ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Беларусехь "спецназо" горахIоттийна политикан жигархочун 56 шо долу нана


Беларусехь лаьцна, бехктакхаман гIуллакх долийна ша хьийзорна кхоьруш махкара дIавахначу политикан жигархочун Халилов Романан нана,хаам бо Радио Свобода-н портало. Болчу хаамца, белоруссийн "спецнац" чуиккхина Полоцк гIалахь 56 шо долу Ахтиян Гаянэ ехачу петарна. Некъ а кагйина, горахIоттийна зуда ницкъаллин структурийн белхахоша.

ХIуасамах хьажначул тIаьхьа Ахтиян лаьцна 10 денна, Iедалан векалшна дуьхьало ярна аьлла. Иза дIайигна Минске низамдохийнарш латточу Изоляцин центре.

Билгалдаккхарехь, зудчунна дуьхьал бехктакхаман гIуллакх доло мегаш ду, кIоршаме юкъараллин къепе йохорна.

ТIаьхьо интернетан машанехь видео гучуяьлла, тIехь горахIоьттина ша бехке хиларна къера хиларх лаьцна дуьйцуш Ахтиян а йолуш. Цуьнга хьаьжначара тидам тIебехийтина, видео, гарехь, монтаж йина хиларна а, ткъа лаьцначу зудчо аьлларг "къера яц" хиларна а, иза гуш ду балдашца.

Анархистийн ойланаш йолу политикан жигархо Халилов Роман Беларусера дIавахара 2019-чу шарахь. ЦIахь иза бехкевешву дуккха а адамаша дакъалоцу къепедацарш вовшахтохарна а, "Революционное действие" (Революцин гIуллакх" цIе йолу экстремистийн вовшахтохаралла кхолларна а. Оцу бехктакхаман гIуллакхна юкъахь ву кхин а 14 анархист.

Халиловс дийцарехь, карарчу хенахь иза Польшин территори т1ехь ву, иза кхеташ вара мацца хилла а белоруссийн Iедалша шен нана хьийзо йолор хиларх, оцу кепара иза махка цIавало гIорта Iалашо йолуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG