ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Бесланера йахархочунна 10 шаре гергга хан кхачайо Украинехь тIом бинчу цуьнан хIусамдас арз дина  

Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Къилбаседа ХӀирийчохь бехктакхаман гӀуллакх долийна меттигерчу йахархочунна Кадиева Мадинина дуьхьал, цуьнан хиллачу цIийндас, Украинана дуьхьал бинчу тӀеман ветерано шайга бинчу хаамна тӀе а тевжина. Шаьш дӀасакъаьстинчул тӀаьхьа полицица зӀене а ваьлла, шен хилла зуда бехке йина цо, ша эцначу петар чохь бакъо а йоцуш Ӏаш йу иза аьлла. Оцу хьолах лаьцна йаздо "Нана йоцу Кавказ" бакъоларйаран проекто.

Кадиеван кхо шо кхаьчна кӀант ву. 2021-чу шарахь маре а йахана, йуьхьанца шен маьрйишина тIейазйина, цул тIаьхьа шен кIентан долайаьккхина хилла петар тойеш гIо а динера цо.

ХIусамдех дIакъаьсташ кехаташ чу делира Бесланера йахархочо 2025-чу шеран гIуран-баттахь. Дийцарехь, доьзалехь шена ницкъбар ца лайна. Цул тIаьхьа хиллачу цIийндас полици дIахьедина хилла цунах лаьцна.

Кадиевана дуьхьал бехкзуламан гIуллакх долийна, курхалла лелор аьллачу артиклехула, оцу петар чохь йаха бакъо дIа а йоккхуш. Оцу тIехула набахтехь даккха 10 шо хан кхачайо. Бакъонашларйархойн хаамашца, хиллачу хIусамдас ишта тIедожийна цунна, хьалхо ша цунна совгIатна йеллачу машенах делла ши миллион сом йухадалар а.

Кадиевас бахарехь, гIалин талламан декъан хьаькамо дIахьедина цуьнга, нагахь санна, петар шена ца оьшу аьлла, цо куьйг йаздахь, цунна дахка бехкаш хир дац аьлла.

"ГIалгIайчохь а, Нохчийчохь а лелаш хIума ду бер схьадаккха кхерамаш а туьйсуш, ненера бахам къовсар. Амма ХIирийчохь иштаниг хилар тамашен ду. Турпалхочо кхерамаш туьйсу нанна, цуьнгара бер а схьадоккхур ду, боллу бахам а къовсур бу, иза чу а йоллуьйтур йу, кIант ненах а воккхур ву бохуш. Мадина кхоьруш йу. Карарчу хенахь зуда ша цхьаъ йисина, диканиг адвокат лаца а таро йоцуш",- дIахьедина бакъонашларйархоша.

  • ГIалгIайчохь гIадужу-баттахь Экажево эвларчу 37 шо долчу вахархочо тапча а йаьккхина, кхерамаш тийсинера шен хIусамнанна. Оцу хенахь чохь хиллера кхо бер а. Полици цига схьакхаьчча, царна дуьхьал герз диттинера цо.
  • Гезгамашин-баттахь Нохчийчуьра вахархочо йиттира шен хиллачу хIусамнанна аннекси йинчу Севастополехь, дIахьедира бакъоларйаран "Нана йоцу Кавказ" проекто. Кадыров Рамзане орца дийхира гIело лайначу зудчо.
  • Оьрсийчохь къаьсттина дукха меттигаш нислов Къилбаседа Кавказехь доьзалехь ницкъбина. Оцу спецификех лаьцна йаздира тхан редакцино.
​
XS
SM
MD
LG