ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Бакъоларъяран лекцеш еша 2 миллион сом дойур ду нохчийн Iедалхоша


Нохчийчоь, Соьлжа-ГIала
Нохчийчоь, Соьлжа-ГIала

"Адамийн бакъонаш йовзийта" Iалашонца пачхьалкхан цIарах оьшург оьцучу Нохчийчоьнан урхаллин Комитето 1,9 миллион соьмана ши тендер хIоттийна.

Хьалхарчу тендеран техникан тIедилларца и кхочушъян тIелаьцначо Iамош семинар дIаяхьа еза Нохчийчуьрчу адамийн бакъонаш Iалашъечу аппаратан белхахошца хаамийн зорбанашкахь адамийн бакъонех а, бахархойн бакъонан культура кхиорехь цо дIалоцучу декъах а лаьцна.

Иштта тендеран гурашкахь лерина бу "Информацин агресси а, бахархошна кхерамзалла латторан кепаш а" аьлла, горга стол дIаяхьа а. ХIора барам ялх сахьтехь дIабахьа безаш бу, цига ван везаш ву мел кIеззиг а 150 стаг.

900 эзар соьмана йолчу тендерна юкъайогIу "Нохчийчуьрчу бахархойн культуран бакъонаш латтор" цIарца горга стол, "Кху заманан кхайкхар. Информацин тIемаш а, информацин агрессина дуьхьало латтор а" семинар, къоначу журналисташна лерина "Бакъоларяран журналистика" мастер-класс а, школашкахь масех урок а.

Нохчийчохь адамийн бакъонаш Iалашъян векалвинарг ца гIерта бахархойн бакъонаш ларъян, мелхо а, омбудсмене буьйлурш тешон хьийза, хинйолчу проблемашца кхера а беш, бакъонаш ма къийса бохуш, билгалдаьккхина Кавказ.Реалиина еллачу комментарехь оппозицин жигархочо - федералан суьдхо лаьттинчу Янгулбаев Сайдин а, Соьлжа-ГIалахь лаьцна латточу Мусаева Заремин а кIанта - Янгулбаев Абубакара.

"Со СИЗО-хь волчу хенахь, соьца волчу цхьаммо омбудсмене орца дехнера, шена ницкъбо аьлла, арз деш. Цуьнан векалш баьхкира тхан камери чу, цара латкъам юхаэца, изолятор чохь уггар а дика хьелаш ду, курорт ю-кх бохуш санна. Нохчийчуьра "бакъоларъяран" официалан структураша гIо до бакъонаш хьешаран раж чIагIъярехь", - билгалдаьккхира къамел дечо.

Янгулбаевс иштта элира, оцу кепара тендерш "бюджетан ахча декъаран" механизм ю аьлла.

2021-чу шарахь Нохчийчоьнан Iедалхоша оцу кепара масех тендер хIоттийра 7 миллион соьмана. Толам баьккхира Горячеисточненскан станицерчу Батукаев Рахьмана а, Элимбаева Себилас а.

  • Соьлжа-ГIаларчу Кадыров Ахьмадан цIарахчу спорткомплексо тендер хIоттийра, официалана барамаш стадионехь дIахьочу заманчохь вип-меттигашкахь юург-мерг латтон. Беза хьешашна ресторанехь санна хьелаш хIиттон бюджетера 3,5 сов миллион сом хьажон кийча бара.
  • Пачхьалкхан цIарах оьшург оьцучу Дагестанерчу Комитето ши тендер хIоттийра республикерчу пачхьалкхан белхахошна санаторий баха путевкаш эца. 19 миллион соьмах нервийн, деган-пхенийн лазарш долчу нахана дарба дийр долуш дара Ставрополан кIоштахь а, Сочихь а, Москвана гергарчу "Барвихехь" а.
  • Дечкен-беттан 20-чохь Нижний Новгородерчу бакъоларъярхочун Янгулбаев Абубакаран да-нана дехачу петаре чулилхинера Нохчийчуьрчу МВД-н белхахой, цара бертаза Соьлжа-ГIала дIайигира цуьнан нана Мусаева Зарема, теше санна хеттарш дан юьгу аьлла. Дуьххьара чохь даккха 15 дей-буьйсий туьйхира цунна, полисхо сийсазвина аьлла, тIаьхьо бехктакхаман гIуллакх диллира – протокол хIотточу полисхочунна тIелеттера аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG