ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

БатIалхьажойн хьалханчана Белхороевна колонихь даккха 9 шо тоьхна


Белхороев Якъуб
Белхороев Якъуб

Социалан страхованин Фондан гIалгIайн декъан куьйгалхо, батIалхьажойн вежараллин цхьахволу лидер Белхороев Якъуб бехкевина кхело бюджетан ахча шена дола даккхарна а, иза дайъарна а, иштта бакъо йоцуш герз дIадиллина латторна а. Цунах лаьцна хаамбина Оьрсийчоьнан Талламан комитетан пресс-гIуллакххоша.

Белхороевца цхьаьна бехкейина Гайсанова Зарема а, Дакиева Роза а, хьаькаман хилла зуда Муцольгова Марем а, кIант Белхороев Хаваж а, йоI Полонкоева Елизавета а, цуьнан машенлелорхой Тачиев Белан а, Точиев Урусхан а, иштта беш лелош хилла Точиев Бахьрун а. Талламан а, кхелан а версица, харц кехаташ хIиттош, Белхороевс церан чоьташ тIе Фондан ахчанаш дохуш хилла. Иштта пхеа шарахь, 2015-чу шарера 2020-чу шаре кхаччалц цо лачкъийна 18,3 миллион сом. Цул совнах, прокуратуро дIахьедина, Белхороевс балхахь хилла а боццушехь, бохам иккхинера аьлла, пхи миллион гергга ахча а йаздина хилла шена. Бехкевечун цIийнах хьовсуш карийна тапча а, цуьнан патармаш а.

Кхело юкъарчу хьелашкарчу колонихь даккха исс шо хан кхайкхийна Белхороев Якъубана, кхаа шарахь пачхьалкхан балхахь белхаш бар а доьхкуш. Цуьнан машенлелорхошна Тачиев Беланна а, Точиев Урусханна а диъ а, кхоъ а шераш кхачийна арахь такха. Гайсанована а, Дакиевана а, цуьнан хиллачу хIусамнаннна Муцольгована а кхоккха шераш тоьхна арахь даккха. Иштта арахь такха диъ шо хан тоьхна беш лелочунна. Белхороевн берашна дуьхьал даьккхина бехкзуламан гIуллакх къаьстинчу кепехь толлуш дара, цуьнан йоI Полонкоева федералан лехамашка йелла.

Иштта таIзардинчара такха деза 17,5 миллион сом гIуда а. Цул совнах, пачхьалкхана пайденна дIаяьккхина Белхороевн Maybach машен.

  • Белхороев Якъуб 2020-чу шеран товбеца-беттан 10-хь дIалецира. Цул тIаьхьа ГIалгIайчоьнан Къоман гуламан депутатан мандатех ваькххира иза, тIаккха "Единая Росиия" партера а вохийра.
  • Иза дIалаьцначул тIаьхьа вежараллин 12 декъашхочунна терроран юкъаралла кхолларна а, теракт йарна а бехкаш дехкира.
  • 2022-чу шеран лахьан-баттхьа батIалхьажойн вежараллин декъашхой болчахь талламаш бира, дуккха а дIа а лийцира. Церан гергарчара чIагIдо, герз а, наркотикаш а царна кхийсина ю бохуш.
  • Кху шеран гIадужу-баттахь республикера контролан-чоьтан палатин куьйгалхо Белхороев Мустафа лецира. Цуьнца цхьаьна лаьцнера Халкъан гуламан депутат Алиев Микаил а, гIишлошйархо Зязиков Тархан а.
  • Кеп-кепарчу лараршца, батIалхьажойн вежараллина юкъахь 20 эзар гергга стаг ву. 19-гIа бIешо чекхдолуш, 20-гIа бIешо долалуш ваьхначу гIалгIайн шайхан Белхароев БатIал-Хьаьжин тIаьхье лору цара шаьш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG