ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Башха ориентаци бахьана долуш Нохчийчохь меттигера вахархо лаьцна. Вийна хила а тарло иза


Соьлжа-ГIала
Соьлжа-ГIала

Талламан комитетана а, прокуратурина а, чоьхьарчу гIуллакхийн министраллина а тIедиллина бакъонашларъярхочо Кочетков Игоря, ориентацин башхаллица лаьцначу Соьлжа-ГIаларчу вахархочун хьолах йистъяккха аьлла. Цо сагатдо, жимстаг вийна хила тарло бохуш.

Кочетковс бахарехь, масех де хьалха дехарш дира цуьнга Дадаев Ризванан накъосташа гIо доьхуш, цул тIаьхьа видео тесира жимчу стаге хеттарш деш.

Iаьржъеллачул тIаьхьа яьккхинчу видео тIехь камерана тIехьа стаг ву – хетарехь, ницкъаллин структурийн белхахо- цо хеттарш до Дадаевга, хьо стенна лаьцна бохуш. Вукхо жоп ло цхьана жимчу стагаца цхьанакхета лууш вара ша аьлла.

"Нохчийчохь гомосексуалан а, бисексуалан а нах лоьцуш, къайлабохуш, царна тIехь къизаллаш лелош дуккха а меттигаш бу. Дадаев Ризван, хетарехь, Iожаллин кхерамехь ву", - яздо Кочеткос шен фейсбукерчу агIонехь.

Бакъоларъярхочо тIетуху, шеца зIене бевлла Дадаевн накъостий тешаш бац, жимстаг дийна хир ву аьлла. Цуьнан бевза-безарш кхоьру бакъоларъяран органашка дIахаийта, Соьлжа-ГIалара вахархо къайлаваккхарна.

Кочетковс кеп-кепарчу пачхьалкхан структурашка дIахьедарш дина, иза волу меттиг а, хьан лаьцна а къастадар доьхуш, церан лелар низамашца дуй а толлуш.

Хьалхо хааме даьккхира, Дагестанера 21 шо долу Селимханов ИбрахIим лачкъор талла декхаре ярх Москварчу кIошташна юкъарчу прокуратуро "Новогиреево" ОМВД. Шен ориентаци гергарчара тIе ца лаьцча, цIера веддера иза, цул тIаьхьа Нохчийчу дIавигинера. Карарчу хенахь кхерамзаллехь ву иза. Билгалдаьккхина, Селимханов Дагестанехь вина хилар, амма бераллехь дуьйна Нохчийчохь ваьхна иза.

  • ЛГБТ+ All Out векалийн бакъонаш Iалашъечу дуьненаюкъарчу платформи тIе хIоттийначу "Чолхе хьал: ши къона нохчочунна вен кхерам лаьтта" аьллачу петицина 100 эзар стага куьйгаш яздина. Тайп-тайпанчу пачхьалкхийн бахархоша доьху США-н куьйгалле, глобалан дипломатих а, дуьненаюкъарчу коммуникацих а пайдаэцахьара, гIаттамхошна гIо дина ву аьлла, Соьлжа-ГIаларчу СИЗО-хь латтон ши ваша Магомадов а, Исаев а маьршаваккхархьама аьлла.
  • Кавказ.Реалиино зорбане яьккхира Леоца йина интервью: дуьххьара оьрсийн мотт буьйцучеран прайд вовшахтоьхна иза Нью-Йоркехь вехаш ву, стелаIодан беснашка дерзийна чоанаш доьхначу ЛГБТ+ адамашна гIо латтош, акцишка лела иза. Леос шен юьхь ца гойту, интервьюш ца ло цо телехьожийлашна а, радиона а, амма ка йолу цуьнан, Оьрсийчуьра артисташ богIуш, яккхий гей-суьйренаш хIитто.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG