ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

BBC: "Вагнер" тIеман компанехь дакъалаьцна Къилбаседа Кавказерчу вахархочо


Шема, гайтаман сурт
Шема, гайтаман сурт

Доларчу тIеман "Вагнер" компанино Ливихь байъинчу маьршачу нахах лаьцна бинчу талламийн жамIаш Iорадаьхна оьрсийн Би-би-си гIирсо. Талламан цхьахволчу терпалхочух ву Къилбаседа Кавказера схьаваьлла Метелкин Федор.

Iарбойн а, Оьрсийн а Би-би-си сервисаша юкъахь таллам бечу заманчохь церан аьтто баьлла, Ливихь йолах тIемаш бинчу Оьрсийчуьрчу контрактхочун ю бохучу планшетна а, масех документна а тIекхача. Инарлан Хафтар Халифан а, ООН-о къобалйинчу къоман бертан урхаллан (ПНС) а агIонехь тIемаш беш хилла бу уьш.

Планшетехь гучудаларца, "Метла" цIе лелош верг хиллачух тера ду 36 шо долу Оьрсийчуьра вахархо, Къилбаседа Кавказера схьаваьлла Метелкин Федор, чIагIдо журналисташа.

Ливихь хиллачу контрахктхойх а, хетарехь, Украинан Къилба-Малхбалехь тIемаш бинчу украинхойн адамийн цIерашца йолчу "Миротворец" базерчу зерех а ООН-о вовшахтоьхначу рапортан буха тIехь дина цара ишта жамIаш. ЧВК-н тобанах Метелкин дIакхетта хила тарло пхи-ялх шо хьалха Донбассехь.

2018-чу шеран Лахьан-баттахь Оьрсийн Би-би-си-но хаам бора, "Вагнер" тIеман компанин контрактхой кечбеш бу Краснодаран кIоштарчу Молькинерчу полигонехь Шема хьовсон , ткъа тIемаш лаьттачу зоне дIабоьлхуш бу уьш Ростоврчу Платов аэропортера аьлла.

Шемара вахархо Вагнеран тIемалоша вуьйш дIаязйина видео теллинчу "Новая газетано" къастийра, нах бойъуш хиллачех цхьаъ Ставрополера вахархо ву аьлла.

Хаамийн гIирсийн зерашца, доларчу тIеман "Вагнер" компанин могIаршкахь ву виъ эзар гергга стаг. Цара тIемаш бина боху Украинан Малхбалехь сепаратистийн тобанашкахь а, ишта тIемаш беш бу уьш Шемахь Асад Башаран эскаршца. Кремло бакъ ца до контрактхой Шема хьажор. Йолах салтий лецар Оьрсийчоьнан низамашкахь дихкина ду.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG