ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

БархI баттахь Хорватин набахтехь латтийна ГIалгIайчуьра вахархо маьршаваьккхина

Гатагажев Мохьмад-Эмин
Гатагажев Мохьмад-Эмин

ГIалгIайчуьра вахархо Гатагажев Мохьмад-Эмин арахецна Хорватера мухIажарийн набахтехь бархI баттахь хан йаьккхинчул тIаьхьа. Цигахь латтош хиллера иза, Оьрсийчу дIахьажон доьхкуш кхело сацам биннашехь.

Бакъонашларйархочо Дунаева Розас тхан редакцига дийцарехь, карарчу беттан 9-чохь маьршаваьккхина Гатагажев. Диаспорехь берш кхоьруш бара, кхелан сацам карахь боллушехь, иза Оьрсийчоьне дIаваларна.

"Сербихула йа цхьа кхечу некъашца иза Оьрсийчу дIавахийтарна кхоьрура тхо. Иштачу меттигашкахь шаьш лелориг цара къайладахьарна дуьнено Iалашван вогIучу стагана боккха кхерам лаьтта», - аьлла дийцина Дунаевас.

Цхьана Гатагажев Мохьмад-Эмина тховкIело йелла ца Iаш, Боснино, Герцеговино тIелаьцна иштта цуьнан доьзал а.

Хьалхо ГӀалгӀайчуьра орамаш долчу Гатагажевс, бакъонашларъярхойн гӀоьнца, Хорватин Ӏедалша лелийначунна дуьхьал латкъам бира Европан кхеле. Цу тӀехь ма-дарра охьайаздинера ГIалгIайчуьра вахархочунна Iедалхой тIаьхьабовларх а, цу бахьанашца иза даймахкара вада декхаре хиларх а, цуьнан доьзалан кхолламах лаьцна а, иштта цунна экстрадици йахь баккъалла а кхерам хиларан тоьшаллаш а далийнера. Бакъоларъйархой юкъагӀортар бахьана долуш Гатагажевна экстрадици йар йукъахдаьккхира. Оцу сацамах лаьцна дийцадаьккхира гIуран-беттан йуьххьехь.

ТIамтIе хьажочуьра ведда хиллачу Нохчийчуьра вахархочунна тIехIуттуш 2024-чу шарахь Хорватерчу Ежевохь акци дIайаьхьна хилла Оьрсийчуьра жигархо Ариничев Владислав кхаа баттахь лаьцна латтийра. Маьршаваьккхинчул тӀаьхьа Ариничевс "Вот Так" зорбанан гӀирсе дийцира, ша латточу меттигехь Ӏаламат ледара хьелаш хиларх лаьцна, оьшучунна тIевалош лор а вацара бохура цо. Ежевохь Ариничевс йаьккхинчу хеначохь ворхӀазза бен ара валийтина а ца хиллера иза.

Хорватихь а, Казахстанехь а тховкIело лоьхучу Къилбаседа Кавказера бахархоша дIахьедо, шайн бакъонаш шога хьоьшуш хиларх. Даймахка йуха болхахь, церан дахарна боккха кхерам лаьтташехь, миграцин хьукматаша тIе а ца лоьцуш, Оьрсийчу дIахьийсабо уьш. Оцу тIехула масех иттаннашкахь кавказхоша мацалла кхайкхийра дуьхьало йеш, ткъа Украинерчу тIаме ца вахархьама ведда хилла Нохчийчуьра вахархо беа баттахь гергга латтийра Астанара аэропортан транзитан зонехь.

XS
SM
MD
LG