ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Бесланера школана динчу тIелатарехь белларш дагалоцуш тийналлин денош дуьйладелла Къилбаседа ХIирийчохь

Номер 1 йолу Бесланера школа
Номер 1 йолу Бесланера школа

Къилбаседа ХӀирийчохь дагалоцуш бу 2004-чу шеран гезгамашин-беттан 1-чу дийнахь Бесланерчу номер 1 йолчу школана тӀелатар динчу хенахь белларш. ХIетахь закъалтхой лацар бахьана долуш вийра 334 стаг, царех 186 бер дара.

Гезгамашин-беттан хьалхара кхо де тийналлин денош ду аьлла дӀакхайкхийна Къилбаседа ХӀирийчохь. Оьрсийчоьнан кхечу регионашкахь санна ламастан гуламаш а, линейкаш а хир йац республикехь.

Бесланера йохийна хиллачу школан кертахь гезгамашин-беттан 1-чу Ӏуьйранна дӀахIоттийра тезетан барам, цигахь дакъалаьцначара зезагаш а, чIурамаш а дехкира, тIелатар динчара 1100 сов закъалтхой шайн карахь латтийначу школан спортзалчохь.

Коьрта барамаш хир бу гезгамашин-беттан 3-чу дийнахь, хIетахь Оьрсийчоьнан ницкъхоша йезачу техниках пайда а оьцуш, цу гӀишлонна штурм йира. И бахьана долуш дуккха а нах балар нисделира. Оьрсийчоьнан Ӏедалша жоьпалла тIе ца лоцу, Европан адамийн бакъонашкахула йолчу кхело оцу хьокъехь дина жамӀаш доллушехь

ТIелатар вошахтоьхнарг ша вара аьлла, дIакхайкхийра нохчийн гIаттамхойн хьалханчас Басаев Шемала. ТIелеттачара тIедожийра Нохчийчуьра Оьрсийчоьнан эскарш арадахар. Оьрсийчоьнан историхь школана йина теракт дукха нах хIаллакхбеш, уггар а йоккхачех лоруш йу.

  • Президент Путин Владимир Беслане а, номер 1 йолчу школе а веара шозза: 2008-чу а, 2024-чу а шерашкахь. ТIаьххьара веанчу заманчохь цуьнан цхьанакхетар хилира "Бесланан наной" цIе йолчу йукъараллин организацин векалшца. Терактехь дайъинчу берийн терахь а дикка лахдина далийра цо.
  • Талламчаша, шайлахь тIаьхьо йийна журналист Политковская Анна а, йолуш, цуьнан белхан накъост Милашина Елена а йолуш, къастийра теракт дан цхьа дей-буьйсий хьалха Iедалхоша гIаттамхойн Iалашонех лаьцна агентуран хаамаш кхаьчна хиларх, амма цара и зулам ца хилийта дуьхьало йина ца хиллера. Закъалтхойн терахь Кремлан официалан векалша цхьана Iалашонца лахдина дуьйцура, и бахьана долуш церан хьал телхина хиллера. Закълатхой шайн карахь латточу тIемалошца дийцарш дIадахьа дуьхьала вара Путин Владимир, цара цхьа а тIедахкарш дина дац, школана спецназо а, эскархоша а йина штурм арахьара тохар долийначул тIаьхьа йолийна йара, официалан талламо ма-бахара, гIишло чохь бомба иккхинчул тIаьхьа йолийна йацара бохуш, харцонца чIагIдеш.
XS
SM
MD
LG