ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Беларусехь кхело экстремизман лаьрра Радыё Свобода-н социалан машанаш  


Радио Свобода-н Прагера штаб-хIусам
Радио Свобода-н Прагера штаб-хIусам

Радио Свобода-н Белорусийн серсисан социалан машанашкара аккаунташ, шайна юкъахь Telegram а, YouTube а йолуш, экстремизман лаьрра Беларусехь.

ЧIагIадарехь, кхело оцу кепара сацам бина, мехкан МВД-н леррина барт болчу зуламаллаца къийсам латторан Коьртачу урхалло кечйина материалаш бухе а ехкина.

"Оцу кепара, Беларусин юкъараллин-политикан бозуш боцучу зорбан гIирсийн телеграм-каналаш лаьрра Лукашенкон режимо эстремистийн. Вайн тешаш а хилла дIахIиттина Iедалша, цкъа а ца хиллачу кепара, тIелетар дина хиларна дешан маршонна а, бозуш боцучу зорбан-гIирсашна а, йозуш йоцучу Беларусин исторехь", - аьлла ду Радион Сободан Белорусийн сервисан редакцино бинчу хаамехь.

"Экстремизман" лаьрра Беларусехь 300 гергга интернет-ресурс. Товбеца-беттан 27-хь экстремизман лерира Польшин "Белсат" телеканалан информацин ресурсаш. Марсхьокху-баттахь цу тайппа сацам бира Tribuna.com. спортан сайтана дуьхьал. Иштта экстремизман лоруш ю Zerkalo.io, Tut.by сайтийн продукци, цаьршинан социалан машанаш а, логотипаш а. Лахьан-беттан 13-хь экстремизман лерира дуккха хенахь дуьйнав болх беш йолу белорусийн хаамийн агенталла "БелаПАН".

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG