ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Балхахь боцчу меттигерчу бахархошка эскаре баха стенна ца лаьа дийца аьлла Нохчийчохь


Нохчийчоь, Соьлжа-ГIала
Нохчийчоь, Соьлжа-ГIала

Балхахь боцчу Нохчийчуьрчу божаршна военкоматан белхахоша тIедожийна кехаташца жоьпаш яздан, хIунда ца лаьа царна ницкъаллин структурашкахь белхаш бан, йа Оьрсийчоьнан тIеман министраллин эскаршкахь хила. Иштта аудио дIасакхоьхьуьйту мехкан бахархошна, нохчийн хьаькамашлахь хьосташа бакъйина информаци Кавказ.Реалиина.

Аудио тIехь зудчо боху нохчийн маттахь "21 шарера 49 шаре бевллачу, балхахь боцчу божарша маса кехаташ хIиттон деза" аьлла. ЧIагIдо, хIораммо а кхетон дезаш хиларх, хIунда ца лаьа, йа ша гIуллакх дан кийча хиларх дIахьедеш, шаьш хIиттийначу бланкашна куьйгаш таIон деза аьлла. ЗаьIапхо волчо лоьрашкара тоьшалла дан деза. Информаци гулъян билгалъяьккхина хан ю – Товбеца-беттан 25-гIа Iуьйре.

Мангал-бутт бовш къаьстира, Нохчийчохь цIерашца йиъ батальон вовшахтохарх. Республикерчу Кавказ.Реалиин хьасташа дийцина, ницкъахой керлачу батальонашка дехьабахарх, хIунда аьлча, "лаамхой" вовшах ца кхетта. Къамелдинчара чIагIдарца, хIинца Нохчийчуьра бахархошка "маьхза" балха дуьйла боху полицин дакъошка – республикехь даьржина ду бакъоларъяран органашка балха хIуттуш кхаьънаш далар.

Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана тIечIагIдина, керла нохчийн батальонаш полицин а, Росгвардин а белхахойх вовшахтоьхна аьлла – дакъойн корматалла лакхара хиларна, республикехь белхахойн къоьлла хиларна дац а.

Хьалхо Кавказ.Реалиино яздира, Оьрсийчоьнан президентана Путин Вадимирна хьалха Кадыров Рамзанан декхар хилар ду, Украинерчу тIамехь дакъалаца Нохчийчуьра денна мел кIезиг а 200 "лаамхо" хьажор аьлла.

Нохчийн бакъоларъяран организацеша а, блогерша а хаамаш бора, "лаамхой" санна Украинана дуьхьал тIамтIе хьийсорхьама лечкъочу меттигерчу бахархошкара шайга кхочучу информацех лаьцна. Иштта лачкъийначу цхьанна, Эна-Хишкара вахархочунна Сасламбеков Шемална (хила тарло, Сосламбеков) ультиматум хIоттийнера: йа набахте, шаьш айдинчу гIуллакхна тIехула, йа Украине воьду хьо аьлла. ТIамтIе ваха реза хиллера иза, цигахь вийна.

Стигалкъекъа-баттахь дийца даьккхира, Нохчийчуьра Украине тIаме бахначарлахь кеп-кепарчу зуламашна таIзарш дина нах бу, царех цхьаболчийн хIинца а тоьхна хан чекхъяланза ю аьлла. "Можем объяснить" телеграм-каналан лараршца, Нохчийчуьра Украине вахначу 953 "лаамхочух" тептарера мел лахара а 101 стаг "криминалан хьалхалера а, тахане а" йолуш ву.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG