ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Басаевн а, Хаттабан а хилла ши тIемало лаьцна


1999-чу шарахь Басаев Шемала а, эмира Хаттаба а буьйралла а деш, Дагестанехь динчу тIелатарехь хилла ву аьлла, лаьцна Елакаев Альберт а, Мусаев Алимхан а. Талламан комитето бина и хаам, яздо ura.ru ресурсо.

"Къайлахчу сервисийн а, чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан а, Росгвардин а белхахошца юкъахь талламчаша лаьцна Ставрополан кIоштара схьваьлла Елакаев Альберт а, Мусаев Алимхан а. Басаев Шемала а, эмир Хаттаба а куьйгалла дечу гIаттамхойн могIаршкахь лелла ву билгалваьккхина шиъ",- аьлла яздина Талламан комитетан сайтехь. Церан информацица, Елакаев а, Мусаев а Басаевн, Хаттабан а тIемалойх дIакхеттера, жигара дакъалаьцна деза а, тIех деза а зуламаш дарехь.

  • 1999-чу шарахь дуьйна 2020-чу шерашка кхаччалц бехке вина а, 3-19 шераш тоьхна чувоьллина а ву Дагестанан Цумадан а, Ботлихан а кIошташна тIелатар деш дакъалаьцна 80 сов стаг, дагадоуьйту Талламан комитетан зорбан сервисо
  • 1999-чу шарахь Марсхьокху-беттан (Август) 2-чу дийнахь Басаевн а, Хаттабан а тобанаша тIелатар дира Гагатль (Гигатль) эвлана, ткъа шолгIачу дийнахь изза дира цара Агвали эвлана.
  • 6-7-чу деношкахь тIеман хиламаш буьйлабелира БотIлихан кIоштахь – нохчийн тобанаша чуяхара Ансалта а, Рахата а эвланашна. Цул тIаьхьа дукха хан ялале болабелира Нохчийчохь 2-гIа тIом.
  • Оьрсийчуьрчу адвокаташа а, бакъонашларъярхоша а сих-сиха билгалдоккху тIемалой бу аьлла лецначу наха кхелашкахь дIахьедарш деш хилар, шайгара тоьшаллаш даьхна ницкъ а бина бохуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG