ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Басаев Шемалан тобанан декъашхо хилла аьлла кхел йина Ставрополерчу шина вахархочунна


Ботлих, Дагестан
Ботлих, Дагестан

Эскархойн дахарна тIе куьйг дахьарна бехке лаьрра Ростов-на-Дону гIаларчу Къилбан гонан тIеман кхело Ставрополерчу Нефтекумскан кIоштера Арджиньязов Суртланбек а, Арсланов Русланбек а – 14,5 а, 13 а шераш кхайкхийна царна шогачу рожан колонехь даккха. 1999-чу шарахь Басаев Шемалан а, Хаттабан а тобанан декъехь Дагестанан Ботлихан кIоштана тIелатарна бехкево и шиъ.

Сацамца а догIуш, 1999-чу шеран марсхьокху-беттан 8-хь хан тоьхначара дуьхьало йан меттигаш дIалецира, тIаккха марсхьокху-беттан 24-хь "автоматашца масийттаза герз а кхийсина, Нохчийн Республике дIабахара". Кхелан хаамехь тIетуху, тIелатар дича вийнарг 33 оьрсийн эскархо вара, 34-нна тайп-тайпана зенаш динера.

"Кавказский узелан" хаамашца, Арджиньязов а, Арсланов а 2020-чу шеран мангал-баттахь дIалецира, церан гIуллакхехула 34 кхелан кхеташо дIаяьхьира. Ботлихан кIоштанна тIелатар дарехь Басаевн а, Хаттабан а тобанех дIакхетта йолчу "Ногайхойн джамаIат" олучуьнца боьзна лору уьш.

  • Чиллан-баттахь ишттачу бехкаца лецира Нефтекумскан кIоштан вахархо – Машаев Эльдар, тIаккха 2021-чу шеран гезгмашин-баттахь – Ставрополан мехкан бахархой Елакаев Альберт а, Мусаев Алимхан а.
  • Басаев Шемалан а, Хаттабан а тобанаш Дагестане яхкира Нохчийчоьнан дозанера, 1999-чу шеран гезгмашин-беттан 15-хь дуьйна тIеман тийсдаларш дира, дуьххьара Ботлихан, цул тIаьхьа Новолакскан а кIошташкахь. И хиламаш "контртерроран операци" йолоран бахьанех цхьаъ хилира– нохчийн шолгIа тIом, аьлла девзаш дара 1999-чу шеран гезгмашин-беттан 30-хь оьрсийн эскар Нохчийчоьнна чугIортар.
  • ШолгIачу нохчийн тIамехь билггал хиллачу зенех хIинца а хаамаш бац. Оьрсийчоьнан тIеман министраллан 20I0-чу шарахь йовзийтинчу официалан статистикаца, I999 шарера 2008-чу шаре кхаччалц Къилбаседа Кавказехь кхелхина 3684 эскархо, Оьрсийчоьнан чоьхьарчу министраллан лараршца чоьхьарчу эскарийн белхахойх вийна 2 эзар стаг. Оьрсийчуьрчу салтийн нанойн комитетан Союзан зерашца, официалан терахьаш мел кIезин а шозза лахара ду. Офицаиалан информацица, маьршачу бахархошлахь беллачийн терахь эзар ду, амма бакъоларъяран Amnesty International организацин хаамашца, тIамехь велла 25 эзаре гергга маьрша вахархо.
  • 1990-2000-шерашкахь федералан эскархошна дуьхьало ярна жоьпалле ийзабо, шайн декъехь, амнисти елла болу нах а. Адвокаташа а, бакъоларъярхоша а дечу тоьшаллашца, тIемалой хиларна бехкебеш жоьпе ийзиначу наха дукха хьолехь кхелашкахь хаам бо, шайга 1азапца дареш дайтина, олий.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG