ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Басаевн а, Хаттабан а тIемало ву бохург ведда Астраханерчу психиатрин лазартнера


Басаев Шемал а, Масхадов Аслан а
Басаев Шемал а, Масхадов Аслан а

Шинарин дийнахь Астраханерчу кхетамна галбевллачу нехан дарбан хIусамера ведда Нохчийчуьра Алханов Мохьмад. 2000-чу шарахь Чиллан-беттан 29-чохь Нохчийчуьрчу Шуьйтан кIоштарчу Улус-Кертахь Псковрчу десантхошна тIелатар дина ву аьлла, шена тоьхна хан йоккхуш вара иза

Оьрсийчоьнан Астраханерчу чоьхьарчу гIуллакхийн урхаллана тIетевжина ТАСС агенталло яздо, "Бандитизм" аьллачу артиклехь Алхановна кхел йина хиларх.

Медицинан экспертизех чекхвоккхуш хиллера Алханов оцу психиатрин дарбан цIийнехь.

"Кавказский узел" (Оьрсийчоьнан Iедалша арахьарчу агентийн тептаре язйина- Редакцин билгалдаккхар.) интернет-ресурсо хаам барехь, Алханов къар ца лора, Псковрчу десантхошна тIеларана ша бехкехиларна. Цуьнан адвокато чIагIдарехь, иза бехкехиларх цхьана а кепара тоьшаллаш талламо далийна дацара.

  • Нохчийчохь тIеман баьччийн Басаевн а, Хаттабан а куьйга кIел тIемаш бира 2000-чу шеран Iай федералашна дуьхьал. 84 эскархо а вуьйш, Шуьйтан кIоштарчу Улус-Кертна гергахь Псковра десантан рота хIаллакйира хIетахь.
  • Бехктакхаман гIуллакхаш дуьхьал дехира Нохчийчохь 1990-2000-чу шерашкахь федералан эскаршна дуьхьал тIом барна амнисти юкъабахначарна а цхьаьна. Кавказ.Реалии портало шуьйра яздира, масала, ИдаловгIеран вежаршна дуьхьал айдинчу гIуллакхах.
  • Адвокаташа а, бакъоларъярхоша а дечу тоьшаллашца, тIемалой хиларна бехкебеш жоьпе ийзиначу наха дукха хьолехь кхелашкахь хаам бо, шайга ницкъаша дареш дайтина, олий.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG