ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Бакъо йоцуш машен хаьхкинчу кхиазхочуьнгара бехк баьккхина Кадыровн кIанта. Изза низам цо ша дохийра хьалхо


Путин Владимир а, Кадыров Ахьмад а
Путин Владимир а, Кадыров Ахьмад а

Нохчийчоьнан куьйгалхочун 17 шо долу воккхаха волчу кIанта Кадыров Ахьмада бехкбаьккхина бакъо йоцуш машен хаьхкина аьлла, ницкъахоша лаьцна валийначу кхиазхочуьнгара. "Хала амал йолчу кхиазхошца" аьлла хиллачу цхьанакхетарехь нисделла хIума ду иза - цига балийнера уьш "къамелдан".

Оцу йукъанна кхиазхо волу Кадыров Ахьмад гира жимачу машенан урхалла деш, оцу категорица транспорт лело Оьрсийчоьнан низамаша 18 шо кхаьчначул тIаьхьа бен магош доццушехь. Цул совнах, оппозицин нохчийн Niyso телеграм-канало тергойина, йезачу кхечу пачхьалкхехь йинчу машенан хьалхара агIонгара куьзганаш Iаьржа пардо тоьхна хиларх – низам дохор ду иза а. Нохчийчуьра могIарерчу бахархошна официалехь доцуш дехкар ду Iаьржа пардо куьзганашна тIелетор.

Стохка гурахь 16 шо долу Кадыров Ахьмад хIоттийра Нохчийчуьра йоллу берийн а, кхиазхойн а вовшахтохараллийн куьйгалле, меттигерчу Кремлехьа йолчу "Движение первых" кхиазхойн декъан урхаллехь чIагIвира иза. ХIетахь цхьаьнакхетар хилира цуьнан Оьрсийчоьнан серлонан министрца. Нохчийчоьнан куьйгалхочун кIанта оцу цхьанакхетарехь планшета тIера халла дIадийшира шен хаттар.

2023-чу шеран зазадокху-баттахь Соьлжа-ГIалахь башха ловзар хIоттадале къона хьаькаман цхьанакхетар хилира президентаца Путинца. "Владимир Владимировича дуккха а хьехамаш бира къоначу Ахьмадна, билгалдаьккхира Ахьмад-Хьаьжин кхоалгIачу тIаьхьено шайн дедех дозалла дина ца Iаш, цо болийна некъ дIабахьа а беза, кхиамашкахь совбуьйлуш аьлла", - дIахьедира хIетахь телеграм-каналехь Нохчийчоьнан куьйгалхочо.

  • Кадыровн воккхах волу кIант Баку вахнийла цуьнан ден телеграм-каналехула хиира. ЦхьайтталгIачу классан дешархочо йийцаре йира Нохчийчоьнан, Азербайджанан йукъаметтигаш. Экономикин министраца Джаббаров Микаилца, экологин, Iаламан ресурсийн министраца Бабаев Мухтарца, муфтийца Аллахшукюр Пашазадеца, Азербайджанан - Оьрсийчоьнан гIуллакхийн кхеташонан куьйгалхочуьнца Гурбанов Самедца (тIаьххьарниг масех шо хьалха Нохчийчу веара, Кадыров Рамзане шен стундегара Азербайджанан Президентера Алиев Ильхамера маршалла дIа а луш)
  • Нохчийчоьнан куьйгалхочун бераш "цхьа тамашийна кхеташ","хьекъале", "хIуманца бала болуш", "нохчийн къоман дикачу ламасташца кхиош ду",- бохуш дуьйцу куьйгалхочун накъосташа. Иштта, дешнаш ца кхоош, вовшашца къийсалуш, шайн официал аккаунташкахь йаздо республикера баккхийчу хьаькамаша. Официалехь Кадыров Рамзанан 14 бер ду. Школа йаьккхина бовллушехь, республикерчу лаккхарчу даржашка дIахIуьтту уьш.
  • Зазадоккху-беттан чакхенгахь Кадыровн шина кIантана, 17 шо долчу Ахьматна а, 15 шо долчу Адамна а "Терроризмаца къийсарехь бина кхиамаш" цIе йолу некхехь лелон билгалонаш йелира. "Терроризмаца къийсарехь бина кхиамаш" цIе йолу мидал Нохчийчохь дуьххьара 2015 -чу шарахь Кадыров Рамзанна йелира. Цул тIаьхьа, масала, изза мидал йелира цуьнан ненйишина Ибрагимова Уманина, ДПС шина белхалочунна а, 2019-чу шарахь гезгмашин-баттахь цхьа жима стаг верна. Цара дийцарехь, герзаца ницкъахошна тIелетта волу.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG