ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Бегаш бечохь дац". 2021 шеран жамIаш


Коллаж
Коллаж

ГIуран-баттахь ВЦИОМ-о (пачхьалкхан статистикан урхалла) довзийтира ша бегашийна мехах а, пачхьалкхехь дийца магош доцчух а лаьцна нахе бинчу хаттаман жамIаш. Кхидерг доцуш, бегаш бан мегаш дац Оьрсийчохь, бахархошна хетарехь, килсашна, мозгIаршна тIехь (80%), мегаш дац беламе яха Оьрсийчоьнан, Советан пачхьалкхан, Оьрсийн империн истори (69%).

Хаттам хилла ши кIира даьлча, RTVi каналан эфирехь Песков Дмитрийс охьаягарйира шена гарехь бегаш бан йихкина йолу теманаш.

"Мегар дац бегаш бан тIамах лаьцна, динах лаьцна, мегаш дац беламе яккха вуно лазаме йолу… турпалаллин, амма лазаме йолу вайн историн агIонаш. Вай Iалашйо и мехаллаш, иза кхин ду, цигахь юмор хуьлийла дац", – дIахьедира президент пресс-векало.

Дагалоцур вай дIадахна шо, Песковс бохург бакъ ца дан йиш йоцу агIонаш – дайна шо а ду вайн исторера, шеко а йоцуш, дара иза лазаме, ткъа лазамаш бесташ бен бац, бац вайгахь лаам цунна тIехь дела а.

Путинан шахьар, Навальныйна - набахти

Дечкен-беттан 17-чохь Берлинера "Аэрофлотца" цIехьавоьрзу ша кхоьллинчу Коррупцина дуьхьалояран фондан лидер Навальный Алексей шен зудчуьнца, адвокатца, арахьарчу журналистийн тобанца. 2020 шеран Марсхьокху-беттан 22-чохь дуьйна оппозицин политик вара Берлинерчу "Шарите" клиникехь дарба шена дойтуш – цига иза кхачийнера Сибрехахь, ша верхьама, шена "Новичок" дIовш деллачул тIаьхьа.

Навальный Алексей шен доьзалца Берлинерчу клиникехь
Навальный Алексей шен доьзалца Берлинерчу клиникехь


"Со схьакхаьчна. Ала дерг цхьаъ ду – со чIогIа ирсе ву", – элира Навальныйс ша Шереметьевохь охьавоьссича. Кема Внуково аэропорте кхача дезаш дара, цигахь бара иза ларвен бахархой а, цундела кхачийна иза Iедало кхечу аэропорте.

Масех минот яьлча паспорташ толлучохь сацийра политик Оьрсийчоьнан набахтийн урхаллин векалша. Бахьана дара "зуьйш хенан хIиттийна хьелаш дохор". "Ив Роше" олучу бекхтакхаман гIуллакхехула цIахь даккха 3,5 шо тоьхна вара Навальный, декхаревинера баттахь шозза набахтийн инспекце а воьдуш, билгалвийла. "Берлинера пациент" гучувала лелаш воцийла дийцадаьккхира цунна тоьхна хан чекхъяла де дуьсуш – иза цIехьавоьрзу аьлла даьржжашехь, 2020 шеран ГIуран-беттан 29-чохь.

Шереметьевохь иза лацар Оьрсийчоьнан коьрта хаам хилла лаьттира Дечкен-бутт берззалц, массанхьа а вуьйцура Навальный а, цуьнан Коррупцина духьалояран фонд а. YouTube-рчу Фондан агIонехула яьжинера "Путинна йина шахьар. Эцначу боккхачу кхаьан истори" фильм – Iаьржа-хIорда йистехь хIоттийначу исбаьхьчу резиденцех лаьцна яра иза, авторша дийцарехь, Оьрсийчоьнан президентна цуьнан доттагIаша-олигархаша Сечин Игора, Ковальчук Юрийс, Тимченко Геннадий, кхечара а йина иза совгIат.


"Фильм Навальныйс хIоттийнера ша Оьрсийчу юхавале, амма оха юхьанца дуьйна бина барт бара тIаьхьо иза арахеца: Алексейна ца лиира ша оцу фильман коьртачу персонажах – Путин Владимирах – кхоьру моттийта, цуьнан къайле дозанал арахьара ца йовзуьйтуш, йовзийта сацамбира ша цIахь а волуш", - боху фильман анонсехь.

Хьовсархой цецбаьхнарг дара Геленджикерчу шахьаран исбаьхьалла, цунна дайъина даккхий ахчанаш. Махкахь къоьлла а лаьтташ Путинна кхоьллинчу Iаламато дукха нах оьгIазбахийтинера. Хьалхарчу кIиранах фильме хьаьжира 50 миллион стаг. Таханенна хьовсархойн терахь кхаьчна 150 миллионе.

Дечкен-беттан 23-чохь Улан-Удэхь хилла акци
Дечкен-беттан 23-чохь Улан-Удэхь хилла акци


Оцу хьолехь лаьттира гуламаш Дечкен-беттан 23-чохь а, 31-чохь а Навальный маьршаваккхар доьхуш. Iедало шога гайтира ша, цкъа а ца хилла "рекорд" хIоттийра полицино – Владивостокера Калинграде кхаччалц лецира 4,5 эзар протестхо. Оцу деношкахь яьржира мем "запотело забрало" (хьацар кхетта гIагIна). Нах дIасалохкуш полисхочо мийра тоьхнера гех зудчунна, важа охьакхеттера асфальтан некъа тIе, корта а лазош. Масех де даьлча зуда къинтIера йоккхуш, шен аьнгалин тутмIаьжиг хьацарх юьзинера, иза къевлина яра, ша хIума гуш вацара, бохура цо. Амма интернетхоша сурт даржийра, дацара туьтмIаьжиган аьнгали охьатеттина. Зуда лазийначунна ца дира цхьа а таIзар.


Навальныйна цIахь такха тоьхна хан хийцира набахтица. Чиллан-бетта 2-чохь Москвахь кхело 2 шо 8 баттана чувоьллина иза.

Шен коьрта оппонет охьатаIийна даьлча Iедал тIетаьIна цуьнан агоIнчаш лецарна. 2019 шарахь "арахьара агент" йина Коррупцина духьалоъяран фонд прекуратурин лаамца яьккхина экстремистийн могIара, дIакъевлина кхелан сацамца шен ерриг а Оьрсийчуьрчу дакъошца цхьаьна 2021 шеран Мангал-беттан 9-чохь. КхидIа криминалан тIегIане доккху Iедало режимна резабоцуш неан протесте бийлар. Гуламаш а битина, кхелах бовдуш, дIаоьхуш бу Навальныйгахьа болу нах дозанал ара.

ДIакъовлу Навальныйн штаб, Санкт-Петербург
ДIакъовлу Навальныйн штаб, Санкт-Петербург


ТаIзарийн хьер

Навальныйца уьйрехь хилла нах цхьалха бац пачхьалкхера буьйлучу кхерамна кIел. Уьду пачхьалкхера федералан тIегIанера политикаш (масала, Гудков Дмитрий), Pussy Riot декъашхой, юкъараллин жигархой, музыканташ, бакъонашларъярхой, журналисташ, блогераш. ГIараделира, Оьрсийчоьнан къайленаш а йовдийна, набахтех маьршаваьллачу Савельев Сергей дIавахча. ТаIзардаран системехь тутмакхаш къиза хьийзош гойту видеотоьшаллаш даржийра цо Gulagu.net проектан гIоьнца – набахтийн Саратоврчу туберкулезан дарбан цIийнехь борша нах-тутмакхаш сте беш хилар довзийтира видеодокументаша.


Оьрсийчуьрчу Iедало цхьаццаболу набахтешкара а, тIехьожу а белхахой даржашкара дIабааро бакъдира Савельевас гойтург – система ю набахтешкахь стаг сийсазвеш, дакъазвоккхуш. Дуккха а масалш далийра веддачо дуьцург бакъдеш Оьрсийчуьрцу маьI-маьIIерчу мехкашкарчу набахтешкахь хан токхучу наха.

Эпсарш хьалха а болуш, набахтешкахь къизалла латтош хиларна дуьхьал куьйга яздина кехат даржийна "тутмакхийн эланаша" - набахтийн системехь лаьтта къизалла ловш Iедалхоша сте вина тутмакх лахара цаларар доьху авторша. Иштта ю пачхьалкхан векалша лелочу харцонашна дуьхьал криминалитето гойту шен юьхь.

Оьрсийчоьнан талламан изоляторшкахь а, колонешкахь а даржийна кехат
Оьрсийчоьнан талламан изоляторшкахь а, колонешкахь а даржийна кехат


QR-кодаш а, вакцина емалйийраш а

2021 шеран Охан-баттаца дуьстича, Путин Владимиран рейтинг гурале йоьжна 8%, боху социологаша. Амма бац иза оппозицин толам. Протестах цIанйинчу юкъараллера цIеххьана буьйлу Навальныйна резахилла а боцчу нахалара протестхой. ГIадужу-баттахь, Лахьан-баттахь шорло антиваксерийн (вакцинина духьал болучийн) болам – ца лаьа царна бахархошна вакцина лаамза еттийта. Ковидо дохьу дараш лакхадевлла а долуш йийцарейоху Пачхьалкхан Думо QR-кодех йолу низаман проекташ. Авторшна ца моьттура пачхьалкхехь оццул шорлур ю "ковидан паспорташна" дуьхьал гIаьттина протест.

Пикеташ, гуламаш баьржа массанхьа а, дIасалоьхку уьш полицино. Вакцина яйта резабоцчашлара лецарш тергалдо Ovdinfo сайто.

– Хаа деза, "нажжаз хилла либералаш" бац вакцинацина резабоцурш, бац Iедало даима хьоьшуш, гуламашкара дIасалоьхкуш болу нах, резадацар халкъан бухера схьа ду. Пачхьалкх даима а тIетийжаш хиллачу ярташкарчу могIаршкара. "Демократаш" Iилмано кхиийна нах бу, царна тоьлуш хета Iилмано кхиийна ниIматаш, дарбанаш тIеэцар. Цара къобалйо вакцина а, QR-кодаш а. Ткъа бухера схьадолу халкъ мелхо а консервативан ду. Цара жигара къобалдора Iедал таханлера, амма ковид-барамаша дардина иза. ХIинца Iедал декхаре дуо у халкъанна хьалха нека хьекха, кийтарлонаш лелон, – боху политолога Галлямов Iаббаса.

Халкъан "гIаттам" бестаро Пачхьалкхан Дума декхарейира дехьа-сехьа волуш, кемана хууш шеца QR-код хилар стагна тIедожош долу низам юхаэца.

Вакцинаци яр даржийна дIадахьа йинчу дуьхьалоно огIзъяхийтина Кремль, из гойтуш дара юкъараллийн проекташкахула йолчу прзидентан администрацерчу урхаллин буьйранчасНовиков Сергейс ГIуран-беттан юьххьехь йина кхоссар: COVID-19 эшон кхоьллинчу вакцинина дуьхьалояр – иза деккъа дIа хетарг даржор дац, Гитлер Адольфа дIалецначу Советан пачхьалкхан лаьттанаш тIехь меттигерчу бахархошна вакцина ма тоха алар саннарг ду, бохура цо.

Оцу къамелна комментари луш, политолога Галямов Iабаса боху, кестта активаксераш набахтешка хьийсо тарло " нацизмна реабилитаци яр" аьлла юкъабаьккхинчу бехкан лорах.

МаьIданийн хьостанехь "Листвяжнаяхь" яьлла цIе

Кемерово-махкарчу маьIданийн "Листвяжная" хьостанехь метан иккхира Лахьан-беттахь, велира 51 стаг.

– Метан совдаьлл гойту дара масех де. Масех бутт ала а мегар ду. ХIо ца тоьура тIаьххьарчу хенахь. Амма хьаькамаш олура, яхийта, болх бе. Масех кIира хьалха оха болх сацийра, аьлча а, сацор бу, элира-кх. Цара: "Дика ду, чу кIеззиг мох кхетийта, тоьар ду". Хьо реза ца хилча, олу: "ДIавала балхара". Стенга гIур ву дIаваьлча? Сн ипотека ю иттех шарахь дIатакха езаш. 50-60 эзар сом луш болх суна мичахь карор бу? Цхьаьнхьа а, кузахь доцург. Цундла тасавелла Iан везаш хуьлу кху балхах, – дийцира дийна бисинчу шахтерех волчу Чебельков Рустама.

ФСБ-но хиллачу бохамна бехкебира шахтийн дай, "Сибирский деловой союз" холдинган куьйгалхо, "Листвяжнаян" долахо Федяев Михаил .

Нах таппашкахь арахьарчу иноагенташка язбар

Iедало шена цхьацца бахьанашца товш боцу журналисташ, юкъараллера жигархой "арахьарчу агентийн" статусе бахар 2021 шарахь могIара болх а хилла дисина. ТIехула аьлча, оцу статусе нах, хьукматаш яха бахьана ло царна арахьара ахча кхочуш хиларо. Амма и ахча кхачар кхетадо шуьйрра – тоаме ду ахь хьайн валюта хьайн хьашташна соьмашка даккхар а. Ткъа тIекхоьллинчу томмагIах дац волийла а.

– Суна арахьарчу агентан цIе сайна еллийла хиира со цхьанхьа хIума кхалла сецна Iаш. Телефон етта соьга, хьо арахьара агент ю, аьлла. Там ца бохьу оцу дашо а – нехан кхтамехь, мехкан мостагI бохург санна ду иза. ХIинца сан кехаташ, терахьаш дезар ду Iедална тIекхехьа. Суна вуно цадезарг ду терахьаш кегор, - дуьйцу Петербургерчу поэта, журналиста Вольтская Татьянас.

ГIуран-беттан 30-чохь кхин а 8 стаг язвина "арахьарчу агенташка": яздархо Шедерович Виктор, Pussy Riot декъашхой Толоконникова Надежда а, Никульшина Ника а, "Холод" журналан коьрта редактор Бекбулатова Таисия, галерист Гельман Марат, Ярославлера кинопродюссер Алексеев Андрей, журналисташ Беляев Иван а, Владыкина Елена а.

Нобелевн совгIат Муратовна

2021 шеран Ноблан машаран премин лауреата "Новяа газетин" коьрта редактора Муратов Дмитрийс Ослохь совгIат схьаоьцуш дийцира, Оьрсийчохь "зама макхъелла", Iедало емалво мулхха а шегахьа йоцу ойла къадийнарг, аьлла:

"Цхьана агIор, Оьрсийчоьнан президента хIоллам бугIу академикна Сахаровна цуьнан I00 шо кхочуш.

Муратов Дмитрийна кхаьчна Нобелан преми
Муратов Дмитрийна кхаьчна Нобелан преми


Вукху агIор, тхан пачхьалкхехь Инарла прокуратуро кхел декхарейо "Мемориал" цхьаьнакхетаралла дIакъовла. Сталина эшамбиначарна реабилитац ш къахьоьгу "Мемориало". Ткъа иза шабехкейо прокурораша "адамийн бакъонаш хьешарна"!

Дагдоуьйту, "Мемориал"кхоьллинарг ву Сахаров.

Дийна воцчу Сахаровн хIоллам кхерамазлле хила а тарло дийIна йолчу цо кхоьллинчу проектал а?

Оьрсийчохь журналистика хала заманаш ловш схьайогIу. ТIаьххьарчу беттанашкахь бIе сов журналисташ, газеташ, бакъоларъярхой баьхна "арахьарчу агентийн" статусе. Оьрсийчохь уьш "халкъан мостагIий" бу. Белхаш боцуш бисина цхьаберш, вуьйш махкара уьдущ бу.

Адамера иза доьлла дахар дIадоккху хууш йоцчу ханна. Даиманенна доккхуш хила а мега..." – элира Муратов Дмитрийс.

Оьрсийчохь луш доцу Нобелан совгIат схьаэцарна шех Муратовс а ван сахьт дац Оьрсийчоьно "арахьара агент". Путина ша элира, "Новаян" коьрта редактор ца ваккха а тарло оцу статусе, нагахь санна цо премех байракх а йина, Оьрсийчоьнан низамаш талха ца дахь".

Ама изаПутина ца аьлча а мегар дара. Пастернакан, Солженицынан, Сахаровн масалшкара хаьа вайна, Iалаш ца вина стагга а бохамах Оьрсийчохь Нобелан премино.

Postscriptum

ГIуран-беттан 28-чохь Оьрсийчоьнан Лакхарчу кхело кхочушдина Инарла прокуратурин дехар, дIакъевлина "арахьарчу агентийн реестрехь" йолу дуьненаюкъара историн, кхетош-кхиоран"Мемориал" юкъаралла, цо шена тоьхна статус ца ларйина, Iедал емалдо, аьлла.

Кхелехь прокурора Жафяровс бохура, "Советан пачхьалкх террорист хилча санна харц сурт гойту "Мемориало". ДуьнентIехь мел йолчу организацешкахула сацамна аьрзнаш дан лерина бу бакъонашларъярхой.

– Иза маьттаза, ирча сурт ду. "Мемориал" хIаллакъярца Оьрсийчоьнан Iедало доьза бойъу пачхьалкхо ткъе итт шарахь демократехьа бина некъ. "Мемориала" хIаллакъяр – иза адамна тIехь ен гIело лело маьрша йолу тоталитаран пачхьакх денъяр ду, - боху литератора Прохорова Иринас.


Москварчу гIалин кхело дIакъевлина бакъонашларъяран юкъаралла "Мемориал" ГIуран-беттан 29-чохь.

Прокуратурин векало кхелехь къамел деш аьлла: бакъонашларъяран цхьаьанакхетаралло ю "массо а пачхьалкх йохо арабевллачийн акцешкахь дакъалоцуш, цо дузош долу политикан тутмакхийн тептаран Iалашо ю Оьрийчоьнан кхел къиза, ирча гайтар, халкъ Iехор".

Оцу боллучу а хиламашца, хьелашца ели Оьрсийчоь 2022-чу шаре.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG