ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Бакъоларъярхочун вешина а, Нохчийчохь лаьцна латточу цуьнан нанна а дуьхьал бехкзуламан гIуллакхаш даьхна


Zarema Musaeva

Нуьцкъаша Нохчийчу дIайигина, цул тIаьхьа 15 дей-буьйсий тоьхна латточу бакъоларъярхочун Янгулбаев Абубакаран нанна Мусаева Заремина а, вешина ИбрахIимна а дуьхьал бехктакхаман гIуллакхаш даьхна.

Террораш дан кхайкхамаш барна бехкево Янгулбаев ИбрахIим, хаамбина Baza телеграм-канало. Каналан хаамашца, гIуллакх хьакхаделла IАДАТ телеграм-каналан ширачу постех. Экспертизано чIагIдарца, Янгулбаев администратор волчу IАДАТ-н тексташкахь Умаровс, Басаевс, Масхадовс, кхинболчу террорхоша а лелийнарг къобалдеш билгалонаш ю.

Иштта, Baza телеграм-каналан информацица, Мусаева Заремина дуьхьал айдина бехкзуламан гIуллакх "Iедалан векална дуьхьал ницкъбаккхарна" аьллачу артиклехь. Лахара Новгородера бертаза, молханаш а, когахь мачаш а йоцуш Соьлжа-ГIаларчу полисхойн декъе ялийначу зудчо, полицин версица, цигахь хилла ницкъхой сийсазбина, мохь хьоькхуш.

Оцу заманчохь, ТIехьа-Мартанарчу меттигерчу декъан полисхочо цунна протокол хIотточу заманчохь, цо дийцарехь, аьтту куьйгаца цуьнан аьрру беснех ка тоьхнера, ткъа ша юхайоккхуш бетах мIараш тийсира. Цо лелийнарг полисхочун дахарна йа могушаллина кхераме ницкъбар лерина. Оцу артикло итт шаре гергга хан кхачайо.

Янгулбаев Абубакаран гергарчарна дуьхьал бехкзуламан гIуллакхаш дахарх тIечIагIйина информаци яц Кавказ.Реалиин. "Iазапашна дуьхьалояран Комитетан" а аьтто ца хилира хаам зорбане боккхучу заманчохь информаци бакъян.

  • Нохчийчуьрчу чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан белхахой ду шаьш аьлла, бовзийтина нах Лахарчу Новгородера ЯнгулбаевгIеран хIусамчу лилхинера Дечкен-беттан 20-чохь. Курхалла лелорца доьзначу гIуллакхехь тешаш санна ледан нуьцкъаша суьдхо лаьттина Янгулбаев Сайди а, цуьнан хIусамнана Мусаева Зарема а дIадига бакъо лун кехаташ дара церан карахь. Янгулбаев Сайди суьдхочун статусехь хиларо иза хьаван бакъо ца ло, цундела цхьа Мусаева лецира цара.
  • ТIаьхьо мехкан информацин а, зорбанан а министро Дудаев Ахьмада хаамбира, Мусаевана чохь яккха 15 дей-буьйсий хан тоьхна полисхочунна тIелатарна а, иза аьшнашварна а бехкейина аьлла.
  • Лачкъийна йигичхьана бакъйолу информаци яц хоуьйтуш инсулинах йоьзна диабет цамгарца йолчу Мусаева Заремех лаьцна. Цунна тIе буьтуш бац адвокаташ.
  • Евроберто Оьрсийчоьне кхайкхамбина, Мусаева Зарема дIахеца аьлла. Европан Кхеташонан Парламентан ассамблейн гуламехь а тIедожийна иза маьршаяккхар.

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG