ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Басаевн тобанера декъашхой хила тарлун шиъ лацарх хаамбина ФСБ-но


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

1999-чу шарахь Дагестане чугIоьртинчаьрца а хилла, Басаев Шемалан а, Амир ибн аль-Хаттабан а тобанашкара ву аьлла, шеконашца ши стаг лацарх хаамбина ФСБ-но.

Ставропол-мехкан Нефтекумскан кIоштан бахархой Таушев Эдуард а, Заракаев Темирали а лецира Москвахь а, ставрополхойн Каясула эвлахь а. Царна бехкаш дехкина "Бандиталла", "Герзашца бунт яр", бакъоларъяран органийн белхахошна тIелатар аьллачу Iедалан къепешкахь, чIагIдо урхаллин пресс-гIуллакххоша.

1999-чу шеран аьхка Заракаев а, Таушев а "шайн лаамехь дIакхеттера Басаевн а, Хаттабан а бандех", цара "жигара дакъалаьцна шога, къиза зуламаш деш", билгалдоккху Талламан комитетан пресс-гIуллакххоша а.

Талламан хаамашца, 1999-чу шеран марсхьокху-беттан 7-чуьра 24-чу дийне кхаччалц Заракаевс а, Таушевс а, "автоматех, гранатех лоьлхуьйтучу гIирсех воьттина, мел кIезиг а 1000 стаг юкъахь а волуш, жигара дакъалаьцна конституцин къепе а, Оьрсийчоьнан Федерацин бух а бохорехь".

Цара лелийнарг бахьана долуш вийна 33 стаг, чевнаш йина мел лахара а 34-нна, чIагIдо урхалло.

  • Басаев Шемалан а, Хаттабан а тIемалой Дагестане чу а бахна, 1999-чу шеран марсхьокху-беттан юьххьера гезгамашин-беттан 15-чу дийне гергга тIемаш бина юьхьанца мехкан Ботлихан, тIаьхьо Новолакскан кIошташкахь. Официалан зерашца, цигахь вийна 280, лазийра 800 сов Оьрсийчоьнан эскархой а, ницкъахой а, могIарера бахархой а. И хиламаш бахьанехь йолийра, ШолгIа нохчийн тIом олу, "контртерроран операци", цуьнан гурашкахь 1999-чу шеран гезгамашин-беттан 30-чохь Оьрсийчоьнан эскарш чудаьхкира Нохчийчу.
  • ГIадужу-баттахь Ставрополь-мехкан Нефтекумскехь а, Томскехь а лецира, Басаев Шемалан а, Хаттабан а тобанашкахь хилла ву аьлла ши стаг. Бехкехетачийн цIераш йовзийтира къайлахчу сервисаша: Бегельдиев Т.Х. а, Елманбетов А.С.
  • Басаевн а, Хаттабана а тIемалой хилла аьлла, кхин а шеконаш йолу шиъ лецира стохка гIуран-баттахь. Ставрополь-махкара Бакиев Каирбек а, Канмурзаев Ильхан а.
  • Адвокаташа а, бакъоларъярхоша а дечу тоьшаллашца, тIемалой хиларна бехкебеш жоьпе ийзиначу наха дукха хьолехь кхелашкахь хаам бо, шайга ницкъаша дареш дайтина, олий.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG