Коронавирусан инфекцех 50 эзар дархо велла Оьрсийчохь Товбеца-баттахь. Росстато бина цунах лаьцна хаам. Дечкен-баттера схьа дуьйна лерича цхьана баттахь хилла уггар а лакхара дараш ду уьш. Дечкен-баттахь велла лоруш ву 37 эзар стаг.
Керла коронавирусан "Дельта" штамм юкъаяларца доьзна ду аьллера хьалхо Оьрсийчоьнан вице-премьеро Голикова Татьянас цомгашчу нехан терахь де дийне кхуьуш хилар.
Мангал-бутт болабелчхьана Оьрсийчоьнан эханнал сов регионашкахь тIедожийра бахархошлахь цхьаболчарна вакцинаци яр. ГIуран-баттахь дуьйна йолаелла прививкийн кампани Оьрсийчохь, амма цхьа текхна.
ТIаьххьарчу хаамашца, пачхьалкхехь шина а вакцинацех чекхваьлларг ву - бахархойн даоьлгIа дакъа ца кхоччуш, цхьа доза тоьхна ву 30 процент бахархой.
Пандеми яьржичхьана Оьрсийчохь коронавирусах, Оперативан шатабан зерашца, цомгаш хиллера COVID-19 вирусах ялх миллион ах миллион сов вахархо. 180 эзар дархо кхелхина.
Ткъа Росстатан статистикаца, коронавирусах белларш шозза сов хила тарло (Товбеца-баттахь оперативан штабо дIахьедира, цхьана дийнахь-буса велла 700-800 пациент аьлла, ткъа Росстатан зерашца, 24 сахьтехь велларг хила везаш ву 1500).
Америкерчу Хопкинс Джонсан Университетан хаамашца, дуьненчохь 215 миллион стаг билгалваьккхина коронавирус кхетта хиларца, 4,4 миллион сов велла уьнах.