь цхьа а мехалла йолуш йац. Йа и нах нохчашна турпалхой а ца хета. И мидалш йаларан цхьа Iалашо хила тарло - шайна хьалха шайн йозалла хьалайаккхар",- Кавказ. Реалии сайтаца хиллачу къамелехь элира Европерчу ичкерхойн "Цхьа Ницкъ" боламан куьйгалхочо Сулейманов Джамбулата.

Цо бохучунна реза ву нохчийн бакъонашларйархо Янгулбаев Абубакар а. Цо дийцарехь, республикин бахархойн бала бац цу Нохчийн турпалхочун цIарца. Ткъа цу мидалийн Iалашо - регионан куьйгалхочун накъостий билгалбахар йу.

"Кадыровс шен уллора го билгалбаьккхина. И седа берг - бакъволу кадыровхо ву. Тидам бел аша, цо и мидалш оьрсийн мидалшца цхьаьна йаларан, царна а цхьа леррина статус луш", элира Янгулбаевс.

Оьрсийчуьрчу политилого Преображенский Ивана бахарехь, Нохчийн турпалхо седарчий даларца республикин куьйгалхочо гойту, шен регион "де-факто къаьстина кхин пачхьалкхе хилар, иза цуьнан харц а дац"

"Нохчийн турпалхо цIе йолу мидал тIеман мидал йу, цундела губернатораш цу йуккъе ца гIиртира. И тайпа билгалонаш йукъайахар федералан ницкъахойн болх бу",- кхеттош олу къамелахочо.

  • Хьалхо Кавказ.Реалии сайто дийцира Оьрсийчоьнан къилбехьарчу регионийн а, Къилбаседа Кавказан а лаккхарчу совгIатех лаьцна. Уьш йерриге аьлча санна Кадыров Ахьматан орденал, Нохчийчоьнан Турпалхо мидалал оьздачу куьцехь йу. ГIалмакхойн лаккхара совгIат ду-кх нохчийн совгIаташца къовса гIора долуш. Иза 750 проба йолчу дешех, 950 проба йолчу платинех дина ду, 13 бирлантаца, бархI рубинца кечдина ду.
  • Кавказ.Реалии сайтаца къамел динчу эксперташа дийцарехь, "Нохчийн турпалхо" цIераш йалар меттигерчу Iедало Украиница тIом бечу нохчийн эскархойн дог-ойла иракарахIитторхьама долийна ду элира.
  • Зазадоккху-баттахь Нохчийчоьнан куьйгалхочун воIаршна 17 шо долчу Ахьмадна а, 15 шо долчу Адамна а "Терроризмаца къийсарехь кхиамаш барна" цIе йолу некхехь лелон билгалонаш йелира. Бинарш хIун кхиамаш бу дуьйцуш дац.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG