ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Басаевн а, Хаттабан а тобанехь хилла кхин а ши тIемало лаьцна, хаийтина ФСБ-но


Басаев Шемалан тобанхо хилла ву аьлла, лаьцначух цхьаъ. Талламан Комитетан сурт
Басаев Шемалан тобанхо хилла ву аьлла, лаьцначух цхьаъ. Талламан Комитетан сурт

Оьрсийчоьнан Талламан Комитето дIахьедина, 1999-чу шарахь Дагестане чубахначу гIаттамхошлахь хилла ву аьллачу шеконашца ши стаг лацарх. Уьш бу Ставрополан кIоштан бахархой Бакиев Каирбек а, Канмурзаев Ильхан а. И шиъ бехкевина зуламаш лелорна а, герзашца гIаттамехь дакъалацарна а, эскархойн а, бакъоларъяран органийн а белхахошна кIелонаш ярна а.

Бехкехетарш лоцу операци дIаяьхьна ФСБ-н а, Росгвардин а, чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин а белхахоша.

Талламан Комитетан коьртачу урхалло чIагIдарца, 1999-чу шеран аьхка шайн лаамехь дIакхетта хиллера лацьна шиъ Басаев Шемала а, Хаттаба а куьйгалла дечу тобанхойх. Цара жигара дакъалаьцна шога, даккхий зуламаш дарехь. Бакиев а, Канмурзаев а бехкехиларх кхин тоьшаллаш далийна дац урхалло.

  • 1999-чу шарахь Марсхьокху-беттан 2-чу дийнахь Басаевн а, Хаттабан а тобанаша тIелатар дира Гагатль (Гигатль) эвлана, ткъа шолгIачу дийнахь дIалецира цара Агвали эвла а.
  • 6-7-чу деношкахь тIеман хиламаш буьйлабелира БотIлихан кIоштахь – нохчийн тобанаша чуяхара Ансалта а, Рахата а эвланашна. Цул тIаьхьа дукха хан ялале болабелира Нохчийчохь 2-гIа тIом.
  • Федералан эскаршна дуьхьал Нохчийчохь тIом барна жоьпе ийзош бу амнисти йина нах а. Кавказ.Реалиино шуьйра дийцира цу тайпачу вежарех ИдаловгIерах хьакхалуш долчу цхьана гIуллакхах лаьцна.
  • Адвокаташа а, бакъоларъярхоша а дечу тоьшаллашца, тIемалой хиларна бехкебеш жоьпе ийзиначу наха дукха хьолехь кхелашкахь хаам бо, шайга ницкъаша дареш дайтина, олий.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG