ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Белгородан кIоштан эвлара администраци схьайаьккхина шаьш аьлла Ичкерин батальонан декъашхоша


Нохчийн Ичкерия республикин тIеман ницкъийн къаьстинчу батальонан (ОБОН) барзакъа тIе тегна билгалонаш
Нохчийн Ичкерия республикин тIеман ницкъийн къаьстинчу батальонан (ОБОН) барзакъа тIе тегна билгалонаш

Украинехьа тIемаш бечу "Сибиран батальоно" дIахьедина Белгород махкара Горьковский эвлан администраци схьайаккхарх. Царлахь бу Ичкерин маршонан аIгончаш а. Оьрсийчоьнан тIеман министралло информаци харцйо. Зазадокху-беттан 15-чохь нохчийн ша Къаьстина леррина Iалашонаш кхочушйечу батальонан (ОБОН) командиро Ажиев Рустама дIакхайкхийра, Оьрсийчохь диверсин болх болорах.

"Сибиран батальонан" дIахьедарца цхьана хIоттийна сурт ду йаххьаш хьулйинчу тIемалойн - царех цхьана декъо Нохчийчоьнан Ичкерия республикин ТIеман ницкъийн билгалонаш йу барзакъ тIехь лелош. Оьрсийчоьнан а, Белгородан кIоштан а байракхаш тIехь лаьтта салтий, цхьана тIемалочун карахь табличка йу, хетарехь, Горьковский эвлан администрацин гIишло тIера схьайаьккхина. И сурт даьккхина меттиг билгалйан, хало ду – фонехь гуш масех дитт а, къухдаьлла меттиг а бен цахиларна.

Оьрсийчоьнан тIеман министраллехь дIахьедина, диверсийн тобанийн Белгородан кIоштан дозана тIе бовла хьийзар шаьш йухатоьхна, амма хаамехь хьахош Козинка эвла бен йац – Горьковский олучу йуьртана 30 чакхарма дехьа йу и.

Кху деношкахь Белгородан кIоштан губернаторо Гладков Вячеслава хаамбира, Украинан агIор дина тохарш бахьана долуш Горьковскехь "кораш дохийна, доларчу деа цIа чохь фасад а, тхевнаш а дохийна" аьлла. Диверсин тобанаш чуйаьхкина хила мега аьлла, хьахийна хIума дац цо.

  • Хьалхо ОБОН-н командиро Ажиев Рустама дIахьедира, диверсеш шаьш йийр йу, "Нохчийн Ичкерия республикан йозуш йоцу территореш" цара маьрша йаххалц аьлла. Марсхьокху-баттахь аьтто хилира цуьнан тобанан Белгородан кIошта а кхаьчна, мел лахара а, кира кхоьхьу тIеман цхьа машен хIаллакйан. Ажиевн а, "Ансаран" а тоба "Оьрсийн лаамхойн корпусца" цхьаьна ВСУ-н интернационалан легионна йукъа йогIуш йу.
  • Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана цкъачунна ОБОН-н тIемалойн дIахьедарх лаьцна аьлла дош дац – Солтыхановс бахарехь, Белгородан кIоштан дозана чубаьхкинчу тIеман талламан эскархошна хаайелла йац Кадыровн батальонаш. Ажиевн тобано товбеца-баттахь кхиамца рейд дIайаьхча, Кадыровс дIахьедира, диверсанташ катоьхна Оьрсийчуьра арабевлира, ахматовцаш цига бахка новкъабевллий хиъча аьлла.
  • Карарчу хенахь къаьстина, Украинин эскарехьа тIом беш нохчийн йалх батальон хиларх. Иза Шайх Мансуран цIарах батальон (буьйранча ЧIебарло Муслим); Дудаев Джохаран цIарах батальон (буьйранча Осмаев Адам, батальонца жигара "Адаман тоба" йу); ОБОН ВС ЧРИ (леринчу гIуллакхашна къастийна батальон, буьйранча - Ажиев Рустам); Шалена Зграя "Хьере арданг"( Абдурзаков Казбек); SOG (Леррина оператив тоба); Гелаев Хьамзатан цIарах батальон.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG