ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Байконурерчу оьрсийн школашкахь дуьххьара Iамо болор бу казахийн мотт а, литература а


Байконурера дешархой
Байконурера дешархой

Казахстанера Байконур гIаларчу оьрсийн школашкахь дуьххьара Iамо болор бу казахийн мотт а, литература а. Цунах лаьцна хаам бина "Интерфаксо", Кызылордан областан куьйгалхочунна Абдыкаликова Гульшарина тIе а тевжаш. Цо дийцарехь, цуьнах лаьцна барт хилла, 2019-чу шарахь дуьйна Москвана а, Нур-Султанна а юкъахь дIахьуш хиллачу Iедалан дийцаршкахь.

Москвано Казахстанера аренда еш ю 2050 шаре кхаччалц Байконур, изза цIе йолчу космодромца цхьаьна. Аренда ечу ханна Оьрсийчохь оцу гIалана елла федералан статус.

2015-гIа шаре кхаччалц гIаларчу ерриг школашкахь оьрсийн маттахь Iамош яра Оьрсийчоьнан дешаран программа, цул тIаьхьа доладелира Казахстанехь лелачу стандарташна тIедовлар.

Байконуран бахархойх 70 процент казахаш бу. Меттигерчу лаккхарчу дешаран меттигашка баха царна оьшу къоман цхьааллин тест дIаяла. Казахийн мотт а, казахийн литература а, Казахстанан истори а хIинццалц Iамош яра оьрсийн школашкахь факультативашкахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG