ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Бесланерчу терактехь лазийнарг кхелхина – шена догIу лоьрийн гIо ца кхаьчна цунна


Гайтаман сурт

Бесланерчу терактехь лазийна хилла Къилбаседа ХIирийчуьра вахархо велла инсультах, шена кхачон деза лоьрийн гIо шен хенна цадарна. Цунах лаьцна дийцина цуьнан гергарчара Mash Gor хьостане.

Хууш дац, маца велла 68 шо долу Ханикаев Заур. Кхелхинчун кIанта чIагIдо, шозза инсульт хилла, операци йинчу Буьри-ГIаларчу республикан дарбан цIийнехь аьллера, кхин дIа гIо деха шайна Бесланерчу Къилбаседа-Кавказан медицинан центрехь аьлла. Цигахь дархочун кехаташ чу а эцна, жимма собар дан дезар ду аьллера, низамца рагI ца ларйойтуш, чуэца везашшехь – 2004-чу шарахь Бесланера школа дIалоцуш закъалте лаьцна хиларе терра.

Цхьа бутт, ах бутт баьллачул тIаьхьа вон хила дуьйлира стагана – реанимаци дIавигира иза, кIира даьлча велира. Цул тIаьхьа, Ханикаевн кIанта чIагIдарца, Бесланерчу медицинан центран коьрта лор Уртаев Ролан реза ца хиллера, "шена тIе стенна ца даьхкинера" аьлла. Ханикаевн кIанта, цо дийцарехь, телефонехула къамел дина а хиллера Уртаевца, ша юха телефон тухур ю аьллера цо.

Ханикаев Заурана гIо ца кхачорах Къилбаседа-Кавкзана медицинан центрехь комментарий йеш яц.

Къилбаседа Кавказера кест-кеста хаамаш кхочу Бесланерчу терактехь лазийначарна шен хенна лоьрашкара гIо ца хуьлу бохуш. Царех цхьаъ ю – Дучко Марина -дозанал арахьа шена дарбан лаха цIа дохка дийзира цуьнан. Зазадокху-баттахь хаамбира, Желтойн махкара цIа ян аьтто боцуш йисина иза, клиникана декхар хиларна аьлла.

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG