Федералан зорбан гIирсаша Керлачу Москвахь хиллачу "кавказхойн" буй-тIарий дарх лаьцна яздинчо оьгIазбахийтина къилбаседакавказхойн социалан машанийн сегментехь. Блогерш эргIада бахийтинарг ду, керланийн лентанаша цуьнан декъашхой дукха атта "кавказхой" бу аьлла, цIе кхоллар а, ткъа иштта пачхьалкхо латточу Russia Today телеканалан коьрта редакторо Симоньян Маргаритас йина комментарий а.
Лахьан-беттан 4-хь Керлачу Москвахь Нововатутинан проспектана гергахь дов иккхинера меттигарчу шина вахархочун, царах цхьанна карахь жима бер хилла, веа стагах лаьттачу тобан а.
Социалан машанашкахь яьржинчу видеохь 31 шо долчу Жиловников Александра боху оьгIазе озаца шен оппоненташка: "Шуна ца го со бераца хилар?! Аш хIун до бер кхерош!" Цунна дуьхьал "…оха хьо а хьан бер а!" жоп а лой, Александрна етта кIантана а гуш, уьрсах тера хIуманца кхерам а тосуш.
Видео дIасаяхара федералан зорбан гIирсашкахула. Цкъа дуьххьара латарехь дакъалаьцна виъ стаг "кавказхой" бу элира, цул тIаьхьа элира уьш "Оренбургера казахаш" бу. Эххаре а зорбан гIирсаша ехира дIалецначийн цIерш, тIаьхьо хиира церан 18-20 шераш хилар а, уьш берш Азербайджанера схьабевлла кегийрхой хилар а, ткъа царах кхаанна Оьрсийчоьнан махкалла делла хилла уьш бераш долуш дуьйна.
Оьрсийчоьнан Талламан комитетан гIантдас Бастрыкин Алекасандара тIедожийра "хулиганалла" лелорна аьлла долийначу бехктакхаман гIуллакхан артиклан квалификаци мелла а езачу "стаг вен гIортар" артиклца хийца аьлла, ткъа ша гIуллакх дIало аьлла, омра дира цо Москвахула йолчу Талламан комитетан коьртачу урхаллерчу ша-тайпа гIуллакхаш толлучу хьалхарчу хьукмате.
Юьхь… славянийн къоман?
Russia Today телеканалан коьртачу редактора Симоньян Маргаритас дIахьедира, "кавказан къомах яьххьаша" (медиаменеджеро а лору ша царах. – Ред. билг.) иштта шайн леларца кхачор ду "махкахь юха а прописка юкъаяккхийтаре, регистраци а йойтуш, и регистраци а хоттуш, хIора метрон станцехь… Иза нийса а дийр ду-кх" аьлла.
Оцу посто гулйира бIеннаш комментареш, негативан реакци гIаттийра Къилбаседа Кавказерчу мессенджершкарчу пабликашкахь. Оцу йозанна комментарий йира Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана а. Цо бехке йира Симоньян цуьнан "бакъйолу информацина тIекхачаран практика" цIеххьана юьстахйисна ша яздинчуьнга хьажначу нехан терахь алсамхилийта гIортарна аьлла.
"Зорбан гIирсийн лелар ду махкахойн ши категори а бен йоцуш санна: кавказхо а, цхьана а къомах воцу стаг а… Школашкахь адамаш дайъар, яккхийн коррупцин схемаш, пачхьалкхана ямарт хилар, кхидолу даккхийн зуламаш – кхузахь а дийций вай къам, я "славянийн къомах юьхь", "Москвахь вина" мукъа аьлла а. Хазахетий шуна? Амма иза нийса а, дог цIена а хир ду кхечу къаьмнашна хьалха", – яздира Нохчийчоьнан куьйгалхочо.
Бистцахилар а, кликаш гулъяр а
Публикацийн тулгIенна тергам а ца беш хIунда Iийра кхечу республикийн куьйгалхой а, къаьмнийн политикехула министраллаш а, Iедалан органаш а, бохуш хаттаре вуьйлу Дагестанера яздархо, юкъараллин жигархо Ниналалов СаьIид.
"Жоп дукха атта ду – лакхара чу даийтина омра дац. Изза ала мегар ду къаьмнийн юкъаметтигашкахула йолчу министраллех лаьцна а: куьйгалхочо буьйр дахь, реакци а хир ю. Ткъа Кавказерчу республикийн цIарх болу депутаташ хIинц-хIинца дIанисбелла шайн гIанташкахь, хIинцца буьйла белла шаьш харжамашкахь йина харж юхаметтахIотто – церан бала бац скандалашца", - аьлла хета Ниналаловна.
"Иза "заказ" яцахьара, йист ца хуьлуш Iийра яра Симоньян Маргарита а"
Федералан зорбан гIирсашкахь йоккха резонанс еш комментари язйинарг ша цхьаъ ву "Единая Россия" партера Пачхьалкхан Думан депутат, "Трезвая Россия" федералан проектан куьйгалхо Хамзаев Бийсолта. Цо элира ша низаман проект кечйийр ю, зорбан гIирсашна зулам динчу нехан къам а, раса а, дин а хьахор доьхкуш аьлла. Цо меттаххьадинарг "популизм" ю элира Ниналаловс.
Цунна хета, Кавказера схьабевллачу нахана гонах вочу агIор сурт кхоллало аьлла, уггар хьала "республикашкара кегийрхойх цхьаболчара кхечу регионашкахь лелориг бахьана долуш".
"Оцу кепара уьш леларна эхь хета тхуна, баккхийчарна. Вайна лаахь а, ца лаахь а, Кавказехь юхакхуьуш ю дегIан ницкъ хиларан культ. Цул сов йолуш ю лакхара схьа "заказ". И "заказ" яцахьара, йист ца хуьлуш Iийра яра Симоньян Маргарита а", - элира яздархочо.
Москвара хIиттийна а, цигара къобалбина хIиттийна а урхалхойх дукхахберш кхоьруш хуьлу шаьш даржах бовларна. Цундела зорбан гIирсашкахь йолаеллачу моханехь дакъа ца лоцу цара, боху Къилбаседа ХIирийчьурчу жигархочо, блогера Пухаев Алика.
"Нагахь уьш дарже хIиттор Москвара къобалдина делахь, оцу кеппара Москвара телефон тоьхча шаьш даржашкара дIадохур дуй хаьа царна. Цундела кавказхойн Iедалхочун логика дукха кхета атта ю кхузаманахьлерчу Оьрсийчохь – нагахь вист ца хуьлуш Iан аьтто белахь, гIоле ду вистцахилар", - дуьйцу юкъараллин жигархочо.
Симоньянан постах лаьцна дуьйцуш, Пухаевна хетарехь, иза талла еза оцу дIахьедарехь экстремизм ю-яц къастош. Цо билгалдаккхарехь, пачхьалкхехь практика ю кхоллалуш регионашкара жигархой Оьрсийчоьнан Федерацин криминалан кодексан 282 артиклехула жоьпе ийзош Оьрсийчоьнна "деценрализаци" ян езара аьлла вуно ларлуш дIахьедар дарна, ткъа Симоньян кхоьруш яц хьул а ца деш кхайкхамаш бан Къилбаседа Кавказерчу нахера адамийн бакъонаш дIаяхийта".
"Кавказхойн Iедалхочун логика дукха кхета атта ю кхузаманахьлерчу Оьрсийчохь – нагахь вист ца хуьлуш Iан аьтто белахь, гIоле ду вистцахилар"
Дуккха а шерашкахь Оьрсийчохь дIахьуш "массо а хIуманна кавказхой бу бехке", боху политика хиларна Кавказерчу бахархойх лаьцна тема шена тIе тидам озош а хилла йисна. Симоньяна яздо, кавказхошна саццаза талламаш бар вовшахтоха деза, бохуш Оьрсийчура гIаланашкарчу урамашкахь. Оьрсийчуьрчу зорбан гIирсашкахь массо а фронташкахула кавказхойх пайда оьцу "вочу, амма керланашна оьшучу кIентех" санна. Иза тидаме эцча, 1990-чу шерашкахь кавказхой лоьцуш, сих ца луш, уьш кӀезиг хоьтуьйту талламаш беш хьийзор юха юкъадаккхар баккъалла а хила мегаш долу хIума хета суна", - боху Къилбаседа ХIирийчуьрчу блогера.
Зуламе вертикаль
Къилбаседа Кавказера регионашкарчу лаккхарчу куьйгалхошна шаьш уггар хьалха федералан Iедалхой хета, боху "Яблоко" партин ГIалгIайчуьрчу декъан гIантдас Муцольгов Руслана.
"Ткъа, гарехь, шаьш цхьа дIахьедар дале хьалха, царна лаккхарчу хьаькамашкара къобалдар оьшу. Иза ду махкахь хIоттийначу Iедалан вертикалан зуламалла. Шен чулацамца, регионийн куьйгалхой регионийн лаамаш айина лелаш бац, цара меттигашкахь кхочушдийраш ду Кремлан буьйранаш", - аьлла хета Муцольговна.
"Шен чулацамца, регионийн куьйгалхой регионийн лаамаш айина лелаш бац, цара меттигашкахь кхочушдийраш ду Кремлан буьйранаш"
Зуламаш я зуламе долу хIуманаш а лелочу нехан къам а, дин я раса юьйцуш политикийн а, юкъараллин жигархойн а, зорбан гIирсийн а питане дIахьедаршна реакци хила еза "емал деш цу кепара информаци ялар муьлххачу а оьздачу стега", боху цо.
"Зорбан гIирсаша хIунда естош ю кавказхойх лаьцна ситуаци. Дера ю оцу кепара Iедалан партин чоьхьара политика йолу дела", - аьлла хета политикана.
Муцольговна хетарехь, карарчу хенахь долчу Iедалша а, ницкъаллин структурийн белхахоша а "сих-сиха къаьсттина чIогIа бутолла гойту кавказхойн а, бусалбанийн а хьокъехь.
"Билггал Iедалш а, Симоньян саннарш а бу мостагIалла кхуллуш вайн юкъараллехь. Дагадаийта луур дара суна "Кавказан къоман яххьаш" (лица кавказской национальности) сийсазаллин сурсат хилар церан чоьхьарчу политикан вайн махкахойн жима доцчу декъана дуьхьал" – дерзийра шен къамел "Яблоко" партин ГIалгIайчуьрчу декъан куьйгалхочо.
"Нохчех лаьцна аьлча, 26% респонденташа къастийра "буьтур бацара ас уьш Оьрсийчу" аьлла жоп"
Стохка "Левада-центро" (Оьрсийчохь "иноагент" лаьрра ю) къастийра Оьрсийчоьнан бахархошна кхечу къаьмнийн векалех а, мигрантех а лаьцна хетарг.
Нохчех лаьцна аьлча, 26% респонденташа къастийра "буьтур бацара ас уьш Оьрсийчу" аьлла жоп, кхин а 18% кийча бара уьш чубита, амма цхьана ханна. Нохчий шайн хIусаман декъашхой хилар я юххера доттагIий хилар ган лууш бацара 9% респонденташ а бен. 2010-чу шарца дуьстича, нохчашна дуьхьал негативан ойла йолчу Оьрсийчуьрчу бахархойн терахь лахделла.
Нохчий дIабаьхча, дукхахболу Оьрсийчоьнан бахархой ксенофобин хьежар долуш бу рома (цигойн) къоме а (44% дIахьедина шаьш уьш буьтур бацара Оьрсийчу аьлла), африкахошка а (28%), Юккъера Азерчу нахе (26%), китайцашка (22%), украинахошка (19%). Респондентех ах сов декъо мегар долуш лаьрра "Оьрсийчоь - оьрсашна" олу националистийн лозунг, амма 29% бен ца лаьрра иза фашизман чулацам болуш.