ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Басаевца цхьаьна Дагестанна тIелетта аьлла, бехкевина  Ставрополера ши вахархо


Басаев Шемал а, Масхадов Аслан а
Басаев Шемал а, Масхадов Аслан а

Басаев Шемала а, Хаттаба а буьйралла а деш, 1999-чу шарахь Дагестане чувахна аьлла, жоьпалле озийначу Ставрополан шина вахархочун Майлубаев Расулан а, Якубов Загира а гIуллакх кхеле дIакхачийна. И ший а бехкево зуламхойн тобанахь латтарна а, талораш лелорна а, иштта федералан эскархошна тIелатарна а, яздо "Кавказский узел" ресурсо.

"Талламан версица, 1999-чу шеран Марсхьокху-баттахь Дагестанерчу Ботлихан кIоштахь Басаевс а, Хаттаба а куьйгалла деш, Оьрсийчоьнан эскаршна тIеллета ву и шиъ. Оцу тIеман тасадаларшкахь вийра оьрсийн 33 салтий, 34-нна чевнаш йира", - аьлла ду Оьрсийчоьнан Инарла прокуратуран инстаграмерчу аккаунтехь яздина.

Прокуратуран векало бахарехь, буьйцурш бу Майлубаев Расул а, Якубов Загир а. Церан хьокъехь бехкзуламан гIуллакх Дагестанан Лакхарчу кхеле кхачийна.

Майлубаев а, Якубов а лецира стохка ГIадужу-беттан 23-чу дийнахь Ессентуки гIалин кхело, яздо "Интерфакс-Юг" ресурсо.

  • 1999 – 2019-чу шерашкахь 13-15 шераш хенаш йиттина набахтешкахь такха Дагестанерчу БотIлихан а, ЦIумадан а кIошташкахь тIемаш бинчу нахах 85-нна, федералан а, дуьненаюкъарчу а лехамашкахь ву 28 стаг.
  • 1999-чу шарахь Марсхьокху-беттан (Август) 2-чу дийнахь Басаевн а, Хаттабан а тобанаша тIелатар дира Гагатль (Гигатль) эвлана, ткъа шолгIачу дийнахь изза дира цара Агвали эвлана.
  • 6-7-чу деношкахь тIеман хиламаш буьйлабелира БотIлихан кIоштахь – нохчийн тобанаша чуяхара Ансалта а, Рахата а эвланашна. Цул тIаьхьа дукха хан ялале болабелира Нохчийчохь 2-гIа тIом.
  • Адвокаташа а, бакъоларъярхоша а дечу тоьшаллашца, тIемалой хиларна бехкебеш жоьпе ийзиначу наха дукха хьолехь кхелашкахь хаам бо, шайга ницкъаша дареш дайтина, олий.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG