ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Бакъоларъярхочун Янгулбаев Абубакаран да суьдхочун статусах ваьккхина


Нохчийчоьнан Лаккхара кхел, Соьлжа-ГIала
Нохчийчоьнан Лаккхара кхел, Соьлжа-ГIала

Нохчийчуьрчу суьдхойн квалификацин коллегино кхелахочун статусах ваьккхина Янгулбаев Сайди.

Квалификацин коллегин официалан сайтехь бинчу хаамца, и хаттар айдинарг вара Нохчийчоьнан суьдхойн Кхеташонан куьйгалхо Гардалоев Iалавди. Суьдхочун статусах ваккхаро Нохчийчоьнан Лаккхарчу кхелан суьдхо лаьттинарг вохаво шена тIецакховдарх а, иштта кхиндолу бехктакхаман гIуллакхашка ша ца ийзавойту дехкарех а. Чиллан беттан 4-чу дийнахь дуьйна болх бан болабо оцу низамо, и сацам къовса аьтто бу судьхойн квалификацин Лаккхарчу коллегехь.

Биллина лаьттачу хаамашца а догIуш, Янгулбаев Сайди Лаккхарчу кхелан суьдхо хIоттийнера 2012-чу шеран Марсхьокху баттахь арахецначу Оьрчийчоьнан президентан Путин Владимиран омраца. Цо болх бина бекхтакхаман гIуллакхашкахула йолчу суьдхойн коллегехь, ткъа биллинчу хаамашца дуьстича, суьдхо Янгулбаев декъехь а волуш, тIаьххьара теллина гIуллакх дара Товбецан беттан 2015-хь. Оцу шеран Лахьан - баттахь Нохчийчоьнан Лаккхарчу кхелан сайта тIехь кхелахойн квалификацин коллегино зорбане баьккхина сацам бу Янгулбаевн бакъонаш совцош, иштта оцу сацамна цо дина арз а. Амма 2017-чу шеран Лахьан баттахь латкъам талла дуьхьало йинера.

Янгулбаев Сайдис Кавказ.Реалиига ма-дийццара, цунна Чиллан беттан 2-чу дийнахь бен ца хиина шегара суьдхочун статус схьайоккхуш юйла.

"Дера ца моьттура суна-м иштта хир ду, хIунда аьлча, и дан цхьа а бух бац. Низамашкахь яздина билггал бахьанаш ду оцу статусах стаг вохош – масала, кхечу пачхьалкхан гражданство елахь, йа цигахь еххачу ханна ваха бакъо елахь. Царах сан хIумма а яц", - аьлла Янгулбаевс.

Цо дийцарехь, хIинца муьлхха а бехктакхаман гIуллакх айдан йиш ю цунна дуьхьал.

"Суна къахета суьдхойх, сан хиллачу белхан накъостех, муьлхха а Кадыровн лаамаш кхочушбеш Iачу", - кхетийна Янгулбаевс.

Цо билгалдаьккхина, оцу сацамна дуьхьал Оьрсийчоьнан Лаккхарчу говзаллин бараман суьдхойн коллегига ша арз кховдор хилар.

  • Дечкен беттан 20-хь Чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин (МВД) белхалоша ЯнгулбаевгIеран петар чу а лилхина нуьцкъаха, тIе йовха бедарш а ца йохуьйтуш, бакъонашларъярхочун нана Мусаева Зарема Соьлжа-ГIала дIийигира, теше санна хеттарш дан. Цкъа дуьххара Мусаевана кхело I5 дей-буьйсий туьйхира чохь даккха, полисхочунна тIелатарна а, иза сийсазварна а аьлла, цул тIехьа цунна дуьхьал бехктакхаман гIуллакх диллира протокол хIотточу юкъанна полисхочунна тIекхетта ницкъ бина аьлла, бехке а еш.
  • Соьлжа-ГIалахь дIаяьхьира нохчийн къоман ЯнгулбаевгIарна дуьхьало ярна тIехь цхьаалла гайта хIоттийна митинг. Нохчийчуьрчу Iедалхошна хетарехь, и доьзал бу Кадыровн критика ечу анониман 1ADAT телеграм-канал лелориг. Митингехь дагадора, хьоьшура, этIадора ЯнгулбаевгIеран доьзалхойн суьрташ, иштта нисса дIа кхерамаш а туьйсура царна. Нохчийчоьнан Iедалхоша бахарехь, гулвелларг вара 400 эзар стаг. Ткъа боьзнабоцу тергамхойн хаамца, и нах ткъозза кIезга бара.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG