ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Бесланерчу терактехь зен хиллачун цIа йан аьтто бац клиникана хьалха декхар хиларна


Дучко Марина
Дучко Марина

2004-чу шарахь Бесланерчу № 1 школехь теракт хиллачу хенахь букъсуртанна чов йина Къилбаседа ХIирийчуьра 43 шо долу яхархо Дучко Марина Грецера дIаяхалуш яц дарбан цIийнан хьалха декхар хиларна. Кхузахь 2021-чу шеран ГIадужу-баттахь дуьйна ю иза, дарба дина яьлла иза хIинцале, цIа яхархьама кхузахь баьккхинчу тIаьххьарчу баттах ахча дIадала деза цуьнан.

Дарбанах боьху мах дIабала цунна 15 эзар евро ца кхоччуш ахча деза (таханлерчу курсаца иза 1,5 миллион сом гергга ахча ду) – социалан машанашкахула Дучкос бендоцуш боцчу нахе орца дехна. Инстаграмехь кхайкхам бинчу дуьххьара деношкахь цунна дехьадаьккхира 400 эзар гергга сом.

"Декхар бахьанехь дарбан цIийнера дIаяхалуш яц со, ахча дIа ца делча со ара ца йоккху. Дуьйцург ду Зазадоккху-баттах догIу ахч. ЦIахь хирург лахий, кхин дIа чевнаш тIехалора цIанъяр хьехна лоьраша, лазар юха гучу ца далийта", - дийцина Кавказ.Реалиига Дучко Маринас.

Цо хаамбина, хенахь ахча дIадала аьтто ца хилахь, декхар дестар ду – долчунна тIе Охан-беттан декхар а кхетар ду.

2004-чу шеран Гезгмашин-баттахь Дучко Маринан букъсуртан чов йинера, оцу бахьнаца когаш сецира. ГIудалкх чохь даьхначу шераш бахьанехь цамгар генаелира цуьнан.

"Поликлиникерчу хирурго доьазза рентген йира, амма цунна ца гинера чоьхьа ерриг яхклуш юйла. Остеомиелитан ун доладелира. Сан нанас ша дIахадийра и дахделла дилха. ТIаьххьара дIаяьккхира хенан даьIахк, ун аьрру даьIахканна тIе дала доладелира. ДегIан йовхо хьалаяла юьйлира, со Бесланерчу дарбан цIийне кхачийра. Хирургин декъехь ремонтийн белхаш дара, и дахкдалар учахь даьстира, аттачу даккхархьама", - дийцина къамелдечо.

2022-чу шеран Чиллан-баттахь Къилбаседа ХIирийчуьра Iедалхоша цхьаъ миллион 900 эзар сом делира Дучко Маринан дарбанна. Оцунах лаьцна шен телеграмерчу каналехь дийцира меттигерчу журналиста Фарниев Заура. Цо бахарехь, ахча республикан куьйгалхочун резерван фондера хьажийнера. Амма и ахча а, доьзало лардина хилларг а, дерриг доьхкина хIинцале а.

  • Хьалхо Дучко Марина декхаре хилира шен хIусам дIайохка, дозанал арахьа шена оьшу дарбанах ахча дIадалархьама – лоьраша аьтто боцуш юкъагIортар дича зудчун хенан даьIахкаш яхкяла юьйлира. Оцунах лаьцна хаам арабелира цуьнан инстаграмерчу агIонехь, Дучкон кIанта ахча гулдар долийра нанна гIо дархьама.
  • 2004-чу шарахь Бесланехь теракт йинчу хенахь Дучко лазийнера эккхийтар дича – гериг цуьнан букъдаьIахкана кхеттара. Оцу хенахь дуьйна гIудалкха чохь дIаса лелаш яра иза. Зудчун кхолламах лаьцна Оьрсийчуьра шуьйрачу аудиторина хиира Бесланера школа дIалацаран 15 шо кхачарна лерина оьрсийн журналистан Дудь Юрийн документалан фильмехь. Оцу фильмехь Дучкос дуьйцу, шена Iедалера 13 эзар сом пенси а, диъ-ялъ шарахь цкъа керлан заьIапхойн гIудалкх бен ца кхачарх лаьцна. Хене ялархьама цо инстаграмехула зезагаш духку, шен цIахь кхиош ду цо уьш.
  • 2004-чу шеран Гезгмашан-беттан 3-хь террористаша 1 128 закъалтхо лаьцна латточу Къилбаседа ХIирийчоьнан Бесланерчу школана тIелатар деш велира 334 стаг, царах доккха дакъа – бераш. 800 сов стаг лазийра. Байъинчу нехан терахьца Оьрсийчоьнан исторехь уггара йоккханиг хилира и теракт, окху дийне кхачалц а ю иза иштта.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG