ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ЦIеххьана доьссина Бастрыкинан кема…


ХIинжа-ГIала веана Оьрсийчоьнан Талламан комитетан куьйгалхо Бастрыкин Александр. Махкахь гIарадевллачу бехктакхаман девнех йолчу информацига ладоьгIна цо, делла Дагестанан куьйгалхочунна Васильевна ши совгIат – «За заслуги» («Дика гIуллакх дарна») а, Дуьненан ШолгIачу тIамехь толам баьккхина 75 шо кхачарна а йолу мидалш.

"Кавказ.Реалиица" къамел динчу дагестанхоша, шаьш са ца туьйсу, элира, махка Бастрыкин веанера аьлла шайн дахарехь цхьа хийцам хиларе. Царна гарехь, махка богIучу хьаькамаша дуккха а дуьйцу, лелачу харцонах цец а буьйлий, дIабоьлху, ткъа нехан гIайгIанаш боллучохь буьсу.

Махка беза хьаькамаш кхаьчча, ишта а юькъа йолу ХIинжа-ГIала юкъло, урамашкахула бахархошна машенашца дIасабовла аьтто бохош, некъаш боьхку полицино, бохура кхечара.

Шемарчу тIемалошна ахча латтийна аьлла, бехктакхаме ийзийначу АхмеднабиевгIеран, Исраилан а, СаIадун а дас Сайгидахьмада, Бастрыкин махка варца доьзна, сатуьйсу шен доьзална гергахь цо нийсо яре. «СиситлинскийгIар» а олу цуьнан берех – царна дуьхьал боцу бехк туьйсу, талламо харцо эшоре догдоху ша, элира Сайгидахьмада.

«Доцург тIекхоьллинчу низамхошна таIзар дойла лаьа суна. Масала, жаIуй-вежарий ГасангусейновгIар - Наби а, ГIасангусейн а – байинчарна, иштта догдоху Гаджиев Iабдулмуминна, Ризванов Абубакарна, Тамбиев Камална дуьхьал девнаш гIовттийначарна бехкхам баре а», - элира Ахмеднабиевс.

Дагестанерчу журналистна Юсупов Идрисна хетарехь, наха сатуьйсу генара баьхкинчу хьаькамаша «махкарчу проблемашка бIаьргтохаре». Цо дийцарехь, «лахарчу тIегIанийн дан хIума дац» оцу проблемашна.

Казбековски кIоштарчу юриста, юкъархочо Идрисов Сайгидсалима дуккха а хIиттийна пикеташ полицехь болх бечуьра дIабаьхначу вежарийн АшиковгIеран агIолоцуш. Дагестане Москвара цхьа хьаькам веъча, иза дестадой дуьйцу, амма «цхьа а пайда ца болу цуьнгара, «белхан визитца веана иза», олу, амма хууш ца хуьлу баккъал а стенна веана», боху Идрисовс.

«Яхначу бIаьста веара, масала, Патрушев Дмитрий (юьртбахаман министр – ред.), «белхан визитца веана иза, Каспийскехь ечу тIеман-хIордан базе хьажа», бохура официало. Ткъа ма-дарра аьлча, хIинца лаьцна латточу Ашиков Раипа («Россельхозбанкан» кхерамзаллин декъан куьйгалхо ша волуш – ред.) Iорадаьккхинера махкахь 37 миллион сом лачкъор, оцу хьоло кхачийнера Дагестане министр», - дуьйцу юриста.

Цунна хетарехь, къола диначаьргара «шена догIу дакъа дIа а эцна», дIавахана хила тарло Патрушев Дмитрий. Цунах Путина «Миша» олу, дукхавеза иза президентна. ХIинца Бастрыкин веана. Иза 2016-чу шарахь вежарий ГасангусеновгIар байар муха толлу хьажа веана боху. Амма, суна хетарехь, цуьнан кху визитца а доьзна, дукха хан ца йолуьйтуш, лоьцур бу махкахь рогIера хьаькамаш», - тешна ву Идрисов.

XS
SM
MD
LG