ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Байден цхьаьнакхетта Эрдоганца америкахойн-туркойн юкъаметтигаш галъевллачу юкъанна  


Туркойчоьнан президент Эрдоган Реджеп а (аьрру агӀорхьаpa), Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн президент Джо Байден а, Рим, 31Г1ад.2021
Туркойчоьнан президент Эрдоган Реджеп а (аьрру агӀорхьаpa), Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн президент Джо Байден а, Рим, 31Г1ад.2021

КIайн ЦIийнан векалша дIахьедина, Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн президента Джо Байдена кIиранан дийнахь Римерчу G-20 саммитан йистошкахь "вуно конструктиван дийцарш"дIадаьхьна аьлла Туркойчоьнан президентца Эрдоган Реджеп Тайипца. Цхьаьнакхетар хилла, гIоьртина хьал лаьтташ а долуш, Вашингтонна а, Анкарана а юкъахь стратегин цакхетамаш буьсуш а болуш.

"Президента къаьсташ бовзийтина Туркойчоьнца конструктиван юкъаметтигаш дIанисъян а, цакхетамех хьалхадовла эвсара кеп лаха а болу шен лаам", – дIахьедина журналисташна лаккхарчу даржехь волчу Байденан администрацин векало.

Цо дийцарехь, цхьаьнакхетар дIадоьдуш дийцаре дира Афганистанера а, Шемара а, Ливера а, Къилба Кавказера а хьал а, ткъа иштта климатца йоьзна проблемаш а, адамийн бакъонаш, Амеркан F-16 тIеман кеманаш дохкахьара шена аьлла Туркойчоьно дина дехар а.

ТIеман кеманех лаьцначу хаттарехь Байдена "вуно къаьсташ дIахьедина, процесс ю дIахьуш шех чекхдовла дезаш йолу",- аьлла Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн администрацин векало.

2019-чу шарахь Трамп Дональд президент волуш, Пентагона Туркойчоь юкъаряьккхира F-35 тIеман кеманаш эцаран программина, Анкарано Оьрсийчоьнан С-400 зенитан-рактетийн системаш эцарца доьзна. ХIинца Анкара лууш ю америкахойн Lockheed Martin компанино дина 40 F-16 тIеман кема эца а, шен долчу кеманашна модернизаци ян оьшу 80 комплект эца а.

Американ низамашдахархоша кхайкхам бина Байденан администраце, Туркойчоьнна кеманаш ма дохка аьлла, Анкара "дуьхьалончан санна лелар долуш хиларна"аьлла.

"Цхьаьнакхетар доккха маьIна долуш ду президентана Байденна, цо аьтто луш болу дела Туркойчоьнга билггала сигналаш хьажо, хIун ду НАТО-хула йолчу бертахочо лело мегар долу, я хIун дац бохучух лаьцна", - дIахьедина Эллехуус Рейчела – стратегин а, дуьненаюкъара а талламийн центран Европехула а, Оьрсийчоьнехула а, Евразехула а йолчу программин директоран когаметто.

ХIара хIинцале а шолгIа цхьаьнакхетар ду шина президентан, Байден президент хIоьттичхьана. Хьалхарниг хилира Мангал-баттахь Брюсселехь, НАТО-н саммитан йистошкахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG