ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Керлачу шеран базех ца ваьшначу Нохчийчуьрчу вахархочуьнга гечдар дехийтина


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Социалан машанарчу нохчийн сегментехь яржийна, Керлачу шарна гома хIоттийначу базех бегаш беш жимчу стага яьккхина видео, цул тIаьхьа гойту, ша сийзазвеш, цо шена гечдар доьхуш.

"Казбек, Пятигорске а, Нальчике а воьдучул а, кхуза вола Керла шо даздан", - боху видеон авторо, Керлачу шарна хIоттийна гома база а гойтуш. "Тик-Токехь" яржийнера цо видео.

Цуьнан шолгIачу дакъехь изза Нохчийчоьнан вахархочо дуьйцу, база кечйина яланза хиллера, цундела яра иза гома, бохуш.

"Базех ца вешаш, "приход" тухуш, видео а яьккхина, "Тик-Токе" кхоьсинера ас. Со санна йолу "бездельникашна" наха хьоьгу къа а ца хаьа, база хаза кечйина, дIахIоттийна ю. Соьгара яьлларг ледарло ю, сайна къинтIера довлар доьху", - бехказавуьйулу видео яьккхинарг.

Дуьххьара ролик гучуелира "ЧП-Чечня" инстаграм-пабликан агIонехь, карарчу хенахь цигара дIаяьккхина иза. Роликан тергойина оппозицин IАДАТ боламо.

Иштта кIезиг долчунна тIехула а Нохчийчоьнан Iедалхоша стенна сийзазбо мехкан бахархой аьлла, дуьйцуш IADAT-н векало элира Кавказ.Реалиин корреспонденте "дерриг могуьйтуш хиларна хьекъалх эшаран бахьанаца". Цо билгалдаьккхира, Оьрсийчохь а, Нохчийчохь а 20 шерачохь адаман дахаран а, сийн а мах охьабаьккхина, "базех цавашарна" а гечдар доьхуьйтуш аьлла.

Нохчийн пачхьалкхан "Грозный" телехьожийлехь махкарчу бахархошка тайп-тайпанчу бахьанашца доьзна телеканалехула кест-кеста гечдар доьхуьйту сюжеташ гучуюьйлура. Дуккха а политикаша, юкъараллийн векалша емалйина практика ю иза, амма еха иза тахханалц.

Хьалхо, Нохчийчуьра бахархой "аьшнаш бен" видеон терго йинчу Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн Комиссионо, дуьненаюкъарчу динан маьршонах 2021-чу шарахь зорбане яьккхинчу рапортехь хьийхира Вашингтонна, Нохчийчоьнан зорбанан министрна Дудаев Ахьмадна дуьхьал санкцеш яха аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG