ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Бесланехь кхаа дийнахь дагалоьцур бу терактехь белларш


Бесланерчу номер 1 йолчу школехь бохам хилла 17 шо кхочучу юкъанна кхаа денна иэсан Вахта йолийна цигахь. Эзар сов стаг гулвеллера школан гIишлона гергахь. Тезетан церемони йолийна Iуьйранна 9 сахьт даьлча, ткъа исс сахьт пхийтта минот яьлча бийкира школан горгали – оццу заманчохь школан керта иккхинера тIемалойн тоба.

Кхаа дийнахь школе богIур бу мехкан бахархой зезагаш дахка а, суьйранна чIурамаш дагор ду.

2000-чу шеран Гезгмашин-беттан 1-чу дийнахь Кавказерчу гIаттамхоша Кремлна Нохчийчохь тIемаш бен оьрсий эскарш арадахар тIедожош дIалецира Бесланера № 1 школа. ДIахьедарна жоп ца луш кхо де даьлча, лехийтарш дира школи чохь, цул тIахьа штурм йира эскарша.

Чуьрачу 1 100 хьехархойх а, дешархойх а вийра 330 стаг, шайх ах бераш а нислуш.

Бесланерчу школехь хилларг дуьззина теллина дац хΙинца а. И дΙалаьцначу тΙемалойх ах сов оцу ханна набахтехь воллуш, я лаьцна ларалуш ву.

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG